"Евроичкерийхошна" критика йеш, Украинера тIом бакъбархьама пайдаэцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Швецихь КъорIан дагорах. Кхул а цхьа де хьалха дийца даьккхира, Ростовн кIоштара дешархой хьиджабаш лелорна юкъарабаьхна аьлла, царлахь нисбеллера Нохчийчуьра мехкарий а – и хаам тергамза битинера Кадыров Рамзана.
Швецин Стокгольмерчу Туркойчоьнан векалтна хьалха шоьтадийнахь хIоттийна акци вовшахтоьхнера ультра аьтту агIорчу политико Палудан Рамсуса, Stram Kurs ("Шога курс") цIе йолчу датхойн ислмана дуьхьал йолчу Центран хьалханчас. Бараман Iалашо ю аьллера Туркойчохь маршо къовларна дуьхьал къийсамбар. Акци йоьдучу юкъанна Палудана дагийра КъорIан.
Туркойчоьно официалехь йемалйира акци, оцу тIехула шведахойн тIеман министрна Хонкара вар дихкира, иштта бехкейира Стокгольм, Швеци НАТО юкъаэцарх лаьцна хьалхо дина дийцарш дохорна а. Ультра аьтту агIонан жигархоша КъорIан дагорна бехкбаьккхира иштта дуккхаъчу кхечу бусулбачу пачхьалкхаша а, иштта СаIуда Iаьрбийчохь а, Урдунехь а, ГIажарийчохь а, Кувейтехь а.
Швецин арахьарчу гIуллакхийн министро дIахьедина махкахь дешан маршо ю, амма Iедалхоша массо а хIума къобалдо бохург дац иза аьлла. Стокгольмехь хиллачо юьхьIаьржа хIоттийначу премьер-министро Кристерссон Ульфа догэцна бусулбачийн.
"Оьрсийчуьра бусулбанаш барам боцуш оьгIазбахна рогIера Швецихь хиллачу маьттазаллина", - дIахьедина Оьрсийчоьнан бусулбачийн Динан урхаллин куьйгалхочун гIовса Аббясов Рушана, "менталехь телхина хилар а, эхь-бехк доцуш хилар" а дIагайтар ду аьлла Стокгольмехь хилла акци.
Цул тIаьхьа Туркойчоьнан векалтна хьалха КъорIан дагорах лаьцна шена хетарг элира Кадыров Рамзана а. Тоьшаллаш доцуш Швецин Iедалхой бехкебира цо, акци цара "ахча делла" хIоттайайтина йара аьлла. Оцу тIера волавеллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо НАТО-на критика йира, "иблис кхуллу" аьлла, тIеман цхьанакхетаралла бехкейеш, цуьнца кхетийра цо Украинана дуьхьал болийначу тIамах а. Иштта цо бехкбиллина тапъаьлла Iачу "евроичкерийхошна" а. Оцу кепара бистхилира Кадыровн уллорчу гонера хьаькамаш а цхьана.
Билгалдаккха догIу, Стокгольмехь акци хилале цхьа де хьалха яздора Ростовн кIоштара медицинан колледжера хьиджабаш лелон зудабераш дIадаьхна доьшийлера аьлла. ДIабаьхначу студенташлахь дара Дагестанера а, Нохчийчуьра а зудабераш. Цунах лаьцна цхьана а агIор дош ца аьллера Кадыровс.
- 2022-чу шеран гIуран-баттахь китайхойн, ингалсан а, Iарбойн а меттанашкахь видео зорбане йаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, бусулбачу дуьнене кхайкхамбеш, НАТО-на дуьхьал довла аьлла.
- Кавказ.Реалиин редакцино тергойира Украинера тIом болабелчхьана муха хийцалора Кадыровн риторика хьожуш: "Киевна штурм йоло омра де" бохучунна тIера Оьрсийчоьнан тIеман министраллина критика йарна а, зарратан герзах пайдаэца бохуш, провокаци лелорна а, маьршачу гIаланашна тIе бомбанаш йеттар къобалдарна тIекхаччалц.