Туберкулезан Яххьаш
ХIеннадийн 42 шо дара Херсонехь Туберкулезана дарба лелочу хIусамехь суна дуьххьара гича. ТIеэцначу иммунодефицитан цамгар а яра цуьнан (HIV). Ялх шо дара цуьнан и цамгар йолу, амма иза шех муха кхетта хууш вацара. Оьрсийчура Камчаткехь чIерий лоьцучу хIурдан кеманна тIехь болх беш вара и шен нанас цIакхойкхуш. ЦIавирзинчул тIаьхьа кхин болх а ца карийна, чIогIа мала волавелира. 2011-чу шеран ГIадужу беттан 12-чу дийнахь велла ХIеннадий.
42 шо долу Константин а вара Херсонерчу дарбан хIусамехь. Цуьнан а яра туберкулезана тIе, тIеэцначу иммунодефицитан цамгар. Бер долуш дас джукха чIогIа етташ хиларна, шен коьртах герз а оьхна, вала гIоьртинера иза. Патарма мочхалах чекх а баьлла, аьтто бIаьрг боккхуш, висинера. Шен гIоли хиллачул тIаьхьа наркотикашка марзвелира. 25 шарахь лелийна цо уьш. Наркотикаш яржорна набатехь хан а яьккхина. Туберкулез а кхетта, схьагарехь, набахтехь. 4 баттахь дарба лелийра цунна дарбан хIусамехь. нанас дела денна юург кхехьара цига. 2011-чу шеран Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь кхелхина.
2011-чу шеран Марсхьокху-баттахь Новозбуривка дарбан-хIусаман дархо вара 71 шо долу Васыл. Лоьро дийцарехь, цуьнан маьнга уьйтlа баккха дезнера, цуьнга шен аравахарна дола ца дадаларна. Гуттар мотт башабо цо. Цуьнан къамел лортlехь дац. Ша балхахь ву моьттуш ву и. Гергарчара цуьнан петарна чуьра ара а ваьккхина, дарбан цlийне хьажийна. Цхьа зуда йогlу баттахь цкъа яахlума а йохьуш, цунна тlаьхьа. Аса мел хаттарш дича, ша цуьнан хlумма а яц бохуш чlагlдира цо.
54 шо долу Мыкола Новороицкера Туберкулезана Дарба лелочу хlусамехь вара 2011-чу шеран Товбецан баттахь. Трактор лелорхо болх бина ву и. Туберкулезо дегl лаьцна, леш lуьллучу шен лулахочунна кхаа баттахь дола дина цо. Иштта тlе яьлла цунна туберкулез. Цхьа кlеззиг догlучу пенсех тоам беш lаш ву и. Мыколин ши кlант тlаьхьавогlу цунна юкъ-кара.
44 шо долу Хlеннадий Старозбуривска Нисваран 7 номер йолчу Колонера тутмакх ву. Туберкулез а, тlеэцначу иммунодефицитан синдром а (HIV) йолуш ву и. Украинехь вовшахтоьхначу зуламхойн тобанера лахара тlеганехь хилла къу ву Хlеннадий. Хlинца къуйн цхьа а низам доц боху цо.
52 шо долу Свитлана суна Феодосера Туберкулезана дарба лелочу хlусамехь гина ю. Ша лор болх бинчу Свитланина ца хаьа шех и цамгар муха кхетта. 10 баттахь дарба лелийна цунна. Гергарчаьрга а, бевза-безачарга а шен цамгарх лаьцна дийца ца яьхьа иза. Шуьйра даьржина хlума ду и тайпа цамгар йолчу нахаца цхьаннена а гергарло лелон ца лаар.
Еххачу хенахь дарбан цlийнахь хан яккхаран бахьана, вуон цамгарна дарба лелорца доьзна ду олу цо.
Суна иза гина кlира даьллачул тlаьхьа дарбан цlийнара араялийтира иза, цlена ю цамгарх аьлла, лоьрийн тоьшалла а делла.
2011-чу шеран Товбецан баттахь стаг верна, велла дlаваллалц шена тоьхна хан йоккхуш вара 52 шо долу Васыл Херсонера 61-чу колонехь. Кхоалгlа чувоьллина ву и.
Дагана лазар деана, меттахь lуьллучу шеца цхьаьна камерин чохь волчу тутмакхе хьожуш йоккху цо дукхах йолу хан.
54 шо долу Олександр суна Новотроицкера Туберкулезана Дарба лелочу хlусамехь гина ву. Туберкулезана тlе, хьекъална талхарца йоьзна цамгар а ю цуьнан. Дарбан хlусамехь болчара дийцира соьга иза хаза нехан санна йиттина а ву, хlума дицлуш а ву, бохуш. Цара бахарехь, цуьнан гергарнаш карон аьтто ца баьлла. Олександр синтем байна а, оьгlазе а ву.
Туберкулезана дарба динчул тlаьхьа иза тхов-кlело йоцчу нехан хlусаме хьажор волуш ву.
