Украинхойн эпсарна тIехь Iаржъелла меттиг хиларна бехк цабиллар дехна Кадыровн гIоьнчас

Украинан дозана тIехь йохийна гIала, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIоьнчас Алаудинов Аптис бехк цабиллар дехна, Северодонецкерчу цхьахволчу йийсаре лаьцначу эпсаран бIаьргийн кIелонаш Iаржъелла хиларна.

"Иштта нисделла, бертахь карадуьйла аьлча, ла ца догIарна", - аьлла Алаудиновс.

Шен постехь йинчу комментарехь Кадыровс билгалдаьккхина, "бехзказавийла хIума дац" аьлла.

"Вайна массарана а хууш ду, йийсархочун бIаьргийн кIелош ларамза Iаржъеллий, гоне ерзийначу гIишлочуьра араволучу хенахь кагтухучунна тIе нисвелла хилла. Хьаьнцца а хила йиш ерг ду и. Зуда ялаяле дIайоьрзур ю", - яздина мехкан куьйгалхочо.

  • Британино а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а тоьхначу санкцийн тептаре баьхначарлахь ву полиицн инарла-майор Алаудинов Апти. Иза бехкево, Нохчийчохь ЛГБТ-юкъараллан векалшна тIаьхьаваьлла леларна.
  • Луганскан агIонехь жоьпалла Алаудиновна тIехь ду олу Кадыровс.
  • Стигалкъекъа-беттан 30-гIа – Украинехь тIом боьду 96-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскарша дIалаьцна ю Лиман гIала, Северодонецкехь беш тIемаш бу. "ТIаьхь-тIахьа кхиамаш" бохуш ю Оьрсийчоьнан арми, дуккха а зенаш хиллехь а, дIахьедина Пентагоно.