Украинерчу тIамца доьзна ГIалгIайчоьно 2022-чу шарахь доьхкинчу ахчанан барам бу 150 миллион сом. Доккхачу декъанна и ахча хьажийна эскархойн доьзалашна гIоьнна, шайлахь байинарш, лазийнарш, мобилизаци йинарш болуш, иштта эскархошна оьшучунна а.
Цунах лаьцна хаамбина регионан урхаллин пресс-гIуллакххоша, махкарчу финансийн министраллина тIетевжина. Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан Конституцица а догIуш, доллу тIеман хеттарш федералан центран долаллехь ду, цундела федералан бюджетера кхачон дезаш ду ахча.
Стохка лахьан-баттахь юхалистинчу шеран бюджетан дефицитан доьалгIа дакъа бохург санна барам бу билгалдаьккхинчу ахчанан, республикан бюджетера мел оьшучунна духкучу ахчан 0,3%.
Оцу юкъанна, марсхьокху-баттахь "Фортангас" хаамбира, тIамца доьзначу хьашташна дойуш долу ахча Covid-19 пандемин муьрехь хала бохкучу доьзалашна аьлла кхоьллинчу ГIалгIайчоь кхиоран Къоман фондан ахча ду аьлла. Цул совнах, ресурсан хаамашца, эскархойн доьзалашна гIо латтадо иштта меттигерчу Iедалша а - шайн бюджеташкара.
- 2022-чу шеран жамIашца ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта Балкхаройчоь, Нохчийчоь нисйелла Оьрсийчоьнан уггар а гIад дайначу итт мехкашлахь, регионийн пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло хIоттийначу рейтингехь. Оцу тIехь мах хадийна бахархойн дахаран а, социалан-экономикан хьелийн а, белхан меттигийн а, иштта кхин дIа болчу барамашца а.
- ТIом болабелчхьана бахархошна тIедогIу рицкъ лахделллачу Оьрсийчоьнан регионийн тептарехь коьртехь нисйелла ГIалгIайчоь – Камчаткица и меттиг йекъна цо. Иштта тIебогIу пайда лахбалар къаьстина Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а.
- Дозанал арахьара чукхоьхьу хIума лахйалар, гIуллакхийн жигаралла сацар, бахархошна дойу ахча юхаозор, тIетIаьIIина нах пачхьалкхера дIаэхар, тIамтIехь эзара болх бен хан йолу божарий кхалхар – Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан экономикана йитинчу тIаьхьалонех ду и дерриг а. Кавказ.Реалии сайте дийцина эксперташа, ресурсаш йолуш, кхиаме индустри йолчу регионех къаьстинчу Къилбаседа Кавказан республикашна тIамо бен болчу Iаткъамех.