Украинехь хIоттийначу карти тIехь Нохчийчоь билгалйаьккхина йу къаьстина пачхьалкх санна – Ичкери аьлла. Карта арахецна пачхьалкхан картографин "Картографiя" компанино.
Шуьйрачу Европан карти тIехь Ичкери билгалйина къаьстинчу басахь, цуьнан дозанаш билгалдина пачхьалкхан дозанаш къасточу сизашца.
Стохка гIадужу баттахь Лакхарчу Радехь сацам тIеийцира Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, иштта йемалйира "нохчийн къоман геноцид". Делахь а карарчу хенахь Украино официалехь Ичкери йозуш йоцу пачхьалкх йу аьлла, тIелаьцна йац.
- Стохка лахьанан-баттахь Украинин президенто Зеленский Владимира официалехь тергойира, 25 эзар куьйг гулдинчу, Ичкерин суверенитет къобалъярх петицин. Низамехь оццул кхаж вовшахкхеттехь пачхьалкхан куьйгалхо хьажа декхаре ву цуьнга хьажа. Зеленскийс тIедиллира пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина, петици тIехь хьахийна хаттар компетенцин гурашкахь листар а, цуьнца доьзна хетарг шега схьакхачор а.
- Нохчийн Ичкерия республикин лаккхара ши совгIат дина Украинин президентана Зеленский Владимирна – "Къоман сий" а, Дудаев Джохаран цIарах орденаш а. И совгIаташ дина Зеленскийна "маршонан а, демократин а дуьхьа гIарадевлла гIуллакхаш дарна а, нохчийн къомана гергахь ша-къаьстина гIуллакхаш дарна а", билгалдоккху президентан официалан сайтехь.
- Украинин территори Iалашйеш йу иштта нохчийн лаамхойн батальонаш а цхьаьна. Церан могIаршкахь – даймохк дIатесна Ичкерин агIончаш а бу, иштта Нохчийчохь ши тIом боьдуш тIемалой хилларш а бу.