Президент Путин Владимир вен кечлуш хиларна бехке а вина, лаьцна кхобу Осмаев Адам Оьрсийчоьнан каравала ца магийна Украинана Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Дехкар кхочуш динехь а, Украино дΙакхайкхийна ша цунна тхов-кΙело лур яц, аьлла. Осмаевн кхолламна орцахъяьлла хьийза цуьнан хΙусамнана а, адвокаташ а.
Украино тхов-кΙело шена ца ло, аьлла, дΙакхайкхинчул тΙаьхьа, кху деношкахь, Гуьржийчоьне дехар дΙахьажийна Осмаев Адама. И лаьцна латточу Одессехь ехаш а, болх беш а, жигара шен цΙийндена орцахъяьлла хьийзаш а йолчу цуьнан зудчуьнца Окуева Аминица хΙара къамел хилира тхан.
Маршо Радио: Цо юьхьанца, хьалха, и хΙума нисдалале, еха а ехнерий тхов-кΙело Украине?
Окуева: « Иза ца хаьа суна, сан Ваша. Кхузахь хьал дика дац, Украинехь, бакъдерг аьлча. МухΙажиран статус йоьхуш а дацара кхузахь».
Маршо Радио: Гуьржаша цхьа а жоп деллий, хΙумма а аьллий шуьга?
Окуева: «ХΙан-хΙа, хΙума а ца аьлла, жоп ца делла, дехар зуьйш ду, аьлла. Циклаури Нукзарехула Гуьржийчоьнан президенте дΙаделла и дехар Мангал-баттахь, хΙинца зуьйш ду, боху».
Циклаури Нукзар гуьржийн парламентан диаспорашкахула а, Кавказан проблемашкахула а йолчу комитетан куьйгалхо ву. Нагахь санна гуьржаша Осмаев Адаман дехар кхочуш деш ца хилахь, рогΙехь Финлянде тхов-кΙело йоьхур ю шаьш, боху Окуева Аминас. Цо дийцарехь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн юкъараллин комиссаран мухΙажиршкахула йолчу урхалле Адам кΙелхьарваккхар деха кечлуш ю иза а, адвокаташ а.
Окуева: «Хьовсур ду-кх, Финлянде а хьажор ду дехар. ХΙинца УВКД-хь, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъараллехь, консультаци ян гΙерта тхо, цигахь хΙун олу хьовсур ду, муьлхачу пачхьалкхехь тхов-кΙело лаха еза».
Маршо Радио: Ша Адам гойла а хуьлий хьуна?
Окуева: «Дукха хан ю ганза. Марсхьокху-беттан 3-чохь гина-кх дуьххьара, кхелехь».
Маршо Радио: Цунна тΙе адвокаташ кхочуьйтий?
Окуева: « Ца кхочу. И ю-кх уггаре йоккха проблема. Официалехь хΙумма а тΙекхачон йиш а йоцуш. Адвокат ца вогΙуьйту Адам волчу».
Маршо Радио: Цуьнан шен могашалла муха ю, хΙун хьолехь ву, хаьий хьуна? ХΙетахь, юьхь-марш а йохийна, ирча сурт ма дарий цуьнан...
Окуева: «Сурт ирча-м дара, бакъдерг аьлча. ЧΙогΙа хьийзийна иза лаьцначу хенахь. ХΙинца-м могашалла, элхьамдулиллахΙ, дика ю цуьнан».
Маршо Радио: Цунна тΙера и чевнаш Ιедало йиттина йина яра?
Окуева: «ХΙаъ, Ιедало йиттина, лоцучу хенахь».
Украинерчу кхело къобалдира талламчаша Осмаевна дуьхьал иза Путин вен кечлуш хиллар чΙагΙдеш гΙаттийна бехк-такхаман гΙуллакх. Ша Осмаев Адама а, цуьнан адвокаташа а дийхира суьдхошка набахтехь цунна тΙехь гΙело йина хилар талла.
Осмаевс юхаэцна юхьанца ша Путин вен дагахь вара бохуш дина дереш, уьш шегара етташ дехира набахтехь, чΙагΙдо цо ша мехкан президенте Янукович Викторе дахьийтинчу кехата тΙехь а. И тайпа дехарш жоп доцуш дуьсуш ду цкъачунна. Цундела Украинал арахьа гΙо лахар бен а ца дуьсу.
Окуева: «Европан кхеле мел долу тоьшаллаш дΙакхачийна. Сурташ а, видео а, дерриг а дΙакхачийна».
Диъ шо ду Осмаев Адам а, цуьнан хΙусамнана Окуева Амина а Одессехь деха. ХΙинца цΙийнада лаьцна волуш доьзална напха карон аьтто болий, хаьттира оха Аминига.
Окуева: «Со болх беш ю. Со лор ю. Сан нана а ю болх беш. Элхьамдулиллахь, тоьаш ду».
Маршо Радио: Шен Адаман гергарнаш, да-нана, цΙеранаш, уьш хΙун хьолехь бу, уьш хьийзабой?
Окуева: «Хьийза-м кхин башха ца хьийзабо, моьтту суна. Амма гΙодан йиш яц, миска нах бу уьш. Да Гуьржиймахкахь Ιаш ву цуьнан. Болх бан гΙерташ, бизнес ян гΙерташ. Амма гΙуллакх ца хуьлу цуьнан. Вуьшта, Европера гΙодеш бу цуьнан йижарий-вежарий. Дала сагΙа дойла церан иза!».
Маршо Радио: Да цигахь волундела ехна хир ю аш тхов-кΙело Гуьржийчохь?
Окуева: «ХΙаъ, да Гуьржиймахкахь ву, цундела цигахь тхов-кΙело харжа гΙерташ дара-кх».
ХΙуманна а бехке вац аьлла ша лору шен цΙийнда балех хьалхаваккхарехь Европехь бехачу нохчашкара гΙо хиларе а сатуьйсу Окуева Аминас.
Окуева: «Европехь, хетарехь, гуламаш хΙиттон беза Адаман агΙо лоцуш, иза оьрсашка дΙавала ца мега, аьлла. ТΙаккха, политикан тхов-кΙело ялар деха деза, петицеш язъян еза, аьлла хета суна, иштта ойланаш ю-кх».
Кху шеран юххьехь, Дечкен –беттан 4-чу дийнахь Одессерчу цхьана цΙа чохь эккхар хилира 26 шо долу нохчо Мадаев Руслан а леш, чохь хилла Казахстанан вахархо Пьянзин Илья а, бухахь Одессехь веха шелахо Осмаев Адам а лазош.
ХΙеттехь лецира оьрси Пьянзин, бутт баьлча Ιедалан каравахара Осмаев. Юьхьанца низамехь а доцуш герз, оьккху коьчалш лелор бехке дира Пьянзинна а, Осмаевна а.
Ткъа тΙаьхьо, и шиъ ле а вина, цаьрга дереш а дийтина, даржийра Украинерчу полицино, ша оьрсийн президент вуьйчура кΙелхьара ваьккхина, зуламхой а лецна, аьлла. Иштта доладелла схьадогΙу Одессехь террорна дуьхьал айдина гΙуллакх.