Украинехь лачкъийна юьртбахаман техника Нохчийчохь гучуяьлла GPS-маякашца

John Deere компанин юьртбахаман техника, гайтаман сурт

Украинерчу Мелитополехь лачкъийна 1,5 миллион евро мах болу юьртбахаман техника гучуяьлла Соьлжа-ГIалина гена йоццучу Закан-юьртахь, хаамбина "Новое время" гIирсо, журналистийн талламийн Центран коьртачу редакторна Самар Валентинна тIетевжина.

"Кадыровхоша кхо комбайн, трактор, кхо хIутосург а лачкъийна, иштта Агротек-Инвест компанин гайтаман майданара Американ John Deere компанин Украинерчу официалан дилеран 20 тонн даьтта а", - аьлла ду хаамехь.

Техника ялийна йохийначу, ялта кхиош хиллачу "Закан-Юртан госхозан" дозана тIе.

Талламан авторша билгалдоккху, цхьаболу нохчийн лаккхара хьаькамаш оцу эвлара хилар. Масала, цигахь вина ву мехкан премьер-министр Хучиев Муслим а, цуьнан ваша Хучиев Тамерлан а. Тахана Украинехь "гуманитаран мисси" кхочушъечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан директор лаьттина Тамерлан тIаьххьарчу 11 шарахь.

Техника лачкъорах Зазадокху-бутт бовш хаамбира "Агротек-Инвестан" пресс-гIуллакххоша. "John Deere компанин техника Оьрсийчу кхачон дуьхьал хиларна бина бекхам бу юьртбахаман техника лачкъор" элира компанехь.

  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу канале а хIоттийна, тIаьхьа дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран сурсаташ кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтира. Журналистана-талламчана Христо Грозевнав хетарехь, кадыровхоша Мариуполан бахархошна дIасадекънера шаьш лечкъийна сурсаташ.
  • Охан-беттан 20-гIа – тIеман 56-гIа де ду. Шаьш контрол латточу Донбассан декъа тIера украинхойн арми юхатоха гIерта Оьрсийчоьнан эскарш. Украинан Iедалхоша дIахьедина "тIеман шолгIа фаза" йолаяларх. Яккхий бомбанаш йетташ ю, гобина украинхой болчу Мариуполерчу "Азовсталь" комбината территори тIехь. Гергарчу хенахь 800 миллион долларшкахь Украинана керла тIеман гIоьналлин пакет кхачорах дIакхайкхо Iалашо ю Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн.