Кху дуьнентIерчу адамийн кхоалгIа дакъа авторитаран Iедалийн бала хьоьгуш ду

Iамерка -- Еарин дийнахь Вашингтонехь Пачхьалкхан департаменто кечдина дIахаийтар довзуьйтуш вист хилира Iамеркан Пачхьалкхан секретар Керри Джон, Чилл 27, 2014

Даханчу Еарин дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан департаменто довзийтира ша кечдина кху дуьнентIехь адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна дIахаийтар. Цу тIехь Цхьаьнатоьхначу Штаташа емал до авторитаран пачхьалкхашкахь шайн ницкъ чIагIдбан а, кхин ойла йолу нах охьатаIон а кхерамазаллин ницкъех пайда оьцуш хилар.
И документ 2013 агIонах латташ ду. Цу тIехь дуьйцуш ду Iедалша ницкъах пайда эцар лазаме хир ду иза лелочу пачхьалкхашкахь кхерамазалла хиларна а, экономика кхиарна а аьлла.

Еарин дийнахь Вашингтонехь дIахаийтар довзуьйтуш Iамеракан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона элира :

Керри Джон: "Къоман кхерамазаллица проблемаш а йолуш вайна гуш йолу меттигаш ю цигарчу Iедалша цхьана а кепара шайн махкахойн бакъонаш ларйеш йоцу меттигаш".

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто кечдинчу дIахаийтарца а догIуш, Украинера Шема кхаччалц а, Бирмера Венесуэле кхаччалц а жоьпе озо безаш бу бехкенаш
адамийн бакъонаш йохош хиларна, демократи хIоттош кхиам хилийтархьамма.

Керрис дийцарехь, тIеман ницкъах пайда эцар уггаре а лан мегар доцуш дара Шемахь. Цигахь президентан Ал-Асад Башаран режимо зарин олу дIаьвше газ а хецна алссам адамаш дайира стохка Марсхьокху-баттахь.

Йеменехь а, Тунисехь а, Бирмехь а, Украинехь а хуьлург дуьйцуш Керрис элира, адамийн бакъонаш йохош йолчу пачхьалкхашкахь Iедалша шаьш боху нах шайна дуьхьал аьлла.

Керри Джон: "Украинехь, тахана вайна гуш ма хиллара, кху тIаьхьарчу деношкахь иттаннаш эзарнаш нах арабевлира урамашка юха а дIагайта махкахь уггаре доккха Iедал халкъ хилар. Цара доьхург дара демократин харжам бар а, халкъо терго еш долу Iедал кхоллар а.

Уьш дIахIиттира тхевнаш тIера шайна тIе тоьпаш етташ снайперш боллушехь, шайн дахар дIадала кийча бара уьш шайн ах хазийта".

Iамеркан Пачхьалкхан департаментан дIахаийтар гучудаьлла Массо а адамийн бакъонийн деклараци тIеэцна 65 шо кхачар кху дуьнентIехь дагалоцуш а долуш. Цу документаца а догIуш дерриг а адамаш кхаа декъе декъча царах кхолагIа дакъа авторитаран Iедалш долчу пачхьалкхашкахь дехаш хилар.

Цу тIехь иштта дуьйцуш ду дIакхайкхийна цхьа низамаш а долуш, амма дахарехь уьш лелаш а доцуш балахьооььгуш хилар дуккха а кху дуьнетIехь деха адам.

Iамеркан Пачхьалкхан департаментан дIахаийтарехь билгалдоккхуш ду адамийн бакъонаш ларъярца Къилбаседа Корейхь долу хьал хьалха санна чолхе дуьсуш хилар. Цигарчу Iедалша, кхел а ца еш, дойуш ду адамаш, лар йоцуш бойуш бу нах, цхьа а бахьана а доцуш дIалуьйцуш а, къиза хьийзош а бу шайн махкахой.

