Украинан президент аьшнаш веш, беламе видео йоккхуш дакъа лаьцна Кадыров Рамзана. Зеленский Владимирх тера волчу актеро "Украинан билламза капитуляцин актана" кIел куьйг а яздеш, тIаккха "Ахмат – сила" олуш яьккхина видео Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу агIоне хIоттийна. "Белхан кабинет чохь дIаязйина ю", аьлла цо иза, тIетоьхна, и гIуллакх деш дакъа лаьцна пранкерша Вовано а, Лексуса а.
Зеленскийн вастехь видео тIехь ву Комикадзе Макс. Шен ютубера канал жигара лело волавелла иза Охан-баттахь, цуьнан ерриг видео Украинан президент емалвеш, беламе ю. Иштта видеош кхечу гIирсаш тIехь а арахоьцу блогеро, цуьнан телеграмерчу каналан цIарна юккъехь Z элп ду тIетоьхна – иза Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тIеман пропагандин билгало ю.
Кадыровс масийттаза кхерамаш туьйсуш, дIахьедарш дина Украинан президентах лаьцна – цуьнан телеграмерчу каналехь масийттаза посташ арайовлура цунна лерина.
- Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Эксперташа масийттаза тидам бира, цуьнан каналехь арахоьцучу фейкашна.
- Кадыровхоша ма-дийццара тIеман хьалхенехь дакъа ца лоций гучуделира тIеман дуьххьарчу кIиранашкахь, цуьнан меттана цара лелориг - меттигера нах хьийзор, еса гIишлош дIалецар, гайтаман видеош яхар. Цундела "тикток-эскархой" аьлла цIе тиллина нохчийн тIеман тобанашна. Кадыровс дийцинера Украинан президентан Зеленский Владимиран "вадарх" лаьцна, ша тIом боьдучу дозане вахарх а – дерриг а харц хиллера. Гуш-хезаш шайн аьпаш билггал хилча а, оцу гIуллакхо Нохчийчоьнан куьйгалла ца сацийра.