Украинан тIеман министралла: Кавказан бахархой кхачам боцуш Путина вен гIоьртина

Владимир Путин

Украинан тIеман Министраллин талларан урхаллин куьйгалхочо Буданов Кирилла дIахьедина, Кавказера схьабевлларш Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна кхачам боцуш вен гIоьртина.

"Ши бутт гергга хьалха, олуш ма-хиллара, Кавказера схьабевлларш вен дан гIоьртина. Иза йиллина информаци яц. Цхьанне агIор кхачам боцуш тIелатар дан гIортар дара иза, амма иза баккъала а хилла. И гIуллакх гIардаьккхина дацара, амма иза хилла ду", - аьлла Будановс "Украинская правда" гIирсана интервью луш.

Оьрсийчоьнан Iедалша и хаам официалехь чIагIбина бац. Боьдучу тIеман хьелашкахь и информаци талла аьтто а бац.

Украинан къайлахчу сервисан хаамца, Путин Владимира жимдина шена уллорчу нехан терахь, бахьанех цхьаъ ду, хьалхо президентан политика къобалъеш хиллачу тобанашна юккъехь барт бохар. Будановс боху, эскархой "кхин башха тIеман тийсдаларш дIакхехьа лууш бац" шайна дукха эшамаш хиларна, ткъа шортта финансийн зенаш бахьанехь бизнес а ю шогачу кепехь тIамна дуьхьала, амма совдегархой иза диллина дIахаийта ца хIутту. ТIеман тийсдаларш дIакхехьийта лууш дуьххьара шайн хьашт доцучу ахчаш хьежор хьулдан гIерташ хилла йолу еккъа цхьа Оьрсийчоьнан лерина сервисаш ю.

Будановс иштта тIечIагIдина Путинан чолхечу лазарех лаьцна хаамаш(шен декъехь цIе ца йоккху лазар долуш), амма цуьнан "мел-кIезга а, масех шо диссина", аьлла тIе а тухуш.

Онкологин лазаршна тIехула говзалла йолу лор Путин волчу сих-сиха хьажа вогIу, аьлла хьалхо хаамбора "Проектано" – гIирсанна карийна Оьрсийчоьнан президентаца дIайса лела долара лоьраш. "Массочу хенахь аьлча санна, оьрсийн лидерца дIаселеларг Централан клиникан дарбан цIийнан белхахо Селиванов Евгений ву" – дуьйцу талламехь. Цуьнан дессертацин тема "Хенахь болу нехан, йа къанойн хьорзамхан Iийдарган (щитовидная железа) онкологи гучуяккхар, цунна дарба дар" ю. И стаг еккъа цхьа Сочи гIала Путин волчу мел-кIезга 35-зза веана.

Текстехь нисса дIа ца боху Путин цхьана лазаро лаьцна ву, къаьсттина лоьрийн сацамаш а дац далийна.

Мел-кIезга шина меттехь "Проектан" ала йиш ю, Путинна операци, йа вуно чолхе процедура йина хилар, хила мега, букъанна – яздо гIирсано. Хьалхо зорбанаш тидам бина хилла Путинан публикера къайлавалларца догIуш ду и гIуллакхаш.

  • Германин федералан прокуратурано Нохчийчуьра схьаваьлла Валид Д. бехкевина махкахь веха кхин нохчо вен гIортарна. Иза вен аьлла тIедиллар Нохчийчуьра кхаьчна хилла, боху "Немецкая волна" хьостано, талламна тIе а тевжаш. "Пачхьалкхан тIедилларца стаг верах" пайда а оьцуш, дуьххьара, вийначун вешига Нохчийчоьнан Iедална критика йар сацадайта гIерташ хиллера, хаамбо сацамехь.
  • Москварчу полицино лаьцна Нохчийчуьра вахархо Денисултанов Артур (изза ву Курмакаев Артур а, "Динго" а), "Кадыров Рамзанан долара киллер" санна вевзаш ву иза. Полисхошна хетарехь, и стаг бехке ву 37 миллион соьманна курхалла лелорна. Хьалхо Денисултанов Дудаев ДжовхIаран цIарах йолчу нохчийн батальонан командирана Осмаев Адамна тIелатарна бехкевира.