Маккейн Джон: Аьшпийн да ву Путин

Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ -- Сенатор Маккейн Джон интервью луш ву журналисташна, Вашингтон, 04Гез2013.

«Со цец-акъ ваьккхина, Путин доьазлагΙа а президент виса дагахь ву бохучо», - элира вевзаш волчу Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн сенатора Маккейн Джона ша Маршо Радион оьрсийн сервисна еарий дийнахь еллачу интервьюхь.



Путинан сакхтех лаьцна дийца хΙуттуш волчу Ιамеркахочух Маккейн Джонах шех лаьцна ала догΙу юьхьанца. 26 шо ду Аризона штато шен цΙарх иза сенатор латтаво. 5 шо хьалха президентан харжамашкахь кандидат вара иза, амма ийшира Обама Баракна. Дедас а, дас а санна, эпсаран некъ а хаьржина, ТΙеман-ХΙордан академи яьккхина цо 55 шо хьалха. Вьетнамехь тΙом болчу муьрехь чудожийра цуьнан кема, вьетнамхойн йисарехь Ιийра пхеа шарахь сов. Цул тΙаьхьа велира политикан новкъа.

Дикка хан ю Маккейн Джона, оьрсийн пачхьалкх тергонехь а кхобуш, цуьнан президентна Путин Владимирна критика ен. Цхьа хан хьалха цо шех лаьцна дийцинарг ца тайначу Путина, ша дош лохуш холчу хΙутту стаг вацаре терра, даржийра, Маккейн вьетнамхоша лаьцна, орчохь кхобучу юкъанна хьераваьлла, цо дуьйцург кΙадда а боцург ду, аьлла.

Цул тΙаьхьа а дехха лаьттира цу шинна юкъахь дешан дов.

Маршо Радиоца Маккейна еарий дийнахь дина къамел а ду оцу могΙара. Бакъду, хΙинца Ιамеркара сенатор къамеле ваьккхинарг деношкахь Путин Владимира Ιамеркан прессехь Цхьанатоьхначу Штатийн политика аьшнаш еш йозанашка валар ду.

Цо Ιамерках лаьцна дуьйцурггий, тхан кхузара дахаррий нийсса бΙостанехьа, йоккха башхалла йолуш ду, элира Маккейн Джона. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, ша автократ Путин шега нислур ву аьлла хеташ вац, оьрсийн къомах дог а лозуш, иза оцу стагах къелхьардаккха-м лаьара шена, аьлла.

Оьрсийчуьрчу дуккха а бахархошна Путин бакъ хета, Шемара тΙом дипломатин юкъарлонашца бен зе доцуш сацалур бац бохучунна тΙехь. Ткъа ахь, хьо сенатор хиларе терра, тохарш ден боху Асадна дуьхьал. Оьрсий ца кхета хьох, аьлла ду Маршо Радион хаттар.

Маккейна ша жоп луш дагадоуьйту, Ιамеркий, Оьрсийчоьй исторехь дуккхаза а тΙемаш, харцо юхатухучохь цхьана хилла хилар а, масала, Ιамерко гΙо ца лаьцнехь, Гитлеран Германи эшалур а хилла цахилар.

Маккейн: «Путина бохург нийса ду. Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа бен тΙом шен а, дуьненан а дуьхьа бен болийна бац. Босне оьрсийн гΙоьнца чудахара тхо. Иштта Косовохь а гΙодира оьрсаша. Цигахь а кхечу къоман нах байинера сербаша, оха сацийра и хьал. Сребреницехь бархΙ эзар стаг вийча, иза сацо а чудахара тхо».

Амма хΙинца Путина аьшпаш буьтту, Шемахь лаьттачу вочу хьолана бехке верг Асад вац, цигахь химин герз тоьхнарш гΙаттамхой бу, бохуш. Вай къамел деш Ιашшехь, боху Маккейна, Шема дΙаоьхуш ду Асада шен къам охьуш-отуш леладечу герзех доьттина оьрсийн кеманаш.

Ахь хьалха а баьхна оьрсий базбен дешнаш. Стенца сийлахь ду аьлла хета хьуна оьрсийн къам, хоьтту Маршо Радионо. Маккейнан жоп.

Маккейн: «Со баккъал а ву оьрсий майра къам ду бохучу тΙехь. Цара иза гайтира Дуьненан шолгΙачу тΙамехь. Интеллект а лаккхара ю церан. Царех хаза нехан санна бΙаьрг буьзина сан. Амма кхин а цхьана хΙуманах теша со. Цхьанненан а бакъо яц уьш набахтешка хьийсо, царна гΙело ян. ГΙуллакх дац гейшна гΙело ян а. Тахана массо а бакъоларъярхойн организацешка ладоьгΙча, гуш ду Оьрсийчоь маьрша йоцийла. И вон хьелаш тахана лаьтташ ду-кх Оьрсийчохь».

Ахь хьайна Путин ца везийла хоуьйту, иза стенна тΙехь харц лору ахь, ду Маккейне рогΙера хаттар.

«Ас ца боху, иза сайна ца тов. Вуьйцург и вац, цо лелориг ду», - боху сенатора. Ша, масала, чΙогΙа цецваьккхина цо ша доьазлагΙа а президент хΙотта воллу аьлла динчу къамело, элира Маккейна.

Журналистан хаттар: Муха хета хьуна, «юкъаметтигаш юхаюзар» олуш хилла шина пачхьалкхан программа ша дийриг дина яьлла олу цхьаболучу наха, иштта иза делахь, кхидΙа хΙун хир ду?

Маккейн: «Реализм хила еза тхан оьрсашца йолчу юкъаметтигашкахь. Вай кхета деза Путинан лаамех, цуьнан бакъдолчу хотΙах, мотивацех. Иза оьрсийн империн престиж, ницкъ меттахΙотто гΙертачух тера ду. Цуьнан дуьхьа цо дийр доцуш хΙума дац. Масала, вайна хаьа, Нохчийчохь, бакъверг, харцверг ца къестош, массо а хΙаллаквира. Цо Гуьржийчу эскарш хьовсийра. Луларчу массо а пачхьалкхашна санна Ιаткъамаш латтабо цо. И дерриг дийриг Путин Владимир ву. Иза ша ма-варра вевзаш, цунна чекх хьовсуш хила деза вай».

Ткъа хьал иштта а долуш, Обамин администрацин политика муха го хьуна, бохучу хаттарна жоп а ло Маккейн Джона. «Вуно ирча го, эшаме го. Ас хьалхо дийцинчунца дозуш а ду аьлла хета суна хьал», - ду жоп.

Иштта бара Маршо Радион оьрсийн сервисо Ιамеркан сенаторера Маккейн Джонера эцначу интервьюн чулацам.