Украинера тӀаме хьажийначу нохчийн латархочо Якубовс "тIеман хьалхера"сурт хIоттийна. Луганскехь даьккхина ду и

Якубов Ильяс

Терроризм бакъйарна бехке а вина, Москвахь лаьцначу Нохчийчуьра ММА-н латархочо Якубов Ильяса зорбане даьхна "Шторм" олучу эскариийн духар доьхна суьрташ. Хьалхо Украине тӀаме хьажор бахьана долуш, цуьнан бехктакхаман гӀуллакх йухадаьккхинера. Цо зорбане даьхна суьрташ тIаман бӀе километар генахь йолчу Луганскехь даьхна хилар гучудаьлла Кавказ.Реалии сайтана.

"Леррина тӀеман операцин меттигера" (Оьрсийчохь официалехь иштта олу Украинехь боьдучу тӀамах) Якубовн суьрташ зорбане даьхнера лахьан-беттан 5-чу дийнахь цхьа могӀа спортан йукъараллаша – уьш дерриш а инстаграмера ilyas_yakubov_shali ник йолчун аккаунтера схьаэцна ду. Карарчу хенахь цу агӀонна тӀера берриг а чулацам дӀабаьккхина, амма Къилбаседа Кавказера дуккха а ММА латархой хӀинца а бу цу агIоне йазбелла.

Зорбане даьккхинчу цхьана суьртехь Якубов шен доттагӀчуьнца машенахь хиъна Ӏаш ву, кхечу суьрташ тӀехь санна тӀеман барзакъ а доьхна. ТӀехьа гуш йу "Чайханан" логотип. Кавказ.Реалиин корреспондентана интернетехь карийна цунах терра цхьана гӀишлонан фасадера сурт. Йуьйцург йу дӀалаьцначу Луганскера номер 54 йолчу Советская урамера ресторанан аьхка хIума кхоллу арахьара меттиг. ГIишлонан логотипаш а цхьатерра йогIуш йу - билгалдоккху, хӀора гӀалахь тайп-тайпана йу уьш.

Луганск Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъаша Ӏуналла деш йу 2014-чу шеран гурахь дуьйна. Карарчу хенахь цуьнгара Часовой-Ярехь уггаре гергарчу тIеман могӀанна тӀекхаччалц йукъ йу 100 километр сов.

ГIадужу-бутт чекхболуш хиира Якубовн бехктакхаман гӀуллакхехула сацийна хилар. Юьхьанца цунна бехке диллира терроризм бакъйар, нохчийн буьйранчин Басаев Шамилан аз дӀайаздина видео зорбане йаккхарна. ТӀаьхьо и бехкан артикал хийцира "хьагӀ-гамо а, мостагӀалла а кхоллар" аьлла – хIунда аьлча, "террорхойн" бехкашца шеконаш йолу нах Украинехь тӀаме хьажо йиш йац.

  • Якубов Нохчийчуьра Шела гӀалара ву. ПаргӀат кепехь латарехь Шелан кӀоштан чемпион а, тӀеман самбо спортан мастер а, панкратионехь Москван Кубок йаьккхина а ву иза.
  • Украинерчу тIаме ваха лаам бу шен аьлла нохчех схьаваьллачу ММА-н латархочо Ильясов Якъуба дIахьедарх хаамбира Mash телеграм-канало. Хьалхо латкъам бира цо терроризмана тIехула шен гIуллакх листар дIадахдина аьлла. Ичкерин тIемалойн командиран Басаев Шемалан аз тIехь долу ролик шен агIоне хIоттийна аьлла, бехктакхаман гIуллакх долийнера цунна дуьхьал.
  • Басаев Нохчийчоь маршонехьа къийсам латточу хьалханчех цхьаъ вара. Дуьххьарлера федералан эскаршна дуьхьал тӀом боьдуш (1994—1996 шерашкахь) цо дӀалаьцнер Ичкерин премьер-министрна хьалхара гӀовсан дарж, ткъа шолгӀачу тIамехь (жигара муьрехь 1999—2000 шерашкахь) — вице-президентан дарж. Басаевс Оьрсийчохь цхьа могӀа теракташ йина, шайна юкъахь Буденновскера дарбан цӀа схьадаккхар (1995 шо), Дубровкехь театран центрна тӀелатар дар (2002 шо), Бесланера школа схьаяккхар (2004 шо) долуш. 2000-гӀа шераш дуьйлалуш Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин дуьненаюкъарчу террорхойн тептаре йазвира иза, Оьрсийчоьнан а, США-н а, Европан Бертан а къоман тептаршка а. Басаев вийна 2006-чу шарахь ГӀалгӀайчохь машенна эккхийтар а дина.