ГIадужу-беттан 29-чохь Ӏуьйранна Нохчийчоьхь, Гуьмсехь йолахой кечбечу РУС спецназан университетан цхьана гӀишлонан тховх цӀе йаллера. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ма-аллара, регионна дронашца дуьххьара дина тӀелатар ду, аьлла. Амма, Оьрсийчоьнан тӀеман министралло цу дийнахь бинчу официалан хаамехь хилларг хьахийна дацара. Политико дийцарехь, гӀишло йасса йара, цундела цхьанна а зе ца хилла, амма суьйренна цо хийцира шен верси: Украинера йийсархой белла тӀелатар бахьана долуш, элира цо. Кавказ.Реалиин редакторша теллира Кадыровн дешнаш мел тешаме ду а, цигахь хиллачун муьлха версеш йу а.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь бинчу официалан хаамца, дронаш дина тӀелатар хилла Ӏуьйранна 6 сахьт 30 минот йаьлча Тховх йалла цӀе дӀаяйъина дукха хан йалале, "спецназийн университетан" болха шен рог1ехь д1ахьош бу, кхин зенаш ца хилла. Мас дрон хилла хууш дац.
"Талламан урхалло гIуллакх айдина хилларг талла а, зуламехь дакъалаьцнарш муьлш бу къасто а", - аьлла политико. Нохчийчуьрчу Талламан комитетан а, Федералан Талламан комитетан а урхаллехь а бац цунах лаьцна тӀечӀагӀдеш хаамаш.
Оццу Ӏуьйранна Оьрсийчоьнан тӀеман министралло дӀахьедар дира, буьйсанна Белгородан а, Курскан а, Брянскан а кӀошташкахь, иштта Ӏаьржачу хӀорда тӀехь а Украинин 7 дрон чудаийтина аьлла. Цу урхалло денна арахоьцучу рапортехь хьахийна йацара Нохчийчоь.
Кадыровс тӀечӀагӀдале, нохчийн оппозицин НИЙСО телеграм-канало хаам бира "университетана" тӀелатар динчул тӀаьхьа цӀе йаларх лаьцна – цуьнан хаамашца, цӀе йалале ши эккхийтар хиллира. Маршо Радионо спутникехула даьхначу суьрташ тӀехь гуш ду Ӏаморан база йолчу кӀоштахь кӀур баьлла хилар.
ТӀаьхьо Кадыров Рамзана а хаам бира инспекцих лаьцна – видеохь гуш ду, гӀишлонан куьзганаш кегдина. Оппозицин жигархоша даьхначу суьрташ тIехь, гуш ду гӀишлонан тховн хилла зен а. Цуьнца цхьаьна зен хиллачу гӀишлонна чохь мебель а, кхин бахаман хIумма а йоцийла – гIишло боккъалла а йасса хета.
ГIадужу-беттан 29-чу сарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо йуха а комментари йира тIелатарехь зен хилларш бу аьлла – "Украинан тутмакхашна йукъахь", цо дийцарехь хӀора "республикерчу стратегин объектехь" латтош бу уьш, мелла стаг лазийна йа вина билгал ца даьккхира, лаххара а иттех стаг хьахор бен.
Политикас цхьа а тӀечӀагӀдар ца дира цу дешнашна, хьалха оццул дукха Украинин эскархой Нохчийчоьнан йийсарехь хиларх лаьцна хаам бина бацара. Иштта бакъонашларъйархошка хьалха кхаьчна бацара Нохчийчохь тӀеман йийсархой латторах лаьцна цхьа а хаамаш – уьш Нохчийчохь цкъа бен гайтина а бац. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь, Кадыровн кхо бер, Украинин оккупаци йинчу территорешка а дахана, цӀадирзича, шаьша йийсархой лаьцна аьлла, схьабалийна гайтира меттигерчу телевиденис. Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденцехь хиллачул тӀаьхьа уьш стенга хьажийна ца хаийтира.
ХӀинца Кадыровс Оьрсийчоьнан агӀор тӀом бечу нохчийн массо а дакъойн буьйранчашна тӀедиллина украинхой йийсаре ма лаца аьлла, иза дуьненайукъара бакъонаш йохор ду.
Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь латтош бу йийсархой, Кадыровхой наггахь цига кинош йаха боьлху
Украинин агӀор тӀом бечу Шейх Мансуран цӀарахчу нохчийн батальонан пресс-секретарь хиллачу Белокиев Ислама журналистана Кавказ.Реалиина комментари йеш дӀахьедира, Кадыровс Гуьмсехь украинин йийсархойх латтош бу бохург- харца ду аьлла.
