Къилбаседа Кавказера Пачхьалкхан Думин депутаташна Делимханов Адамна а, Барахоев Бекханна а йукъахь Iийттарш йар нисделла, Москвахь Вайлдберрис-ан офисехь ши стаг а вуьйш герзаш деттарна бехкверг къастош. Кавказ.Реалиин сайто къамел динчу эксперташна хетарехь, криминалан къийсам къаьмнашна йукъара дов санна тарда хьийза агIонаш, хиллачух жоьпалла шайна тIера даккхархьама.
Гезгамашин-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а векалийн цхьаьнакхетарехь Нохчийчуьра Пачхьалкхан Думин депутато Делимханов Адама Вайлдберрис-ан офисехь герзаш детташ хиллачунна бехкевира шен белхан накъост, ГӀалгӀайоьнан цIарах депутат а, экс-бизнесхо а волу Барахоев Бекхан. Цу цхьаьнакхетаран кийсак зорбане йаьккхира пачхьалкхан "Грозный" телеканало.
Цул а пхи де хьалха, шеца Кадыровн нах а болуш, Москвара компанин офис чу ваха гӀоьртира маркетплейс кхоьллинчу Ким Татьянин (дов хиллачул тӀаьхьа цо шен фамили хийцина) цIийнда Бакальчук Владислав. Цигахь герзаш деттар бахьана долуш вийра ГӀалгӀайчуьра Вайлдберрис-ан шиъ хадархо, полицино массийта иттанашкахь стаг лецира, царна йукъахь Бакальчук а волуш – иза хьалхо стаг верна бехкевина вара, амма тӀаьхьо дӀахийцира.
Даьлла дов машарца дерзон некъаш лаха вовшахтоьхнера шина республикан векалийн цхьаьнакхетар: ГӀалгӀайчохь шайн махкахой балар тӀеийцира Нохчийчоьнан агӀор шайца мостагӀалла лелор санна.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн гамо йа бизнесан къийсам? Wildberries къовсаро талхор йу Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а йукъаметтиг?Делимхановс нохчийн маттахь дийцира (гочдар "Кавказ.Реалии" сайта тӀера), Нохчийчоьнан Ӏедал Бакальчукца доттагӀалла лелош долу итт шо сов хан йара, бохуш. Вайлдберрис-ан маркетплейс кхоьллинчу стага орца дехча, царна хиира иза "кхераме хьолахь" хилар: дуккха а миллионашкахь иэшамаш а, декхарш а, бизнесан доккха дакъа дайар а хьал хIоьттинера цуьнга.
Иштта цо дӀахьедира, Бакальчук Москварчу офисе вале, шен хилла гӀалгӀайн депутатца Барахоевца цхьаьнакхеттарх лаьцна. Цул тӀаьхьа Делимхоновс варе дира, "йист йаккхаза совцур дац" аьлла. Барахоевс тешийра боху ша, "цигахь зуда коьртехь йу" шен Вайлдберрисехь цхьа хIумма а дац аьлла.
"Суна ца лаьара вайн къаьмнашна йукъахь дов хилийта, вай цхьа халкъ ду, цундела зенах лардан лаьара суна", - чӀагӀдора Делимхановс.
Иштта цо дӀахьедира, ГӀалгӀайчоьнан махкахой болчу Вайлдберрисан хадархоша хьалха герз диттина бохуш, цул тӀаьхьа бен кадыровхоша жоп луш герзаш детта ца долийна аьлла. Хиллачух, дуьззина жоьпалла шен нах цига балийначу Барахоевна тӀететтира цо, тасадаларш цахила йиш йоцийла а хуушехь.
Гезгамашан-беттан 26-чохь жоп делира Барахоевс шена тӀететтинчу бехкана. Цо дийцарехь, герзаш деттарехь байъина кхерамазаллин белхахой шайца герз доцуш хилла, цундела церан йиш йацара офисехь "кIело" йан.
Вайлдберрисан офисехь герз диттинчул тӀаьхьа дӀахьедар дира, Бакальчукан рейдеран дӀалаца гӀортар кхиаме ца хилла аьлла. ТӀаьххьарчо чӀагӀдора, ша хьалххе дуьйна компанина хууш долчу цхьаьнакхетаре воьдуш вара, официалан кехаташ дӀадала а, керла складаш йарца доьзна мехала хаттар дийцаре дан а, ткъа герзаш деттар офисийн кхерамазаллин белхахоша дӀадолийна бохуш дуьйцура.
