Къилбан гонашкара тIеман кхело низамехь дац аьлла Украинехь лазийначу тIеман гIуллакхдархочун Аюбов Зелимхананна "президентан" ахчанаш даларх рапорт эскархойн декъан буьйранчаша ца листар. Росгвардин эскархочун хьаькамаша дуьхьало йинера цунна, лазийначун справки тIехь формале цхьа гIалат бахьана долуш.
Администпративан искан материалаш тIехь ма-хиллара, чиллан-беттан 24-чуьра схьа дуьйна Украинана дуьхьал тIемаш беш хилла ву Аюбов. Стигалкъекъа-беттан 7-чохь мина а иккхина, лазийнера иза, оцу бахьанашца эвакуаци йира цунна тIеман лазартне. Цунна дарба динчул тIаьхьа командире рапорт чуделлера цо, лазийначунна лур ду аьлла 3 миллион ахча шена хIоттаде аьлла.
Номер №65384 йолчу полкан, гвардин 291-ра полк ю иза Нохчийчуьра Борзой эвлара, декъан буьйралло тесна дитинера цуьнан рапорт, хIунда аьлча, иза лазийна аьлла йеллачу справки тIехь Аюбов "сержант" ву аьлла, йаздина хиларна, иза "лахара сержант" воллушехь. Оцу буха тIехь контрактхочунна ахча ца деллера.
Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхело цхьана декъана къобалйина Аюбовн иск, командир низамехь ца лелла аьлла. Декъан куьйгалло къевсинера и сацам апелляцихь, амма Къилбан гонашкарчу тIеман кхело хийцаза битира.
Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь хилла хIара дуьххьара хIума дац, Украинехь лазийначийн кхелехула даха дезаш пачхьалкхан президенто шайна лур ду аьлла ахчанаш. Масала, кхелехула лур ю аьлла компенсаци йаккха гIерта когаш гIорийна Дагестанера контрактхо, искаш чуйелла иштта Къилбаседа ХIирийчуьра эскархоша а. Искаш чуло дукха хьолахь лазийна хилар тIечIагIдеш оьшу кехаташ ца лучу тIеман дарбанан хIусамашна дуьхьал а.
"Цхьааллин Оьрсийчоь" фракци юкъарчу, пачхьалкхан думин Свердловскан кIоштан цIарахчу депутато Иванов Максима "цеце" лерира, ахчанаш далийта царна оьшу кехаташ лазартнешкахь ца ло бохуш, кхочу аьрзнаш/
- Украинан дозанаш тIехь лазийна ша аьлла, дIахьединчу Чупанов Шемална ца йеллера президенто Путин Владимира лур ю аьлла компенсаци.
- ХIинжа-ГIалара тIеман гарнизонан кхело дуьхьало йира контрактхочунна Магомедов Iазизна Украинерчу тIамехь чов йина хилар къобалдан. Охан-беттан 23-чохь Магомедовс Докучаевскан коьртачу дарбанан цIийнехь – иза ханна оккупаци йина "ДНР-н" карахь долу доза ду, дIагайтинера шен чевнаш. Цул тIаьхьа цо дарба лелийра 1602 тIеман клиникан лазартнехь – цара дIахьединера, тIеман чов йац иза аьлла.
- Гезгамашин-баттахь Буьри-ГIалин тIеман гарнизонан кхело сацамбира эскархойн масех искехула, тIамехь уьш лазийна хилар тIе ца дитар луьстуш.
- Нохчийчохь Украине боьлхучу "лаамхошна" страховка а, кхо миллион сом ахча а лур ду олу, нагахь санна, тIамехь уьш лазийна хIума хилахь. Делахь а, кхелан практико гойту, тIамехь дакъалаьцнарш дукха хьолахь шерашкахь тIаьхьабевлла лела безаш хуьлу социалан ахча а, кхиндолу хьелаш а схьадоьхуш. Пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкахь хIинца а иттанашкахь кхелашкахь къийсамаш бу дIахьош 1990-чу а шарахь а, 2000-чу шерийн юьххьехь а Къилбаседа Кавказехь контртерроран операциш олучу конфликташкахь дакъалаьцначара бинчу латкъамашкахула.