Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин батальонан тIемалоша дIакхайкхийна "диверсин операцеш" йолорах

Украинехьа тIемаш бечу нохчийн декъан тIемало, гайтаман сурт

Украинехьа тIемаш бечу нохчийн Къаьстинчу батальонан (ОБОН) командиро Ажиев Рустама дIахьедина Оьрсийчохь диверсиш лелор дIадолийна шаьш аьлла. "Нохчийн Ичкерия республикан йозуш йоцу территореш" цара маьрша йаххалц диверсин операцеш совцор йац шаьш аьлла, дIакхайкхийна цо. Марсхьокху-баттахь аьтто хилира цуьнан тобанан Белгородан кIошта а кхаьчна, мел лахара а, кира кхоьхьу тIеман цхьа машен хIаллакйан.

Ажиевн а, Ичкерин "Борз" аьллачу лерринчу декъан а "Ансар" цIе йолчу командиран а кхайкхам шен агIонехь зорбане баьккхина Ичкерин арахьарчу Iедалан вице-премьеро Солтыханов Iелим-Пашас.

Цо дIахьедина, Ичкерин тIеман таллархойн дакъа "Оьрсийчоьнан кIоргене" кхачьна, ткха бина кхайкхам дIайазбина Белгородан кIоштан дозана тIехь "гIали чохь тIемаш болабалале" аьлла. Оцу видеоца информаци тIечIагIйойла дац – ролик дIайазйина варданан некъа тIехь, жимачу хьуьнан асанехь, бетонан керта хьалха а.

"Тхан латтанаш дерриш а, тхан Нохчийн Ичкерия республикин бозуш боцу мохк а цара маьрша баккхалц, бертаза Оьрсийчоьнан набахтешкахь латтош мел болу нохчиий цара арахеццалц, оха диверсин операцеш дIахьур йу. Тахана хIара Кремлан гIера фейкан харжамаш дIабахьа хьийза – ткъе итт шо хьалха а санна шаьш харжамаш бу аьлла дIа ма баххьара, нехан латтанаш схьадохуш, шайн боьха амбицеш кхочушйеш", - дIахьедо видео тIехь "Борз" декъан командиро.

Ажиевн а, "Ансаран" а тоба "Оьрсийн лаамхойн корпусца" цхьаьна ВСУ-н интернационалан легионан йукъа йогIуш йу, цундела цхьана агIор бен тIемаш "шеко йоцуш вовшашца дагабуьйлуш" бо цара, ишта украинхойн тIеманг ницкъашца а, билгалдаьккхира Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь Солтыхановс.

ЧРИ-н ОБОН-н тIемалойн дIахьедарх лаьцна цкъачунна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьлла дош дац, Солтыхановн дешнашца, Белгородан кIошта чуйахначу тIеман таллархойн эскархошна дуьхьалкхетта йац Кадыровн батальонаш. Товбеца баттахь Ажиевн тобано кхиамца рейд дIайаьхча, Кадыровс дIахьедира, диверсанташ катоьхна Оьрсийчуьра арабевлира, ахматовцаш цига бахка новкъабевллий хиъча аьлла. Билгала ду оцу рейдехь дакъалоцуш Ичкерин лидерийн воIарий а хилар, Закаев Шемал а цхьаьна.

  • 2011-чу шарахь Туркойчу дIавахначул тIаьхьа Ажиевс, Шишани Iабдул-Хьаькам а ву иза, куьйгалла дира, шеца Шемахь Асад Башаран эскаршца а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан гIаттамхошца а 2017-чу шеран гIадужу-батте кхаччалц тIемаш беш хиллачу "Аджнад Аль-Кавказ" тобанан. 2022-чу шеран гурахь Ичкерин министрийн кабинетан куьйгалхочо Закаев Ахьмада хIоттийра Ажиев Нохчийчоьнан Ичкерия республикин тIеман ницкъийн командир.
  • Зазадокху-беттан 14-чохь хаамбира Белгородан кIоштара Сподарюшино эвлахь "диверсин-талламхойн тобанашша" тIом барх.
  • Суйранна Оьрсийчоьнан тIеман блогерша хаамбира, Белгородан кIошта чубахка гIортарх йуха а. ЧIагIдора, украинхойн эскархоша Оьрсийчоьнан дозана тIера Козинка эвлахь вертолетан десант охьахаийна аьлла. ТIаьхьа Белгородан кIоштан Iедалхоша дIахьедира, Оьрсийчоьнан дозана тIехь украинхойн эскархой бац аьлла. Билггал Козинкехь хиллачух хууш дац.
  • Карарчу хенахь къаьстина, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.