"Новые горизонты" марафонехь дешархойн а, студентийн а хеттаршна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуьххьара официалехь довзийтина Украинан дозана тIехь долчу махкарчу дакъойн терахь.
"Тахана вайн цигахь…вайн бераш кхо эзар гергга ду. Селхана схьаяьккхина цара масех нах беха меттиг, тахана шолгIачу тобано меллаша цIанъеш ю Луганск а, Донецк а. ТIеман практика ю сан – дуьххьара [вайн] гIалаташ дара, жимма кхачамбацарш а дара, амма хIинца 100% планаца доьлхуш ду вай. Хьал паргIат ду", - аьлла Кадыровс йоьдучу эфирехь. Цуьнан дешнаш далийра нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало.
Украинана дуьхьал тIамехь дакъалаца хьовсийначу кадыровхойн а, шайн лаамехь бахначийн а цIераш тIехь йолу тептар зорбане даьккхина ши де хьалха Украинан тIеман министраллан талламан урхалло. Цу тIехь билгалваьккхина 2 425 стаг. Мехкан бахархой хилла ца Iа уьш, бу цаьрца кхечу регионашкара бахархой а цхьана. Хаамбо, царех 100 нохчийн бIахо вийна, 300 гергга лазийна, кхин а 60 "ведда" аьлла. Иштта журналисташа къастийра, цхьаболу "лаамхой" хьалхо шогачу Iедалан къепешкахь талораш, хьарамлонаш лелорна а, нах байарна а, наркотикаш кечъярна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, экстремизмана кхайкхамаш барна а таIзар дина хилар.
- Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацехь дIахьедира, Украинан дуьхьал тIаме ца баха, шайга гIо доьхучу Нохчийчуьра бахархошкара хаамаш совбийларх. Организацин дIахьедарехь дуьйцу, шаьш Украине тIаме дахийта кечдеш ду, Оьрсийчуьра арадовлуш гIо дахьара бохуш, иттаннашкахь бахархошкара кхочучу хаамех. Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIаме хьийсабо, оцу юкъанна, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, Iедалхой тIаьхьабевлла лела нах а цхьана.
- Кадыровс хьалхо дIахьедира, Гуьмсерчу спецназан университето хIора кIиранах "кечво 200 гергга "лаамхо", буьйцурш Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нах а цхьаьна хилар билгалдоккхуш. Талламхойн Conflict Intelligence Team тоба кхоьллинчу Левиев Руслана Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира, Гуьмсерчу центрехь кечамбар кхачо йоллуш ду олийла дац аьлла.
- Кавказ.Реалиин хьостан информацица, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 60 гергга. Редакцина евзаш ю 16-ннан цIераш. Зазадокху-беттан 1-чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъдира шиннан кхалхар – Тарамов Iабдулбекан а, Исаев Тимирланан а. Охан-беттан 7-чохь "Чечня Сегодня" агенталло яздира, регионера кхин а ворхI бIахо кхалхарх: лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев Шахрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек а, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам. Кавказ.Реалиин хьосто бинчу хаамца, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 60 вахархо.