Украинин Iедалхоша дIахьедина кадыровхоша герзаш деттарх. Маьрша ворхI вахархо велла

Мариуполера кадыровхой, 2022 шо

Украинера Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь марсхьокху-беттан 11-чохь кадыровхошна а, оккупаци йинчу Оьрсийчоьнан тIеман комендатурин белхахошна а йукъахь герзаш деттар нисделла, дIахьедина Мариуполь гIалин мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Цо бахарехь, шаьш эскархой белла ца Iаш, маьршачу бахархошлахь ворхI стаг а велла. Нохчийчоьнан Iедалхоша и хаам "фейк" йу аьлла.

Украинхойн Iедалхойн версица, кадыровхой, уьш маса стаг хилла дуьйцуш дац, Урзуфе баьхкинера садаIа – Азовн хIордайистехь йу и эвла. ТIеман комендатурица дов даьлла хиллера церан.

"Вовшийн погонаш схьайаха буьйлабеллера уьш, тIаккха герзаш диттира цара", - йаздо Андрющенкос.

Беллачу маьршачу бахархошлахь, хьаькамо бахарехь, ши йоI-кхиазхо хилла, виъ жимстаг, йоккхо цхьа зуда а. Маса эскархо кхелхина а хууш дац. Оцу эвлахь "карантин" йу хIоттийна, чIагIдо украинхойн Iедалхоша – схьагарехь, дуьйцург ду – хиллачух лаьцна меттигерчу бахархошна цунах лаьцна машанехь дийца цамагор.

Иштта Андрющенкос пхеа секундехь ролик хIоттийна, цу тIехь гуш йу герзаш тоьхна некъан йистехь оьрсийн ши машен, герз а, мел лахара а вийна ши стаг, цу шиннах цхьаъ тIеман барзакъца ву. Уьш бовзийла дац.

Нохчийчохь хилларг бакъ ца до. Украинхойн Iедалхойн хаам "фейк" йу аьлла зорбанан министро Дудаев Ахьмада, цо дIахьедина, "нохчийн халкъан цхьа а векал дуьйцучунна гунахь вац" аьлла. Оцу йукъанна, герзаш кхийсар харц ца до цо.

  • Стохка оханан-бутт бовш Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне йерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш йацар а.
  • Оккупаци йинчу Мариуполера лечкъийначу телефонийн долахоша пеленгатор хIоттийнера шайн гаджеташна Нохчийчоьнан шахьарарчу электроникан туьканахь. Меттигерчу бахархошкара нуьцкъаша схьайаьхнера уьш кадыровхойн дакъоша, хаамбинера украинхойн Iедалхоша.
  • Москвара латархойн "Ахмат" клубан куьйгалхо, Нохчийчуьра схьаваьлла Дадашов Iалаш долахо хилира оккупаци йинчу Мариуполера шина компанин. Дадашов воьзна ву Нохчийчоьнан вице-премьерца Висмурадов Абузайдаца а, нохчийн сенаторца Геремеев Сулейманца а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамца а.
  • ГIуран-бутт бовш аннекси йинчу ГIирмехь лецира Ибрагимов Хьасан, цигарчу ресторанехь летарна. Кадыровн гонера ву иза, оккупаци йинчу Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь цуьнан "векал" хIоттийнера иза. Журналистийн хаамашца а, видеокамераша дIайаздинчуьнца а къаьстина, ресторанехь шен дотатгIашца хIума кхаьллинчул тIаьхьа урамехь цхьана йоьIан кочавахнера иза. Цуьнгахьа гIо даьккхинчу цуьнан везарна йиттинера масех кадыровхочо.