"Украина дика кхета Нохчийчоьнах": Оьрсийчоьнан къаьмнашна деколонизаци йаран комиссино муха болх бо

Юрчишин Ярослав

Оьрсийчуьра а, иштта Къилбаседа Кавказера а кегийчу халкъийн къаьмнийн боламашца цхьаьна ханна болх бийр болу комисси кхоьллина Украинан Лакхарчу радехь. Оцу некъашца украинхойн Iедалхой лерина бу царна гIо дан "Оьрсийчоьнан олаллера" бовла,

Керлачу комиссин куьйгалле хIоьттина "Аз" партин векал Юрчишин Ярослав – тоххара Transparency International Ukraine организацин директор вара иза. Белхан цхьа дакъа билгалдьаккхина цо "къар ца динчу халкъийн векалшца" болхбар, шолгIа – дуьненан йукъараллица маша тасар: иштта депутаташ лууш бу "контроль латтош" Оьрсийчоьнан Федераци йохон идейх лаьцна дIахаийта.

Оьрсийчуьра деколониалан боламийн декъашхошца комиссино болх муха бийр бу, муьлха регионаш къаьсттина тIаьхьало йолуш йу йукъарло лело, дийцира Юрчишин Ярослава Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь.

– Иштта комисси кхолла сацам хIунда бира аша?

– Гуш долу жоп ишта ду: Оьрсийчоьнах дика кхета деза тхо. Малхбузехь а Оьрсийчоь таллар метрополи, аьлча а, цхьа Москва а теллина чекхдолуш ду, йа Санкт-Петербург. Цхьана къаьмнех болу нах бехачу регионашна къаьсттина терго йеш йац политикан, йа Iилманан элитин маьIнехь. Ткъа Украино, йеххачу заманчохь Оьрсийчоь пачхьалкх-партнер санна лоруш хиллачу, цхьана а кепара талламаш бина бац, ца гIиртина метрополин регионашца йолчу йукъаметтигех кхета а.

Оьрсийчоьнан Федераци, ма-дарра дийцича, федераци йац, хIунда аьлча, регионийн цхьа а бакъонаш а, йа таронаш а йац. Кхеташ дацара, кегийчу къаьмнашна а, историхь шайн суверенитетах дIахьединчу регионийн векалшна а и муха хетара.

Шаьш хIаллак ца дайта гIо оьшу регионаш а йу, халкъан тобанаш а йу, масала, Чукоткера а, Сибрехара а кегий къаьмнаш. ГIезалойчоь а йу, Башкортостан, Саха, Тува йу шайн историхь суверенитетан орамаш долуш. Алсам бакъонаш шайн хила лууш йолу Оьрсийчоьнан халкъийн регионаш а йу.

Тхан Iалашо – украинхойн йукъаралла а, тхан малхбузера партнераш а кхетор, Оьрсийчуьра бахархой тайп-тайпана хиларх

Кегийчу къаьмнашца йукъаметигаш таса хьийза тхо, демократизацин, билггал федерализацин агIор царна луучух кхета, тарло, дезинтеграцих а – амма цунах лаьцна Оьрсийчоьнан бахархойн бен йиш йац. Путин вохор, Оьрсийчоьнна демократизаци йар – и тхан Iалашо йац, Оьрсийчоьнан Федераци олучу меттиган бахархойн йу.

Тхан Iалашо - украинхойн йукъаралла а, тхан малхбузера партнераш а кхетор, Оьрсийчуьра бахархой тайп-тайпана хиларх дIахаийтар йу. Украинана дуьхьал тIемаш бийраш боцурш а, шайн деколонизацигахьа къийсам латтораш а бу, уьш билггал тхан агIончаш бу, оха царна гIо дан а деза. ХIунда аьлча, демократин Оьрсийчоьнан кхане йу иза. Тхо лулахой ца хилча ца довлу, хIунда аьлча, тхуна пачхьалкхана санна дуккха а интересе ду демократин и дозанаш къилбел, малхбалел кхин дIа а шордар.

