Украинхойн таллархоша тептар хIоттийна болу Украинерчу тIамера кадыровхошна а, шайх лаамхой олучарна йукъахь а Росфинмониторинган террорхойн тептарера 14 стаг ву. Царах виъ хIинца а ву оцу тептарехь, кхин а цхьаъ гIадужу-баттахь дIаваьккхина цу йукъара, дуьйцу "Вёрстко".
Масала, тептаршлахь 54 шо долу Дукаев Iийса ву, Басаев Шемалан тобанахь дакъалаьцна хиллера цо Буденновскехь нах йийсаре лоцуш. Зорбанаша "долара чалтач" а, Басаевн "уггар уллора накъост а олура" цунах. 2002-чу шарахь Дукаевна 12 шо хан туьйхира.
Иштта шина а тептарехь Дулаев Ахьмад ву – аренан буьйранчан Гелаев Русланан тобанан декъашхо. Иза бехкево 2002-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчуьрчу Тарское эвлахь йийсархой луьйцуш тIелатар дарна а (бовда аьтто хилла церан), ГIалгIайчуьрчу Гелашки эвлахь 16 федералан эскархо вуьйш тIелатар дарна а. 2003-чу шарахь Дукуевна 13 шо туьйхира чохь даккха. Украинехь Дулаев кхалхарх лаьцна гезгмашин-баттахь хиира – дуьйцура, керла бехктакхаман гIуллакх долор ду аьлла кхерамашца хьажийнера и тIаме; иштта кхело тоьхна административан тидамбар а сацор ду аьллера цуьнга.
Низамехь йоцчу герзашца вовшахкхетараллина йукъахь дакъалацарна кхел йинера Арасханов Алхастана. 2011-чу шарахь пхи стеган тобанан декъехь кхачам боцуш теракт дIахьош дакъа лецира цо; виъ Соьлжа-ГIалахь вийра, тIаккха Арасханов полицина тIе вахара, ша динчунна къера а хуьлуш, цул тIаьхьа кхело кхоъ, ах шо хан туьйхира цунна набахтехь йаккха. Цуьнан дегIа тIехь Iазап латтийна хилар гойтуш ларш йу бохуш аьрзнаш дора цуьнан дас. ТIаьхьо Иркутскерчу ИК-4 колонехь хиллачу бунтехь дакъа лацарна кхин 4 шо хан туьйхира цунна. 2018-чу шарахь кхело цунна тIехь бархI шарахь административан тидам латтон, сацамбира.
Дагестанан Хасавюртан кIоштера вахархочун Идалов Алхастан хьокъехь кхелан сацамаш, йа бехктакхаман гIуллакхаш ца карийра "Вёрсткина"; Росфинмониторинган тептаре ваьккхинера и 2020-чу шеран чиллан-баттахь.
Охаев Лоьма ву 13 шо набахтехь даккха хан тоьхнарг, теракт йарна а, низамхочун дахарна тIекховдарна а артиклашкахула йинера цунна кхел. Кхелан сацам маца бина хууш дац, амма артиклан оцу кепара редакци 2008-чу шеран чакхене кхачалц лелаш йара. Росфинмониторинган тептаре Охаев 2011-чу шарахь йа цул хьалха ваьккхира, тIаккха кху шеран гIадужу-батте кхачалц лаьттира иза цу йукъахь.
Украинан тIеман министраллин ГУР-н тептарера кхин а исс стаг вара Росфинмониторинган тептарехь, амма тIахьо дIабехира уьш цуьнан чоьтера. Церан декъехь вара Украинехь вийна волу Биссамиров Шемал а.
- Хьалхо "Можем объяснить" зорбано билгалйехира Украинан тIеман министраллин ГУР-н тептарера масех эзар стеган цIерш – гучуделира, царах цхьаберш хьарамлонаш лелорна, нах байъарна, наркотикаш кечйарна, герз дохкарна, экстремизме кхайкхарна кхеле ийзийна хилар.
- Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой нуьцкъаха тIаме ийзабо бохуш, амма ницкъаллин хьукматийн белхахой хилла а ца Iаш, уьш тIаьхьабевлла нах а цхьана дIабуьгу. Масала, охан-беттан 9-хь меттигерчу пабликаша Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ваша тIаме хьажош видео арахийцира.