Кийтахь Iедалша хьийзош бу адамийн бакъонашкахьа а, дешан маршонехьа а къуьйсуш болу нах. Цул сов, репрессеш ловш бу Тибетера бахархой а, бусулба уйгураш а аьлла ду дIахаийтар тIехь.

Iамеркан пачхьалкхан департаменто кечдинчу кехат тIехь дуьйцуш ду Оьрсийчохь Iедалшна критика еш болу нах Iаткъам ловш хиларх лаьцна. Амма халонаш ялахь а сий долуш хила лаар дуьсуш ду адамашкахь аьлла ду цу тIехь.

Iамеркан Пачхьалкхан департаментан адамийн бакъонашкахула долу дIахьедар кечдеш Iедал ду хIора шарахь. Цул сов, цхьамогIа дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу организацеш а Iора боху шайн цу кепара талламаш. Мел гIо до цу тайпачу дIахаийтарша Iедалшкара харцонаш ловш болчу нахана.

И хаттар делира оха дуккха а шерашкахь Оьрсийчурча Мемориалан цIарах Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а болх бина волчу бакъонашларъярхочуьнга Байсаев Iусаме.

Байсаев Iусама (юккъехь), Вашингтон, 25Охан2007




Байсаев Iусама:

Your browser doesn’t support HTML5

Байсаев Iусама



Иштта ойла йолуш ву Мемориалан белхахо хилла Гисаев Ахьмад а.


Гисаев Ахьмад.

Гисаев Ахьмад:










Your browser doesn’t support HTML5

Гисаев Ахьмад


Шен гIуллакхаш а, шен доьзал а охьаатесна кхечу эшам хиллачу тсгана накъосталла дан орцах бовлуш болу нах цхьа ша кепара нах хила беза. Уьш бан а бу ша тайпа нах бохуш дуьйцу Байсаев Iусамас.

Байсаев Iусама:

Your browser doesn’t support HTML5

Байсаев Iусама



Шайн синош а ца кхоош адамашна гIо дан рабевллачу нахана юкъахь яра Нохчийчохь йийна Мемориалан Соьлж-ГIаларчу декъан бакъонашларяърхо Эстемирова Наталья. Иза йина 55 кхачча даханчу ПIераскана дийнахь.

2009-чу шарахь Товбецан беттан 15-чу дийнахь Нохчийчохь лачкъийнера иза. Цул тIаьхьа масех сахьт далале йийна карийра луларчу ГIалгIайчохь.
И зулам хIинца теллина дац, карийна бац иза динарш а, дайтинарш а.

Эстемирова Наталья дагалоцуш Москох цхьаьнакхtттера цуьнан хилла накъостий. Натальяс ша юьхьарлаьцна некъ шена кхерам буйла а хууш дIакхоьхьуш бара бохуш дуьйцу Байсаев Iусамас.

Байсаев Iусама:

Your browser doesn’t support HTML5

Байсаев Iусама



Эстемирова Наталья герзаца хиллачу наха тIе а летта машен чу кхуссуш а, цо мохь хоькхуш а гина нах бу. Амма цхьа а ца веана цунна гIонна. Нахера баркалла хир доцуш болх бу аьлла дагадагIарий цунна шена? Байсаев Iусамас дуьйцу.

Байсаев Iусама:

Your browser doesn’t support HTML5

Байсаев Iусама



Дукха хан йоцуш Мемориалан куьйгалхойх цхьаъ волчу Черкасов Александра ша Маршо Радионна интервью луш элира, нийса а, бакъонехьа адолу хIуманаш, цара сихха жамI ца дахьахь а, юха-юха а дийца деза аьлла.


Черкасов Александр, Лахь12, 2013.



Your browser doesn’t support HTML5

Черкасов Александр



Iусама, хьоьга ладоьгIча, хьо жимма ойла йоьжна волуш санна хетало...

Байсаев Iусама:

Your browser doesn’t support HTML5

Байсаев Iусама