Иллиалархо, байтанча Усманов Iимран тIех дика вевзаш ву Нохчийчохь. Цуьнан кхолларалла цхьа хьоме адам санна, юххера гергара а хеташ, къомо тIеэцна иттаннаш шераш хилла ца Iа. Ма-дарра аьлча 40 шо а сов зама ю.
Иллиалархочо ша даре а деш, гIар ца вала амал а доцуш, иза махкахь гIарваьлла шен 2I шо бен хан йоцуш, цо дуьххьала «Дарта» илли дIааьлча. Стенна аьлча, боху Усмановс, нохчийн литературехь а тоьллачех ларалучу цу «Дарта» байтан автор хилла гоьваьлла сийлахь исбаьхьаллин дешан говзанча Гадаев Мохьмад –Салахь.
Бу бохачу говзанчаша мукIарло а деш, хазачу,лерехь аьхна декачу озаца эшар лакхарал сов,илланча кхиаме кхачориг ду тIех дика кхета а беш, цуьнан сих-дегIах боьлла ненан мотт хилар а, ша ладогIархойн кхеле дохку иллеш уггар хьалха церан маьIна а кхетош, цо луьттуш шен дагах чекхдаьхна хилар а.
Тахана нохчийн эстрадехь кIезиг бац бийца нохчийн мотт а боцуш, нохчийн маттахь эшарш екош болу мехкарий а, кIентий а. Жимма охIла волчу ладогIархочунна вуно сиха тусало и беламе сурт: хийрачу маттахь эшар локхуш волчух тера цо беко мотт.
Говзанчаша ма-аллара аьлча иза нохчийн мотт аьшнаш беш,лахбан гIертар санна хIума ду. ТIаккха а царна мехала совгIаташ а до, хIинцца бен тIармаIа йиъна бевлла боцурш а,даржашка лакха а боху.
Усманов Iимран и санначаьрца вустар стенна дуьйцу и «хьарам» ойла кхетамехь ластар а хир ду доккха къа. Иза халкъах схьаваьлла,нохчийн маттана «нуьйр» тиллина, тIаьхьара тоьттуш а, я некъ гойтуш а стагга а воцуш, ша-шена къилба лехна, шен говзалла зуьйш, кIаргьеш, хьаннал къахьегна,гуттар а лехамехь вахчавелла кхоллараллин стаг ву.
Иза халкъах ийна, цуьнан «дега юккъехь» кхоллавелла илланча хиларан лач делахь тоьшалла ду, гарехь, «деллахь,хьенех,хьо хьашт ма вара тхуна, гIо дан йиш хир ярий те ?», - аьлла цхьаъ дехаре ваьлча, цо цхьа цатору гIуллакх кIелдуьйсуш ца хилча, «хIан-хIа» цаалар.
Ша Ставропол махкахула гобаьккхина, беха некъ гезбина воггIушехь цхьа бутт хьалха могIарерчу нехан дехарна жоп луш ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь масех сахьтана сацавелира Iимран шен гIуллакхаш кIел а дитна. Иза а ду аьлла хета цуьнан адамаллин шатайпа мах хадош масал. Цигахь бехачу вайнехан аьллар тIехь сацарал сов, цу дийнахь ша дуьххьала караэцначу, бекар кхин даладелла а боцчу кехат пондарца иллеш декийра Iимрана,юкъ-кара къамелаш а деш.
ХIинцца цо дех лаьцна аьлла илли санна дукха ду цуьнан репертуарехь цо ша язйинчу байташ тIехь даьхна иллеш. Цу3 могIарера ду «ДоттагIа» а. Цу иллех а, артист санна дас ша тIе цаэцарх а дуьйцуш ву Усманов Iимран.
Цо мукъаме дерзийна массо бохург санна илли къомо тIеэцаран шен цхьа къайле хуьлчух тера ду. Масаллина аьлча, нохчийн эстрадехь дукха даьсса, маьIне доцу иллеш ду зударех. Абат чекхъяллалц дагардан йиш йолуш ду цу могIарера кIорге йоцу иллеш.
Амма шатайпе ойлане воккхуш, безамал а хьалха Iар-дахарх ойла йойтуш дека Iимрана олуш дерг.
Махкахь шен чуьра гаргара адам санна къомо тIеэцна,вайнахана дош а,дозалла а хеташ, башха иллиалархо ву Усманов Iимран. Цунна ,бIаьрганегIар ца тухуш къаро йо цуьнан ладогIархоша. Ойтархо Хьасан ву Iимранах дош олуш.
Хьасан: «Цуьнан кхиаман къайле евзар яц, халкъан къайле ца евзича. Цуьнан иллешца, мукъамашца ду къоман сий а,оьздангалла а, шатайпаналла а. ЧIогIа олу цуо .дела реза хуьлда цунна!»
Жимачу АтагIарчу Муслима ишта дуьйцу цуьнан кхолларалло шена бинчу тIеIаткъамах.
Муслим: «Тахана цо олучу иллеша карладоху мацахлера Iадаташ. Дуьненна а вевзина Iимран и бахьнехь нохчийн къоман оьзда гIиллакхаш а. Массарна а везаш ву иза . Дала къоман дуьхьа а хан яхъйойла цуьнан!»
Ша кхузткъара ваьллехь а, халкъо даггара тIеоьцучу иллешна пебетта дагахь вац Усманов Iимран. ХIинцца ткъе иттара ваьлча санна йохку цо кхоллараллин кханеш, исбаьхьаллин дашца махкахойн дегнаш оьцуш,кхолла лоьруш ву оьздангаллех ,гIиллакхех дуьзна керла васташ а.