Украинан дозанаш тIехь тIемаш а бина, цIа баьхкинчу Оьрсийчоьнан бахархоша вийна, лазийна хIинцале а ши бIе гергга вахархо, йаздо оьрсийн Собода Радионо, "Верстка" хьастано динчу лараршна тIетевжина.
Хаамийн гIирсийн хаамашца, тIом болабелчхьана цIа баьхкинчу эскархоша мел кIезиг а 84 зулам дина нах а бойъуш. Цара лелийнарг бахьана долуш вийна 107 Оьрсийчоьнан вахархо, бIе сов ву чолхе чевнаш йинарш.
Кхузахь дуьйцуш ду бакъоларйаран органаша официалехь билгалдаьхна зуламаш, царна бехкевина 176 эскархо, царех 91 – гечдина тутмакхаш бу.
Билгалдоккху, зорбанашка баьккхинчу 134 кхелан сацамашкахь шинахьа-кхаанхьа таIзар кIаддина тIамехь дакъалацар дIа а лерина.
- Йеарин дийнахь Украинан Херсонан кIоштахь оккупаци йинчу дозанаш тIехь лаьцна Оьрсийчоьнан ши эскархо Осипов Александр а Кайгородцев Александр а. Цара даредина Подо-Калиновка, Абрикосовка йарташкахь шаьш виъ стаг вийна аьлла. "Коммерсантан" хаамашца, лецнарш гIуллакх деш хилла 144-чу бригадехь, ткъа зулам дина хила тарло цара къаьркъа меллачохь. Иштта хаамбо, Кайгородцев тоххара стаг верна а, бакъо йоцуш наркотикаш лелорна а кхел йина ву аьлла,