"Украинин йийсархой бац Нохчийчохь. Уьш кхечу регионашкахь латтош бу, Кадыровхой цига наггахь бен ца боьлху кинош йаха. Наггахь, уьш массийта стаг вало мега Нохчийчу инсценировка йан, амма цул тӀаьхьа сихонца йуха а дӀабуьгу", - элира Белокиевс.
Цунна хетарехь, тутмакхаш Нохчийчохь латторах лаьцна динчу дӀахьедарца Кадыров Рамзан лууш ву, шена мехала йолу объекташ Украинин дронашан тӀелетарх ларъйан. Амма кхузахь, Белокиевс дийцарехь, хаттар кхоллало: "университетан" тӀелатар дина дронаш боккъалла а Украинин дара, йа цу тӀелатарна тӀехьа лаьтташ хила тарло Оьрсийчоьнан республикан куьйгаллина дуьхьал болу нах?
КХИН А ХЬАЖА:
Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу ВСУ-н йийсархошна
Къилбаседа Кавказера хьажийна дрон?
"Оьрсийчоьнан спецназан университетана" дронашна дуьхьал ларъйар хӀунда ца дина аьлла, шега хаьттича, дуьненаюкъарчу талламан юкъараллин InformNapalm декъашхочо хьахийра, Оьрсийчохь тоъал ПВО-н системаш йац, Ростовн а, Краснодаран мохк фронтан гергахь бу, герзан а йагориган складаш йу цигахь, царна кест-кеста тӀелатарш деш ду.
Де хьалха Украинерчу "Суспiльне" телеканало, мехкан къайлахчу сервисийн хьостан-хаамца, хаам бира, дронаш ГӀалгӀайчоьнан йа Дагестанан махкара хеца мегаш хилла аьлла. ЦӀе йаккха ца луучу InformNapalm телеканалан талламхочо дийцарехь, цу тайпа хIума хила тарлуш ду, Кавказехь Вайлдберис маркетплейс бахьана лаьтта хьал тидаме эцча, цхьана агIор Кадыров а, вукху агIор Дагестанан а, ГӀалгӀайчоьнан Ӏедалехь долу тукхамш а.
КХИН А ХЬАЖА: Вайлдберрисан барт эгIар: Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а депутаташа вовшашна бехкаш дахкар"Амма тӀаьхьарчу беттанашкахь Украино а гайтина, дикка генарчу объекташка кхачалуш йолчу дронех таронаш алсамъйалар. Шен рогӀехь, тӀеман министраллан рапортехь и тӀелатар ца хьахош хиларо гойту, федералан центран а Нохчийчоьнан куьйгаллан а, хьал тидарехь цхьана догӀуш ца хилар. Мухха делахь а, Путинс дӀакхайкхийна "СВО" ма-дарра аьлча, буьззина тӀом, бумеранг хуьлуш дIакхочаш бу регионашка", - аьлла. билгалдоккху InformNapalm компанин векало.
Нохчийчоьнан бакъонашларъйархочо Янгульбаев Абубакара, Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь шеконе дуьллу Украинин тIеман ницкъаш Нохчийчоьнна тӀелатар дарехь дакъалаьцна хиларх.
"Дуккха хьолахь, хӀора кхиаме акци йича, Украинин эскарша лечкъа ца до шаьш динарг, къаьстина хIара санна медийны объект иза хилча. Оха хIара къамел дечу хенахь, и тайпа цхьа а хаам бина бац. ТӀеман министралло БПЛА-но тӀелатар дина аьлла хаам ца бар, амма Кадыров цу хаамийн инициатор хилларо, гойтуш хила мега, цу тIелатарехь меттигерчу бахархойх цхьаъ дакъалоцуш хилар", - боху Янгульбаевс.
Шеконе ду Кадыровн "инсценировк" ФСБ-х лачкъийна йан аьтто бу бохург
Цуьнца цхьаьна бакъонашларъярхочо чӀагӀдо: Нохчийчоьнан Ӏедалшна кхерам бу аьлла ца хета арахьарчу тӀелатарех, ткъа Кадыровн ницкъаллин структураш чоьхьара протест дӀайаккхарна тӀехьажийна йу. Кхин цхьа верси а йу: и тӀелатар дан мегаш дара нохчийн Ӏедалшна, Москвахь республикан кхерам бу аьлла гайтархьама а, ПВО-н система кхолла кхин а ахча даккхархьама а.
