Your browser doesn’t support HTML5
Цхьа кIира сов хьалха Нохчийчохь социалан машанехула хаам баьржира машенаш тIера пардош дIадохуш рогIера операци йолош ю аьлла. И хаам бийриш дукхахьолахь и омра кхаьчна болу шаьш полисхой бара.
Цара а, халахетарца, бехказа а буьйлуш санна, дуьйцура, шайн беза-бевзачарга ларлахьара шу, и пардо долчара дIадаккхахьара аша олий. Иштта цара хаийтира хьалха хиллачул а луьра хир ду аьлла. ХIинццалц цIа хьажа-хIотта баьхкинчу нохчийн пардош а, Iаьржа куьзганаш а дIадохур ду аьлла.
Москохара ханна цIа веанчу шен доттагIчуьнга а дIадаккхийтина и пардо, аьлла дийцира Соьлжа-ГIалара вахархочо Хасанов Изнаура.
Хасанов: «Пропискано кIелхьара ца воккхий теша, аьлла шек ву со. Сан накъост вара Москохара цIа веана. Ши де даьлча дIаваха везаш а вара иза. Ма вала ара оха боххушехь, араваьллера. Хьо нохчий вуй, аьлла хаьттира цуьнга.
– Ву!
– Валахь, охьадаккха пардо, аьлла дIадаккхийтира цуьнга иза».
Цхьаболу машенлелархой ара а ца бовлуш Iа, чIагIаман и тулгIе дIаяллалца. Уьш тешаш бу пIераскан дийнахь хиндолчу даздарийн юьххьехь долийна иза аьлла. Тверехь тIеязвина волчу Соьлжа-ГIалара вахархочун Бакаев Лечин аьтто болура хIинццалц тIехьара куьзганаш тIехь пардо а долуш лела, амма хIинца хIун хир ду ца хаьа шена элира цо.
Бакаев: «Ас хIара пардо лело 3 шо ах шо ду. Шина шарахь аренца тIеязвина а воцуш а лелла. Сацийча къамел ма-диннехь дIавахийтина со. ХIинца хIун хир ду ца хаьа. КIира хьалха а сацийча, дIавахийтира со. Аренца мел лелачу нохчийн и пардош охьадаьхна а бевр ма бац хIорш».
Кхолладеллачу хьолехь машенлелархойн кхин дан хIума ца дуьсу, боххург дар бен. Иза низамца догIуш дацахь а, наха корт таIIийна лов и харцо. Амма наггахь бовлу некъаца шаьш сацийча, низаман тIе а тевжаш, шайн бакъо йийца гIертарш а.
Церан хьал а дика ца хуьлу. Хьалха-Мартан кIоштара вахархочо Исраилов ВахIида дийцарехь, оцу хIумано цабезам кхуллу Iедалан белхахошка.
Исраилов: «Iедалан белхахошка нехан безам ца хуьлу. Совца а дина, шайна тIехь хIуъу а дийр дуйла хаьа. Мискачу стаган тIеваха арз дан меттиг а бац. Иза цхьанхьа тIевахча, иза телехьожийлехь гайта а гойтуш, къинтIерадовла шена бохуш латтуьйту. Оьрсийчоьнан низамашца вай дехаш далахь, цаьрца даха деза вай, хазахетарг схьалоцуш, цадезарг ца лоцуш».
Тахана билггал хууш ду республикин прокуратурехь низамо магош долу пардош дIадаьхна полисхоша новкъахь аьлла аьрзнаш чудала гIерташ нах хьийзийла. Цаьргара уьш а схьаоьцуш дац.
ГIаддайна, наха цхьацца забаре а доккхий, дерзадо хуьлуш дерг, цхьацца коллажаш ю, беламе суьрташ а доху. Иштта дIадодахь, малхана дуьхьала бIаьргашна духку куьзганаш лелор а дехка мега олий забарш йо, иза бен кхин дан хIума дисина боцучу нохчаша.