– Ханна йу аьлла дIакхайкхийра-кх комисси. Цуьнан болх бирзина ала, хIун Iалашонаш кхочушйина хила йезаш йу цо?

– Комиссина тIехь дерг – Оьрсийчоьнан эшам бинчу халкъашкахьа пачхьалкхан политикан проект кхоллар. РогIера гIулч – тхайн дуьненайукъарчу партнерашна хьехар цигахь а оцу тайпа политикаш тIеэцар а, массо а кхетош, колониализм, халахеташ делахь а, кхачор цахиларх хаийтар а. Британхойн, францхойн, кхечу колониалан системаш а йохош гIо дина Советан Iедало, ткъа ша оцу заманчохь колониалан пачхьалкх хилла йисина, и Путинан Оьрсийчоьнна а дIакховдийна цо.

– Тахана муьлхачу информацина, экспертизина тIетовжу шу?

– Аса ма-аллара, материалаш чIогIа дукха йу. 90-чу шерашкахь, маршо йеза бохуш, регионаша дIакхийкхочу хенахь, и болам охьатаIо аьтто хилира: цхьаццанхьа цIий Iанош, масала, Украинан парламенто ханна Оьрсийчоьно дIалаьцна мохк бу аьлла, тIелаьцначу Нохчийчоьнан Ичкерия республикехь. Вукху агIор, ГIезалойчоь тахана а документаш тIехь суверенитет хила таро латтош йу. Хьелаш тайп-тайпана ду. Дукха боцчу талламашна тIетуьйжу тхо – украинхойн а, ишта малхбузен а, Оьрсийчоьнан оппозицин а официалан хьасташна а.

ЧIогIа пайда хуьлу олаллехь латточу халкъийн цхьаболчу векалша Украинаца а, кхечу пачхьалкхашца а жигара йукъарло лелийна ца Iаш, ВСУ-х дIакхетта уьш – иза а контактийн дика хьаста йу.

Тхоьца зIене буьйлучаьрца бу, билггал регионашкахь контакташ йерш, хуьлу иштта йу моттийта хьийзарш а. Украинан официалан векалш тхаьш хиларе терра, шолгIачийн хьокъехь оха йукъарло леладо тхайн лерринчу сервисашца, цара толлу информаци шайн каналашкахула, тIаккха дуьйцу тхоьга, хьаьнца болх бан мегар ду, хьаьнца -мегар дац.

– Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украинан тIелеттачул тIаьхьа дуккха а халкъийн, колонизацихь хилла а боламаш гучубевлла. Царех хьаьнца йукъарлонаш леладо аша?

– Маьршачу къаьмнийн Лигин векалийн дехар бахьанехь дагадеара тхуна комисси кхолла. Цундела, ала тарло, кегий лоллехь латтон халкъаш хIара тайпа комисси вовшахтоха дагадаийтинчех бу.

Йозуш йоцчу Украинан дозанан бух ларбен гарант санна хетара Оьрсийчоь. Хала хеташ делахь а, Путина дIагайти, оцу гарантийн хIун мах бара

Тхан дика контакташ йу Башкортостанан паргIатдахаран боламан векалшца а, иштта Идель-Уралан кхечу къаьмнашца а, ГIалмакхойчоьнан векалшца а санна. Иштта жигара зIенехь ду тхо пост-Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн Форумца а, цигахь олаллехь латтон дуккха а тайп-тайпана халкъаш ду. Децентрализаци йечухула бевзаш хиллачаьрца а санна, тхайн уьйраш латтон хьийза тхо хIинцца белхаш бан буьйлабеллачаьрца а. Масала, чIогIа жигара йукъарло леладо гIалгIайн маршонан Комитетца, цара хIинцале а шайн гулам дIабаьхьна Истанбулехь. Иштта церан цхьаьнакхетар хилла гIирмахойн-гIезалойн халкъан курултайца.

