Your browser doesn’t support HTML5
Тахана Iуьйранна, йохон гIерташ санна, неIтуьйхира со чохь вехачу петаран. Iуьйранна бархI сахьт далале хан яра иза. Чуьра бераш а кхераделла, дIатебира, шайн юргIанаш кIел а дуьйлуш. ОьгIазвахана, цара ма-тоххара, буьрса неI схьайиллира ас а, хIун хилла, тIом-м ца баьлла вайна, аьлла.
"Ваша, тIом тахана дуьйна болалуш бу-кх, хьайн паспорт гайтахь", - аьлла, шен маса топ белшаш тIехь дIанисйира герзхочо.
Паспорт юха схьа а кховдийна, хаьттира цхьа а шеко йолуш лулахой буй кхузахь, аьлла. Бац дера, хьалха дуьйна кху чохь, шайн доьзалшца беха нах бу аьлча, цу чуьра дукха сиха, кхин талламаш а ца беш, хаза а хеташ, дIабахара низамхой.
Оцу хиллачо лартIехь долчу адаман дерриге а денна дика дог-ойла дIаяьккхина хир яра, Нохчийчохь вехаш воцучуьн. Нах боьлла ишттачу талламех, цундела хила дезаш хIума лору иза. Амма тIаккха а карладелира и хьал доладаларан 23 шо кхаьчна хилар.
Нехан дагалецамашкахь а дисина и де, ша томмагIа санна. ХIетахь хиллачу бохамо, нохчашна тIехь йоккха лар йитина, амал а, лелар а хуьйцуш, аьлла дийцира юкъаралхочо Исмаилов Султана.
Цо иштта элира цунах лаьцна «Цхьа хан яра вай, вовшашна деза а дезаш, гича хаза а хеташ. ЧIогIа мерза хан яра иза. ДагайогIу суна а иза. ТIаьххьара 23 шарахь, цхьа орам хадийча санна чкъор ду вайн. Баккхийчара дIадуьйцу хир ду царна, амма я цара дIа ца лацахь а, цхьа сонталла хьалхаяьлла нах бу вайн. Ша санна волчун ойла яра жимделла вайн.
Нехан бакъонан хьакъ лардар дIадаьлла. Хьалха,сайн бакъо Iад йитина а, нехан бакъо ларйийр ю ас аьлла дара. Иза дара баккхийчара цIахь хьоьхуш. Иза сийлахь дара. Тахана ахь цхьаъ дIатоттуш вацахь, кIелвуьтуш вацахь, хьо цхьа доьналла доцуш санна и Iовдалалла ю-кх вайн хьалхаяьлла».
Тахана Iуьйранна нехан неIарш а етташ паспорташ хеттар муьлхачу бахьаница дара теша аьлла со талла волавелча, къаьстира, Керла шо даздеш чIагIаман раж дIакхайкхийна хилар.