"Цкъачунна тоъал информаци йац, мила вара "университетан" тӀелатар дарна тӀехьа. Амма, шеконе ду Кадыровн инсценировк ФСБ-х лечкъош йан аьтто бу бохург. Оха йукъарайоккху и верси", - аьлла оппозицин Нохчийн NIYSO-Телеграмм каналан векало. Оха цуьнан цӀе къайлайаьккхина Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана долуш а, нохчийн ницкъхоша иза хьийзо бахьана долуш а.
Жигархочо дагадоуьйту, хьалхо дронаш Москварчу Кремльна дронащ тӀелатар дира, тIаман дуккха а генахь йу иза. Гуьмселла а дуккха а ларъйан йезаш йу иза. Цундела "спецназан университетехь" дронашна дуьхьал ларъйаш ца хиларх цецвала ца оьшу. Вукху агӀор, къамел деш волчунна хетарехь, Кадыров Рамзанна пайдехьа ду хилларг Украинин герзахойн ницкъаша дина тӀелатар кеп хIоттор, республикехь гIаттамхойн къийсам денбелла олучулла а.
"Тхуна хетарехь, Нохчийчоьнан бахархошна йукъахь Оьрсийчоьнна дуьхьал синхаамаш алсам бовлуш бу. Дронаш дукха хенахь дуьйна шуьйра лелош долу герз ду, ткъа тхо тешна ду, дуьхьалонан агӀончашна оьшу говзалла а, ресурсаш а хила тарло цу тайпа тӀелатарш дан", - аьлла, дерзийра NIYSO-н векало шен къамел.
Имиджан эшамаш
Кху шеран мангал-баттахь дуьххьара Украинин дронаш тӀелатар дира Къилбаседа ХӀирийчоьнна а, тӀечӀагӀйина йоцчу информацица Дагестанна а. Нохчийчоьнан хьокъехь, тӀеман аналистна Матвеев Янна хетарехь, вай дуьйцург Украинина тӀелатар ду – имиджна эшам баран дуьхьа, баккъалла а зенаш даран дуьхьа а доцуш.
"ХӀара шайн алсам йолу таронаш гайтар ду. Хетарехь, мелла а лахара ницкъ болу дрон хила мегаш дара иза "Люьра"(Лютый-ред.) олу дрон, гӀишлонна йа кхин йолу хIумана даккхий зенаш ца до цо. Украинин герзахойн ницкъаша йуха а гайтира Оьрсийчоь кхерамзалла йоцуш хилар", - аьлла хета экспертна.
КХИН А ХЬАЖА:
Нохчийчуьра Путинан цIарах "спецназан университетан" дина тIелатарКхерамзалла цахилар, цунна хетарехь, доьзна ду Оьрсийчоьнан йаккхийчу территоришца а, дронашна дуьхьало йо герза ледара хиларца а. Цундела Украинин дронаш даима а цхьацца барамехь тӀеман могӀанашкахула чекх а йолуш, махкана кӀоргене чугӀертар йу.
"Дукхах долчу хьолехь, кӀорггера маьIна дац тӀеман министралло комментари ца йарна (Гуьмсехь дронан тIелатарх лаьцна). Хетарехь, цара и тохар къайладаккха гӀоьртина, амма "университан" богучу тховн сурт зорбанан гӀирсашка кхечира, цундела, Кадыровс вист хила сацам бира, шалха пост хIоттийра шен интернет агIонехь. Цуьннан амал йу шалхе къамелаш деш", - аьлла, жамӀ дира Матвеев Яна.
Сийлахьчу тӀеман летчико инарла-майора Попов Владимира, Оьрсийчоьнан "Московский комсомолец" зорбанан гӀирсана комментарехь, дӀахьедира, БПЛА Украинин герзахойн ницкъаша Донецкан агӀорхьара йаийтина хила тарло, Ростован а, Краснодаран кIоштахь иза тидамза дисира, чIогIа лахахь лелар бахьана долуш, вуьшта аьлча, масех иттаннаш метраш бен лакхехь доцуш.
ТӀеман эксперт Федоров Юрий а ву, иза украинхойн тӀелатара дара аьлла хеташ. Кавказ.Реалиин редакторшца хиллачу къамелехь цо хьехар дира цхьана а агӀонан къайлахчу сервисашкара хаамашах ма теша аьлла. Ткъа Украинин тӀеман дронашна дукха гена некъ бац Нохчийчоьчу кхача.
