Украинехь байъинарш: кхин а исс эскархо, царахь цхьаъ – Кадыровн векалан кIант

Бахмутан уллохь тохарш деш бу украинхойн эскархой. Донецкан кIошт, 2022-чу шеран гIуран-беттан 26 де

Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара кхин а исс эскархо вийна Украинерчу тIамехь, цунах лаьцна хаамаш арахецна социалан машанашкахь а, регинерчу зорбанаша а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ханты-Мансийн махкара векалан 34 шо долу кIант Заураев Джамбулат ву вийначех цхьаъ. Лаамхочун кепехь тIаме вахана Заураев бохуш дуьйцу.

ШолгIа вийнарг Дагестанера ву – 40 шо долу Гильяр эвлара Османов ИбрахIим ву иза, ракеташна дуьхьал долчу эскарийн оператор.

Къилбаседа ХIирийчуьра кхин а ши стаг валарх лаьцна хиина. Оьрсийн эскаран Дзуарикау эвлара 31 шо долу майор Газданов Алан а, мобилизаци йина волу Змейская эвлара Базаев Анатолий а ву и шиъ. Вийначу шиннан а бераш диссина.

Вийна кхин а шиъ Астранан махкара ву – мина тIехь иккхина волу 39 шо долу Тумак эвлара хIордан гIашсалти Артыкпаев Дамир а, Тарбаев Мирхат а – цуьнан балхах лаьцна хIумма девзаш дац.

Вийначех кхин а кхоъ Волгоградан кIоштера ву. Михайловка йуьртара Крапчетов Ярослав а – цуьнан зуда а, бер а диссина хилар бен хууш дац; Палласовка эвлара 30 шо долу лаамхо Джумагалиев СаьIид а – ши бер диссина цунах (Кавказ.Реалиин сайто хьалхо Палласовкера Джумагалиев Фарид Украинехь верах лаьцна дийцира, хетарехь, гергара ву и ши стаг).

Волгоградан кIоштера кхоалгIа вийнарг – 25 шо долу Нехотин Максим ву Волжский гIалара. Меттигерчу VI.ru зорбано йаздарехь, "ЧВК Вагнеран" декъехь вахана иза тIаме.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиин сайто дийцира, тIамехь байъинчу нехан рогIера кешнаш карийна аьлла – Краснодаран махкахь гучудевлла уьш.
  • Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара Украинерчу тIамехь байъинчу нехан тептар дIахьош ду Кавказ.Реалиин сайто. Тептарехь хIинцле а ши эзар цIе йу, оцу хаамаша баккъала а болчу эшамийн цхьа дакъа бен ца гойту.
  • "Оьрсийн Би-би-си-н" а, "Медиазонан" а лараршца, гIадужу-беттан 7-чохь Украинехь 7184 Оьрсийчоьнан эскархо кхелхина. "Би-би-си-но" мах хадорца, меттигерчу администрацера а, зорбанан гIирсашкара а, уьш дIабоьхкинчу меттигашкара а кхаьчначу информацица, байинчех хIоттийначу тептарехь 40-60% кIезиг хила тарло беллачийн цIераш, Оьрсийчохь баккъал а дIабоьхкинчарел а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.