Iаьмеркахойн дахарх болу кхетам хийцина де

Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Нью-Йоркехь Дерригдуьненан йохк-эцаран бIаьвнаш лаьттина меттиг, 10Гезг2012.

Гезгамашин-беттан 11-чу дийнахь 11 шо кхаьчна, некъахойн кеманех пайда а оьцуш, Iаьмерканна терроран тIелатар дина. Цу хенахь дуьйна кхин и тайпа теракташ ян аьтто ца баьлла зуламхойн Iаьмеркан территори тIехь. Цуьнан цхьамогIа бахьанаш а ду, аьлла хета политологна, Аризонерчу университетан профессорна Саймон Шелдонна.

Саймон Шелдон: «ХIинца вайна хууш ду, Ал-Кхайдо 11 шо хьалха дина тIелатарш дика кечдина хиллехь а, уьш дан аьтто баьлла хилар, шаьш террорхоша дийцарехь, аьттоне хьелаш а нисделла. Дуккха а аьттонаш бара хьалххе и тIелатарш ца дайта. Iамеркан кхерамазаллин сервисийн карахь дуккха а тоьшаллаш дара, терроран тIелатар кечдеш хиларан.

Амма церан аьтто ца белира, уьш вовшах а тоьхна, тIаьхьенан сурт хIотто. Тахана, юхахьаьжча, вайна хууш ду иза башха акци хилла хилар, юха кечбан аьтто боцу дуккха а билламаш цхьаьна а нисделла, дIаяьхьна йолу.

ШолгIа далахь, 11 шо хьалха тIелатар динчул тIахьа Цхьаьнатоьхна Штаташа а, кхин йолчу Малхбузерчу пачхьалкхаша а шайна хьалха Iалашо хIоттийра Ал-Кхайдина дIадекъа. Цул тIахьа даьллачу шерашкахь терроран машанна ондда тохар дина цара.

Ал-Кхайда хIинца а йолуш ялахь а, цуьнан операцеш кхин чулацам а, кеп а йолуш ю. Ал-Кхайда аьтто болуш ю, шен ницкъаш вовшах а тоьхна, 11 шо хьалха хилларг санна долу тIелатар дан, олийла дац вайн тахана».

Маршо Радио: «Вуьшта аьлча, арахаьарчу терроризмах ларлуш йолу территори а хилла дIахIоьттина-кх Цхьаьнатоьхна Штаташ?

Саймон Шелдон: «Аса иштта эр дара. Тхо, Iамеркахой, мелла а сема хьежа дуьйладелла цу проблеме. Оха дан дезарг дина, цIеххьана тхайна тIе ца латийта. Амма кхин а мехала дерг ду Iамерко а, цуьнан бертахоша а махкал а арахьа, Ал-Кхайдо, шен могIаршка а оьцуш, шен агенташ Iамочу меттигашкахь жигаралла гайтина хилар.

И базанаш я хIаллак йина, я царна тохарш дина, цигахь нехан цхьаьнакхета аьтто ца хилийта. ХIинца муьлхха а цу тайпа цхьаьнакхета гIортар сацош ду, цига кхерамазаллин ницкъаш а хьажош».

Маршо Радио: «2001-чу шарахь Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь теракташ йинчул тIаьхьа терроризм уггар коьрта кхерам лоруш бара Iамерко. Ткъа тахана, президентан харжамашкахь дакъалоцуш болчу кандидаташка ладоьгIча, пачхьалкхо юьхьарлаьцнарг кхин ду. Цо гойтуш дерг кхерам дIабалар-м дац»?

Саймон Шелдон: «Терроризм, Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь хилларг тидаме а эцча а, цкъа а ца хилла Цхьаьнатохна Штаташ кхоьруш дерг. Иза юстийла дац, аьр вай, «шийла тIом» боьдуш Iамеркана а, Советан пачхьалкхана а юкъахь хиллачу къийсамца. И къийсам бахьана долуш зарратан тIом эккхаза белира.

Терроризм кхераме хиллехь а, хIинца а кхераме ялахь а, терроран тIелелаташ дар бахьана долуш, Iамеркан латтан тIехь эзарнаш Iамеркахой беллехь а, суна хетарехь, цо бохьуш болу кхерам дукха бестийна бу, оцу хиламо нахана Iаткъам бина хилар бахьана долуш.

Доккхачу декъанна терроризман кхераман къеллахь массо а пачхьалкх а ю. Иза гIийлачара ондачарна дуьхьал боккхуш болу гIирс бу. МогIарерчу нахана деш долу тIелатарш ду уьш, Iедал кхеро дагахь. Терроризм хилла бIаьннаш шерашкахь.

Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь хиллачо вайна кхин цкъа а гайтира, терроран тобанаш вайна тахана а кхераме хилар. Цо гайтира, царна кхиаме дуьхьал латта, лерринчу сервисийн а, полицин а болх лаккхарчу тIегIантIехь латто безаш хилар».

Маршо Радио: «Иза Цхьаьанатоьхначу Штатех а бен хьакхалуш дац»?

Саймон Шелдон: «Дукхах йолчу пачхьалкхаша даре до, терроризм шайна кхераме хилар. Масала, Китайн а, хиллачу Советан Союзан территори тIехь радикалан исламан террорахойн тобанаш ю.

Царна дуьхьал къийсам латто дезаш хуьлу цу мехкийн Iедалш. Аса юйцург ю Китайра Синьцзян-провинци а, Оьрсийчура Къилбаседа Кавказ а, Советан Союзана юкъайогIуш хилла Юккъерчу Азера республикаш а. Iамерко юкъаметтигаш лелош йолу Гергарчу Малхбалера пачхьалкхаш а ю Ал-Кхайдера кхерам лаьтташ.

Терроризмах схьаболу кхерам хIинца а дукха боккха бу кху дуьнентIехь».

Маршо Радио: «Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь теракташ йинчул тIаьхьа хIун хийцамаш хилла го хьуна Iамеркан юкъараллехь»?

Саймон Шелдон: «Террорана дуьхьал хьажийна юкъадаьхна долу дуккха а дехкарш ду болх беш тахана а. Уггар хьалха уьш хаало некъахошна, къаьсттина кеманашца дIаса лелаш болчу нахана. Иза уггаре а гуш долу хIума ду хийцамаш хиларан.

Кхин цхьа а хIума а ду: суна хетарехь, Iедалш юкъагIерта дуьйладелла, цара иза ца дарх а мегар долчу нехан дахаран сферашна. Цу гIулкхо сагатдойту тхан махкахойн маршонаш бахьана долуш. Iедало тIех сов тидам тIебахийтина хIора денна адамаша дечунна.

Цара деш долу цхьадолу хIуманаш теракташна кечам бар ду аьлла, лара мегаш ду Iедалша. Гергарчу хенахь цу хьокъехь керла дебаташ дIаяхьа мегаш ю Iамеркехь, керлачу заманахь Iамеркахойн бакъонаш муха ларъян еза бохучу хаттаршна жоп лохуш».