Йолахой кечбо коьрта меттиг
Президентан Путин Владимиран цӀе лелош йолу "Оьрсийчоьнан спецназан университет" официалехь йазйина дешаран автономни коммерцин йоцу организаци а, герз тоха Iаморан спортан клуб йу. Шен территори тӀехь хаддаза эскархой Ӏамош белахь а, офицалехь РУС цхьана а ницкъаллин структурийн Iуналлехь йац, Нохчийчоьнан дешаран министраллан цхьаъ лицензи бен йоцуш.
2022-чу шеран ГӀадужу-баттахь Украинина дуьхьал тӀом болабелча, йрриг а пачхьалкхера йолахой кечбеш уггаре а йоккха центр хилла дӀахӀоьттира "университет". Юьхьанца хаам бора, цигахь хӀора кӀиранах 200 гергга "волонтераш" Ӏамош хилар. Кху марсхьокуху-баттахь Путин "университете" веъча, Кадыров Рамзана хаам бира, Украинера тӀомехь болабелчхьана, университетехь 47 эзар эскархо Ӏамийна бохуш, царех 19 эзар "лаамхой" а болуш. И терахьш тӀечӀагӀдан аьтто бац.
Цхьа миллион ах миллион бахархой бехачу Нохчийчоьнан бахархой хилла ца Ӏаш, уггаре а хьалха кхечу регионашкара йолахой а бу цу терахьшна йукъехь. Уьш нохчий бу бохуш сихха кхоьллинчу "Ахмат" дакъошка дӀайазбо, элира хьалхо Европерчу нохчийн политикан "Цхьаьнакхетта ницкъ" цӀе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Ма-дарра аьлча, муьлхха а оьрсийчоьнан аьтто бу "университетехь" тIаме хьажоле шина кӀиранах Ӏамораш чекхдаха, царна Нохчийчоьчу схьабахка некъан йолу харж а дӀалур йу.
Организацин финансийн аьтто бу и болх дӀабахьа. "Оьрсийн спецназан университетна" (РУС) 2022-чу шарахь "иштнехьа" делла 349 млн сом - цхьа шо хьалхачул пхоьазза дукха иза. 2023-чу шарахь РУСан кхаьчна 451 миллион сом, цу йукъахь 164 миллион “унивеситетан” цIена са йалла ахча ду, 286 миллион сагӀийна делла.
Ахчанан хьоста хиира журналисташа бинчу талламехь. 2022-чу шарахь а, 2023-чу шеран йуьххьехь а Гуьмсера РУС "университета" дайина 980 миллион гергга сом. Цу ахчанах ах гергга делла ду нохчийн бизнесхочо Альвиев Мовсадис, Кадыров Рамзанан уллера накъост а, юьртахо а ву иза, йаздина "Мехале дийцарш".
Нохчийчохь хаам бира, республико хӀинцале а 36 миллиард гергга ахча дайина, цу тӀелатарехь дакъалаьцначарна рицкъ латторна. И дерриг а ахча фондера схьадогӀуш ду бохуш дуьйцу. Цуьнца цхьаьна 2023-чу шарахь фондан дисина ахча дара 5,3 миллиард сом, ткъа 2022-чу шарахь – 6,3 миллиард. Кадыровс билгалдаьхна харжийн терахьш талла аьтто бац.
- Украинерчу бакъонашларъйаран центро «маршонийн центр» (Центр гражданских свобод-ред.) аналитикан рапорт кечдина "Путинна трибунал" йолчу коалицица, Оьрсийчоьнан регионашкахь йийсаре лаьцна украинхой латтош болу меттигех лаьцна хаамаш гулбина. Цу документана йукъайогӀуш йара ФСИН системин 26 меттиг, царна йукъахь 6 Ростовн а, Волгоградан а, Ставрополан махкара а йолуш.
- ГIадужу-беттан 10-чу буса Украинин герзахойн ницкъаша тӀелатар дира Майкопан йистехь йолчу тӀеман аэродромна. Масех сахьт хьалха Ейскехь цхьана складана тохар динера: Украинин Инарла штабо хаам бира ГӀажарийчоьнан дронаш хӀаллакьдарх лаьцна. Нагахь санна и тайпа тӀелатарш кеста-кеста хилахь, Оьрсийчоьнан эскарна "шахедаш" а, снарядаш а латтор телхор ду, боху Кавказ.Реалии сайто къамел динчу эксперташа.
- Адыгейн оперативан штабо дехкар йукъадаьккхира хаамийн гӀирсашкахь а, интернетехь а, социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а, тӀеман инфраструктура лаьттачу меттигах а, ткъа иштта БПЛА-н а дронан а тӀелатарех лаьцна, муьлхха а информаци йаржор.