Брюсселера Альбертина майданахь дуккха а нах вовшахкхетта митинг дIайаьхьира чиллан-беттан 25-чохь нохчийн диаспорийн векалша. Барам хIоттийнера Сталина нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йина рогIера шо кхачарна а, иштта Украинан дуьхьал тIом болийна шо кхачарна а лерина. Европан кеп-кепарчу мехкашкара диаспорийн 200 гергга векал хилира цуьнан декъашхо.
"Депортацина леринчу иэсан митингехь къамелаш дира тайп-тайпанчу диаспорийн векалша – украинхоша, беларусаша, азербайджанхоша, гуьржаша. Иштта Австрера а, Германира а, Францера а, Финляндера а, кхечу мехкашкара а нохчий баьхкинера, царех дукхахболчара къамелаш дора депортацин иэс лардар коьрта хиларх а, Кремлан керлачу зуламех а лаьцна", - дийцина Кавказ.Реалии сайтана цу акцихь дакъалаьцначу къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан Австрера векало Дунаева Розас.
Митинган декъашхойн карахь йара Ичкерин, Украинан, Гуьржийчоьнан а байракхаш, тайп-тайпана плакаташ а. Цул тIаьхьа уьш дIакхийтира Украинерчу тIамна дуьхьал хIоттийначу юкъарчу маршах.
Барам вовшахтоьхначийн лараршца, оцу маршехь дакъалецира 10 эзар сов стага. "Путин, жоьжахатахь вага хьо", "Сацавейша Путин - сацабейша тIом", "Украинас толам боккхур бу – демократи тоьлар ю" тIе йаздина плакаташ дара церан карахь, лоькхура Украинан гимн а, халкъан иллеш а.
Нах вовшахтоьхна марш хIоттийначу украинхойн юкъараллийн Promote Ukraine организаци кхоьллина Барандий Мартас тIеийцира нохчийн диаспора, цо дош делира Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадна а, нохчийн юкъаралхочунна Албаков Шемална а.
Вовшахкхетар дерзош депоратацихь белларш дагалоцуш барам дIабаьхьира лаьцначу хIусамчохь. Массо а этапашкахь бIенна тIера шина бIене кхаччалц нах бара цигахь дакъалоцуш, дийцина Кавказ.Реалиица къамел динчо.
- Депортаци хиллачу чиллан-беттан 23-чохь нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашна Сталина депортаци йина рогIера шо кхачарна лерина ши митинг дIайаьхьира Парижехь. Цхьана митингехь дакъалаьцна нохчийн диаспоран векалша, вайнахана репрессеш йар цхьаьнатуьйхира Оьрсийчоьно Украинана йинчу агрессина дуьхьал хиларца а юзуш, цунах дIакхийтира украинхойн жигархой а. Иштта чиллан-беттан 23-чу дийнахь нохчийн диаспоран акци хилира Венерчу ООН-н офисна хьалха. Иза вовшахтоьхнера къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан Австрерчу векалто.
- Цул совнах тезетан барамаш ГIалгIайчохь а хIиттийра Наьсаран иэсан Мемориална хьалха а.
- Сталина депортаци йечу хенахь Iовхойн кIоштара бохийначу нехан цIенош юхадерзаде аьлла, тIедожийна Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Цунах лаьцна дIахьедина цо, I944-чу шарахь нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йарна леринчу тезетан барамехь.
- 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа куьйгалла а деш, омра арахийцира Къилбаседа Кавказера нохчашна а, гIалгIашна а Казахстане депортаци йеш, ткъа ши де даьлча йолийра "Чечевица" операци. Шайн хIусамаш дIатийса декхаре хилира ахмиллион гергга вахархо. Чиллан-беттан 23-чохь билгалдоккхуш ду и де, оцу дийнахь белларш дага а лоьцуш.
- Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира II къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш.
- 2004-чу шарахь Европарламенто резолюци тIеийцира, нохчашна йина депораци геноцидан акт дара аьлла.