ГIирмера гIезалоша чIогIа гIо до къамел деш уггар а хьалха тюркийн къаьмнийн векалшца йа динца гергара долчу халкъашца. Цундела, синпхена тIехь куьг латтон а, тхан суверенитет дIакхайкхайале дитина гIалат нисдан гIерта тхо. ХIетахь Киевехь кхоьллира ГIезалойчоьнан векалт, амма йуха и контакташ официалан тIегIанехь дIайехира, хIунда аьлча, йозуш йоцчу Украинан дозанан бух ларбен гарант санна хетара Оьрсийчоь. Хала хеташ делахь а, Путина дIагайти, оцу гарантийн хIун мах бара.

– Тхана Оьрсийчоьнан низамашкахь репрессин низамаш чIагIдина хиларца, шайн информаторийн кхерамзалла муха ларйо аша?

– Дозанел арахьа болчаьрца мел а йиллина йукъаметигаш лелайо оха. Амма хIетте а кхерам бу: ФСБ Iаламат шога лела. Делахь а, маьршачу пачхьалкхашкахь мел а паргIато йу лела.

Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь бехачу нахана тхоьца уьйраш лелор маьрша дац. Кхераман тIегIа йевзаш, оьшучу хенахь муьлхха а проблеме хьелашкара стаг кIелхьарваккха хьийзачу тхайн а, малхбузен а къайлахчу сервисашкахула леладо оха кхузахь тхешан йукъарло. Тхо Iаламат чIогIа хьовсу тхешан информаторш ларбан, цунна ницкъ мел болу гIирсех пайда а оьцуш.

Баркалла ала лурр дара суна, Оьрсийчохь бисинчарна, хIунда аьлча, хIара уггар а кхераме болх бу, амма пайда бохьур болу. Мел хIуъа делахь а, адамаша кIезиг ладугIу дозанал арахьа болчаьрга, къаьсттина Оьрсийчуьра информацин майда чIогIа герметикан хиларе хьаьжча.

– Къилбаседа Кавказера регионаш уггар а коьрта йу аьлла хетий шуна?

– Нохчийчоьнах мел а дика кхета Украина. 2014-чу шарахь Оьрсийчоьно агресси йолийчхьана, Украинехьа тIемаш бечу нохчашца дуьххьал дIа контакташ йу тхан. Нохчийчоьнан Ичкерия республикана глобалан проблема йу, сацамаш тIеэца цхьааллин центр цахилар. Хала хеташ делахь а, нохчийн къоман болам дIасабаржон ка йелира ФСБ-н. И ца хиллехь, путинизацин Ичкерина дуьхьало йар кхин а эвсара хир дара.

ЧIогIа тIаьхьало йолуш го вайна тахана ГIалгIайчуьра болам. Кеп-кепара къаьмнийн тобанаш цхьанайеттайалар интересе ду Дагестанехь. Кавказ тхуна билггал коьрта йу. Амма тхо кхеташ ду, Iаламат чолхе регион йу иза, интересанташ дуккхаъ а болуш. Муха Кавказан кхиар тIеоьцур ду цуьнан халкъаша, и ду Украинана интересе.

Муха Кавказан кхиар тIеоьцур ду цуьнан халкъаша, и ду Украинана интересе

Тхуна дагадогIу кавказхойн къаьмнийн конфедераци кхулла инициативаш. Хала хетахь а, цунах а гIуллакх ца хилира. Амма Кавказан бахархошна хаьа, декхаре а бу уьш вовшашлахь бартбан, Москван агIор централизацина а, русификацина дуьхьало йан. Кхеташ хила беза, Кремло чIогIа дика зуьй, Кавказехь хуьлург, минимале автономи а ур-атталла ца йуьтуш. Оха кхайкхамбо кавказхойн къаьмнашна йукъара бIостаналлаш дIа а дахий, Москва регионашкахь чIагIйаларна дуьхьало йе аьлла.

