Украинехьа тIемаш бечу нохчийн Къаьстинчу батальонан (ОБОН) тIемалоша диверсин операци дIайаьхьна Белгородан кIоштахь, хаамбина Кавказ.Реалиин сайте оцу батальонна гергарчу хьасташа.
Хьалхо зорбане йаьккхинера операци дIахьош йаьккхина видео. Оцу тIехь нохчийн маттахь къамел дечу эскархоша герзаш детта "Z" элпаца кабини тIехь билгало йинчу салтийн машенна, хаьхкина йогIу иза диттах кхетий, соцу. Цул тIаьхьа йуха а герзаш детта цунна тIе. Товбеца-беттан 17-чохь хIара видео йаржийна Украинан ТIеман ницкъийн талламхойн Коьртачу урхалло.
"Нохчийн тIемалоша оьрсийн оккупанташца тIом кхин а дIахьош бу, украинхойн а, нохчийн а къаьмнаш Iалашдеш", - дIахьедира урхаллехь, маца, стенгахь, мича Iалашонца, муьлхачу декъо кIело йинера къаста а ца деш.
Кавказ.Реалиин сайтан хьасто дIахьедира, "ши-кхо де хьалха" йина диверси йу иза, амма ца дийцира стенгахь вовшахтоьхна йара иза. Карти тIехь кIело йина хила тарлун меттиг гайтира цо – Белгородан кIоштара Никольское, Ясные Зори, Нечаевка, Зиборовка эвлаш. Оцу зерашца диверси йина хилла меттиг билгалйоккхийла дац.
Кхечу хьасташкарчу информацица, диверси йина товбеца-беттан 15-чохь Середа эвлана уллохь, герзаш диттинчу машенчуьра ши эскархо вийна.
- Украинехь шуьйра тIом болийчхьана дозанехь йолчу Белгородан кIоштахь сих-сиха тохарш до. БIаьста жигардаьхнера герзаш деттар, диверсин "Оьрсийн лаамхойн корпусан" а, "Оьрсийчоьнна Маршо" легионан а диверсин тобанаша йолийра герзашца рейдаш.
- Мангал-баттахь хаамбора, Белгородан кIошта дехьадахарх Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра тIеман дакъош. Кеп-кепарчу хьасташа дийцарехь, кадыровхоша дIалийцира украинхойн дозана дехьара позицеш – салтийн баккъаш тIехьара.
- Украинехьа тIемаш беш йу Нохчийн Ичкерия республикан агIончех лаьтта масех лаамхойн батальонаш, царех цхьадолу дакъош официалехь Украинан ТIеман ницкъашна йукъадогIуш ду.