Соьца къамел деш, Олександра къайлаха дийцира соьга шен цlе Букарив Олександр ю, ша Херсонера ву, зуда ялийна а, шиъ бер долуш а ву, аьлла.
Картолаш лелош туберкулез кхетта волу 41 шо долу Валерий суна Херсонехь гина ву 2011-чу шеран Товбецан баттахь. Хьалхарлера дарба лелорах гIуллакх ца хилча, цхьа пах дIабаьккхира цуьнан.
Цхьана баттахь морфинна тIехь Iийначул тIаьхьа, синтетикан наркотикаш лелон волавелира. Цул тIаьхьа ши шо даьлча церан петар а йоьхкина, бераш а эцна Оьрсийчу дIаяхара цуьнан зуда. Наркотиках марзваларца къуьйсуш, маьнгах дIа а вехкавелла, садиттина цо.
Суна дуьхьала кхетачу хенахь гIишлош ечу метигашкахь белхаш беш вара. Шен петар хиллачу хIусаманна бухахь йолчу тоьли чохь Iаш ву иза. Лулахоша цхьацца тиша-киша стол-гIант делла цунна. ТIейогIучу хенахь ша шена лийча метиг кечъйийр ю, шелиг а оьцур ю бохуш вара Валерий.
2011-чу шеран Марсхьокху баттахь Туберкулезан диспансеран дархо вара 66 шо долу Мыкола. Казахстанехь комбайнна тlехь белхаш бинчу Мыколин цхьа а гергара стаг вац. Туберкулез гучуяллалц, баккхичу нахе хьожучу хlусамехь ваьхна ву. Цул тмаьхьа дукха хан а ялале, цу хlусамера хlоькхуьнан долахь мел хилла тlепаза яйна.
n August 2011, Mykola was a 66-year-old TB patient at the Novozburivsky TB dispensary. A former combine driver in Kazakhstan, Mykola has no relatives. He lived in a nursing home until he was diagnosed with TB and sent to the dispensary. All of his belongings and documents disappeared soon after. He had not been able to receive his pension. He was undergoing a second course of treatment. Mykola told me the nursing home was as bad as a concentration camp and that he was afraid of being sent back.
Mykhaylo was a 63-year-old MDR TB patient at the Kherson TB hospital in July 2011. He was a retired bricklayer. Doctors discovered his TB while he was in the hospital for stomach surgery. He had been treating his disease off and on since 1983. He said his condition gets much worse every autumn. In Soviet times, he said, the hospital food was pretty good, but since then he had to buy food himself. Four years earlier, his wife died, and Mykhaylo had a stroke. He was walking with a cane and had trouble speaking. His son brought him food and medicine.
I met Vasyl, 60, in Kherson in August 2011. He had TB. Born in Belarus, he had a graduate degree in philosophy from a Moscow university. After finishing his education, he was sent to Kherson, where he wrote a dissertation entitled “The Contradictions of Socialism.” After the collapse of the Soviet Union, his research was irrelevant and he was laid off. His left leg was amputated because of a vascular condition. He was living in a dormitory-style room with no running water. He was carrying water in buckets each day to his second-floor room. He did not know how he contracted TB.
2011-чу шеран Товбецан баттахь Туберкулезана Дарба лелочу Херсонера хlусамехь волчу Викторан 36 шо дара. Цул сов, тlеэцначу иммунодефицитан цамгар а ю цуьнан. (HIV)
Пластикан фабрикехь болх бина ву ша бахара цо. Цул а цхьа шо хьала пехаш шелделла, пневмонин дарба лелош гучуяьллера туберкулез. 7 баттахь дарба а лелийна, аравалийтинера дарбан цlийнара. Амма кхин дукха хан ялале, юха а дарба лелон охьавиллира. 2011-чу шеран Гезгмашан беттан 7-чу дийнахь велира Виктор. Цунах зуда а, 14 шо долу кlант а висна.
2011-чу шеран Дечкен баттахь Олексий Дзержинскерчу Туберкулезана Дарба лелочу хlусамехь вара. Булдозер лелорхо хилла ву и. Оццу дарбан цlийнахь туберкулезана шолгlа дарба лелош дlаяьлла цуьнан хlусамнана. Олексийн йоl цуьнан петарна чохь lаш ю, набахтехь хан текхначу стагца. Хlора баттахь хlокхуьнан пенси схьаоьцу цо, "хьан йоьlан кlант кхаба оьшу шена иза", олий.
I met Natalia, 37, in the TB section of a Kherson detention facility in August 2011. She had been diagnosed with MDR TB and HIV. “I had a great, loving family,” she told me. “I was my daddy’s little girl.” But her father drowned in a swimming accident at the age of 42. Natalia gave up her education as a musician and began selling drugs in order to send her younger sister to college. Soon, she was taking drugs herself, which is how she contracted HIV and, later, TB. Natalia died on August 16, 2011. Her younger sister is married and living in Moscow with her husband and daughter.