Украинан агIонехьа тIомбарна Нохчийн батальонан спикерна дуьхьал гIуллакх долийна

Белокиев Ислам

Украинан агIо лаьцна тIомбеш йолчу нохчийн Шейх мансуран цIарахчу лаамхойн батальонан пресс-секретарна Белокиев Исламна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна ГIалгIайчохь. Кхечу пачхьалкхерчу конфликтехь Оьрсийчоьнан интересашна дуьхьал тIомбарна бехкево иза. Цунах лаьцна дуьйцу батальонан телеграмерчу каналехь.

Батальонехь долчу хаамашца, Белокиев дIалаца кхайкхийна. Пресс-секретарь лехамашкахь ву. Конфликтехь дакъа лацаран артиклехула цунна 12 шарера 20 шаре кхачалк хан тоха мега.

Белокиевна дуьхьал доьалгIа гIуллакх ду иза – хьалхо нацизм меттахIотторна, терроризм къобалъярна, Оьрсийчоьнан эскарх лаьцна харц хаамаш даржорна а шеконашка лецира иза. ГIалгайчухула йолчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан талламан урхаллин хаамашца, "фейкашкахула" йолчу артиклехула тIаьхьбовларан бахьана хилира Белокиевс яьккхина видео – цу тIехь Украинехь йийсаре лаьцначу гIалгIачух лаьцна дуьйцу цо.

Кхиазхо волчу хенахь дуьйна дIавахана Белокиев Оьрсийчуьра, Польшехь вехаш вара иза. 2022-чу шеран аьхка Украине вахара иза, нохчийн Шейх мансуран цIарахчу лаамхойн батальонан пресс-секретарь хилира цунах.

  • Гурахь Белокиевс дIахьедира, Дагестанехь, Нохчийчохь къайлаха болам кхолларх лаьцна. Дагестанна "деоккупаци" ярехула болх бу дIаболийна, дийцарехь, лерринчу "Имамат" тобано, "Шамиль" цIе лелочу командиро куьйгалла а деш. Белокиевс иштта карта гайтира, Нохчийчоь кхаа фронте (Къилбаседан, Централан, Къилбан) а, 16 секторшка а екъар гойтуш. Цуьнан дешнашца, хIора секторехь болх болийна меттигерчу бахархошца ницкъахойх, церан дакъош лаьттачу меттигех а, цаьргахь болчу тIеман гIирсах а лаьцна хаамаш гулбеш. Оьрсийчоьнан Зуламан кодексехь масех Iедалан къепе ю герзашца Iедалхошна дуьхьал латтарна а, территорин цхьаалла йохош кхайкхамаш барна а.
  • Белокиев Исламна дуьхьал хьалхара бехктакхаман гIуллакх долийра Сийлахьчу Даймехкан тIом берзарна лерина яьккхинчу видеона тIехула. Цу тIехь цо дуьйцу: "Бусулбачу наха, йа кавказхоша Толаман Де даздан ца деза, хIунда аьлча тIеман истори "дайшна депортаци йарца, уьш кхалхарца а йоьзна ю" царна. Дечкен-баттахь хиира цунна дуьхьал терроризм къобалъярна гIуллакх долийна хиларх.