Украинера маьршачу гIаланашна бомбанаш йеттар нийса лерина Кадыровс

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана нийса лерина Украинан гIаланашна гIадужу-беттан 10-чохь дина ракетан тохарш. Официалехь Оьрсийчоьнан тIеман министралло бомбанаш тохарх лаьцна йина комментарий яц хIинца а.

Телеграм-каналехь зорбане даьккхинчу шен дIахьедарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо сийсазвеш бехкевина Украинан президент Зеленский Владимир сепаратистийн "ДНР" а, "ЛНР" а меттигашкахь тохарш дарна, кхайкхамбина цуьнга пачхьалкхера дIагIо "Малхбузен агIонехьа" аьлла.

Ша хIинца "бIе процентана реза ву" аьлла, тIетоьхна Кадыровс леррина операци дIаяхьарна (иштта олу Оьрсийчохь официалехь Украинаца болчу тIамах. – Билгалдаккхар.).

Оршотан Iуьйранна Оьрсийчоьнан тIемалоша мел лахара а бIе тохар дира ракеташца а, дронашца а Украинан яккхийчу гIаланашна а, йоллу кIоштийн меттигашна а аьлча санна: Киевна, Харьковна, Одессина, Днепрна, Львовна, Запорожьена, Кривой Рогна, Николаевна, Винницана, Ивано-Франковскана, Тернопольна, Кропивницкийна (Кировоград), Житомирскан кIоштана а.

Оьрсийчоьнан эскархой гIоьртира инфраструктурин гIишлош йохон, иштта энергомашана зенаш дан а. Билггал маса ву лазийна-велла цкъачунна хууш дац.

  • ГIадужу-беттан 8-чохь, аннекси йина ГIирма Оьрсийчоьнан Краснодар-махкаца юзуш йолчу Керченскан (ГIирмин) тIай тIехь иккхира йоккха машен. Ягон коьчал чохь йолу поездан ворхI яй бегира. 3 стаг велира. Ах тIай чудоьжнера. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира бехкейира Украинан къайлаха сервисаш эккхийтар дарна.
  • Оцу дийннехь Украинерчу тIамехь Вовшахтоьхначу эскарийн буьйранча хIоттийра армин генерал Суровикин Сергей. "Медузан" хаамашца, инарла ву дуккхаъ ракетийн тохарш даран агIонча.
  • Кадыров Рамзана гIадужу-беттан 1-чохь бехкевира Коьртачу тIеман гонийн инарла-майор Лапин Алексндр, украинхойн Лиман гIалара Оьрсийчоьнан эскарш юхадовларна. Цо бахарехь, тIеман хьаькамо "ЛНР" аьлла, дIакхайкхийна меттиг Iалашъян хьовсийнера мобилизаци йина эскархой, ткъа ша эскаршна 150 километар генахь "хиина Iаш хиллера" штабехь, "элементаран тIеман логистика" вовшахтоха ницкъ а боцуш.
  • Цул хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо бехкбаьккхира Оьрсийчоьнан армигара Харьковн кIоштара юхабевлча. "ГIаланаш дIаяларна со тIекхуьуш вац, хIунда аьлча, ца хаьа хIун стратеги яра тIеман министралло кечйинарг", - элира цо, латкъамбира, украинхойн эскарш тIелетачу хенахь Оьрсийчоьнан Iедалша "хIуммаъ ца дийцира, дIа а ца хьедира, массарна а гуш доллушехь" аьлла.
  • Товбеца-беттан юьххьехь Кадыровн телеграм-каналехь Зеленсикийн сий дойъуш пародиш гучуехира. Хьалхарчу ролика тIехь Украинан президентан вастехь волчу кхайкхинчу актеро куьйгъяздо "капитуляцин актана", шолгIачу видео тIехь – кара а вогIий, Кадыровн резиденци воьду, кхозлагIчу видео тIехь иза гойту кадыровхоша герзаш деттачу меттигехь.