– Ахьа динчу дIахьедаршкахь дара "Оьрсийчоь йохор". Оьрсийчоь йохо хьийза бохуш, пачхьалкхера бахархой кхерош йолчу Оьрсийчоьнан пропагандин нарративна оцу дешнаша гIортор йийр йу аьлла ца хета хьуна? Деколониалан боламера билггал болу агIончаш цо къахкор бац?

– Украинан зеделллачух бен олийла дац сан. Тхо долчахь чIогIа кхоьрура Оьрсийчоьнна дуьхьалдовла. Эххар а тIом кхечи тхуна. Дудаев Джохара Iаламат къаьсташ дIахьединера, Оьрсийчоьнна мел а гена вала деза, тIаккха бен халкъаш а, регионаш а кхуьур йац. Йохон хьийза бохуш, Оьрсийчоьно кхерамаш туьйсу, ша кхеташ йолу дела: регионаш кийча йу дIа а къаьстина, йаха. Москвано дIа ца хоьцу, хIунда аьлча, цо контроль латтош йу, регионийн бахархоша дола дан дезачу ресурсашна тIехь.

Украинана дуккха а атта дара Кавказан а, ГIезалойчоьнан а, Идель-Уралан а йозуш йоцчу пачхьалкхашца уьйраш лелон, оха толам баьккхинчул тIаьхьа реванш йезар йолчу йуккъерчу Оьрсийчоьнца лелочул а. Къахкабой цо Оьрсийчоьнан бахархой? Муьлха бахархой? Кхин дIа а сийлахь колониалан Оьрсийчоь оьшурший? Уьш, тхан накъостий боцчух тера ду.

Суна дагадогIу, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джордж Буш-воккхахверг веанера 90-чу шерашкахь Киеве, Украина а, Беларусь а тешо гIертара иза, маршо ма кхайкхайе бохуш, хIунда аьла, IалагIожа эккхарна кхоьрура. Амма иза гIалатваьллера. Керла союзан пачхьалкх оьшу бохуш, Советан пропагандо мел дукха дийцарх а, историно гайтина, шайн кхоллам къастон таро йала йехаш хиллий. Пачхьалкх хиларе терра тхо реза хилла Оьрсийчоьно олаллехь мел латточу халкъашна шайн лаамалле бовлуш церан бакъонна тIетан.

И тхан позици йу. Ткъа муха дIанисйан йеза постпутинан Оьрсийчоь бохург, Оьрсийчоьнан бахархоша шаьш сацам бан беза. Аша бинна сацам, оха лорур бу.

  • Стохка гIадужу баттахь Лакхарчу Радехь сацам тIеийцира Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, иштта йемалйира "нохчийн къоман геноцид". Делахь а карарчу хенахь Украино официалехь Ичкери йозуш йоцу пачхьалкх йу аьлла, тIелаьцна йац. Украинехь хIоттийначу керлачу карти тIехь Нохчийчоь билгалйаьккхина йу къаьстина пачхьалкх санна – Ичкери аьлла.
  • Хьалхо Украинера Лакхарчу Радера халкъан депутаташа хьийхира Оьрсийчоьнан империно йина чергазийн геноцид къобалйе аьлла. Кеп-кепарчу депутатийн тобанашкара мел кIезиг а 50 украинхойн парлментхочо тIеийцира инициатива, иштта "Халкъан лайш" урхаллин партино а цхьаьна.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Истамбулехь дIайаьхьира ГIалгIайчоьнан маршонехьа болчийн съезд, цигахь дIахьедира ГIалгIайчоьнан Йозуш цахиларан Комитет кхолларх. Цуьнан коьрта Iалашонаш йара: гIалгIайн йукъараллина консолидаци йар, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла бух кечбар, иштта "къам йуха а Iеха ца дайтар а, царна тIехь Iазап ца латтадайтар а".
  • 2022-чу шеран товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Цуьнан декъехь вара юьхьанца урхалла дечу партин а, оппозицин партин а цIарах итт депутат. Стигалкъекъа-баттахь Гончаренкос хьйихира, чергазийн геноцид а, Ичкерин маршо а къобалйар.