Чернобылера зарратан станци 30 шо даьлча: йоьалгIачу энергоблокана чохь

ЙоьалгIачу блокана урхалла дон блок


1986-чу шарахь Охан-беттан 26-чу дийнахь реакторан температура цIеххьана хьалаелира

Бохам хилале йоьалгIачу блокан реакторна чохь хиллера 180 - 190 тонн зарратан ягорг. Станцина гонах йолчу территорина тIе Iаьнна цунах 5 -30 % ягорг.
Чернобылерчу зарратан станцин хьалхарчу блокан чоь. Иза болх бан йолаеллера 1977-чу шарахь.
Хьалхарчу блокан температура нийса латтон чIунаш.
Хьалхарчу блокан чура биргIанаш.
Чернобылерчу зарратан станцин цхьайолу коьчаллаш болх беш яра бохам хиллачул тIаьхьа а. ТIеххьара энергоблок болх бечура сацийра 2000-чу шарахь.
ЙоьалгIачу блокан турбинан чоьнан помпа.
ЙоьалгIачу блокан турбинех диснарг
ЙоьалгIачу реакторан турбинан чоь
ЙоьалгIачу блокан турбина
ЙоьалгIачу блокехь хIинца а латтош ю йисина зарратан ягорг
ЙоьалгIа блок. Турбинан чоь. Кран.
ЙоьалгIачу блокан кхерамазаллан керла гIишло. Цо дIакъовлур ю шира бетонан саркофаг. Шина агIор пенаш дуттур ду 2017-чу шарахь. Говзанчаша дийцарехь, керлачу тхевно 100 шаранна сацор ду радиаци яржар