Бакальчука бехке вира Барахоев а, Дагестанера сенатор Керимов Сулейман а, арахь реклама йеш йолчу Russ Outdoor компаница маркетплейс цхьаьнатохаран барт барна тIехь олалла деш. И бахьана долуш доьзална йукъахь дов доладелира. Кадыров Рамзана дIахьедар дира ша Бакальчукна оцу девнехь гӀортор йийр йу аьлла. Дийцарехь, Киман агӀор ву Русс компанин коьрта директор Мирзоян Роберт а, шина а компани цхьаьнакхетаран, коьрта пайда эцархо лоруш волу Керимов а, Барахоев а.
КХИН А ХЬАЖА: Пачхьалкхан каналаша тергал ца дира Москвахь Вайлдберрисан офис хьалхьа герзаш деттар а, кадыровхоша цу юккъехь дакъалацар аГерзаш диттинчул тӀаьхьа лаьцна 33 стаг, царна йукъахь Кадыровн нах а болуш. Къаьсттина, нохчийн оппозицин блогерша дийцарехь, "дуккха а зуламашна" декъахь хилла волу Чичаев Ӏели, лецначарна тӀехь Ӏазап латтийна ву иза. Билгалдоккху, Чичаев Ӏела цIе йерг Нохчийчуьра ОМОН-н белхахо ву, 2020-чу шарахь Украинин полицино лаьцнераа иза, цу мехкан дозанаш тӀехь цхьа могӀа даккхий зуламаш дан кечлуш хилла аьлла. Вуьйцург цхьа стаг ву, йа вац, хууш дац.
Иштта лаьцначарна йукъахь вара Нохчийчуьрчу Росгвардин ОМОН-ан "Ахмат-1" декъан буьйранчин гӀовс Чичаев Ӏумар а; Хьалха-Мартанан кӀоштан ОМВД-н бехктакхаман талламан декъан куьйгалхо хилла волу Исмаилов Рамзан (Кузя олура цунах) а, Балатбаев Идрис а (Коноплев Игорь) - нохчийн бизнесхо, Travelers Coffee кофейнийн бизнесан долахо.
Рекламан лоббист
Барахоев Бекхана цкъа а ма-дарра мукӀарло ца дина, ша Wildberries-на гонаха хиллачу къийсамехь а дакъалаьцна хиларх. Бакъду, иза зIе йолуш ву арахьарчу рекламан операторца Руссца: 2021-гӀа шо тӀекхаччалц "Вера-Олимп" долахь йолчу компанехь вице-президентан даржехь вара Барахоев.
Коррупцица къийсам латточу говзанчо Шуманов Ильяса дийцарехь, Барахоевс кхидӀа а формалан доцуш Ӏуналла деш ву Russ Outdoor компанин белхийн, тахана а цуьнан долахошца Мирзоян Робертца а, Леванца а уьйраш латтош ву иза. Оццу хенахь царна букъ тӀехьа лаьтташ ву Керимов Сулейман.
Пачхьалкхан Думехь бечу балхаца цхьаьна, Барахоевс болх бира Russ Outdoor-ехь. ХӀинца а, дукхах долчу хьолехь, и болха беш волчух тера а ду. Ишта, хууш ду Барахоев ГӀалгӀайчоьнан президент хиллачу Аушев Русланан доьзалца зӀе йолуш хилар а, элитан нехан гона йукъехь вуйла а. Ткъа ала деза, ша Russ Outdoor рекламаца болх беш хилла ца Ӏаш, эцаран рынкехь а дика жигара болх беш йу. Масала "Единая Россия" партино цуьнгахула реклама йира", - дуьйцу Шумановс.
Барахоев рекламан рынкаца зӀе йолуш ву, бохуш кхин дӀа а дуьйцу эксперто. Цундела Пачхьалкхан Думехь цо жигара болха бира Russ Outdoor бизнес шоръйан, бакъо лур йолчу низаман проекташна тIехь а. Къаьсттина, 2022-чу шеран товбеца-баттахь, Пачхьалкхан Думо хьалхарчу йешарехь тӀеийцира йерриг а терахьийн рекламан а, интернетехь долахь йолчу рекламан а рынок цхьана операторна дӀалуш йолу низаман проект. Цуьнца цхьаьна Оьрсийчохь цхьа компани бен йацара цу тайпачу операторан дийцарца йогӀуш – Russ Outdoor.
"Декъа, олалла де"
Прагерчу Карлан университетан юкъараллин Ӏилманийн факультетан политологна Дубровский Дмитрийна хетарехь, герзаш деттар вовшахтоьхначарна лаьа иза къаьмнашна юкъара дов санна гайта. Шаьш оцу зуламана талламашна кIелхьара довла "къаьмнашна йукъахь дов" гIатто мегар дац бохуш. Ткъа кхузахь тайп-тайпанчу тобанийн векалш декъехь болуш, бехктакхаман гӀуллакх бен дац.
"ХӀинца шина а агӀоно жигара дуьйцур ду хилларг, къаьмнашна йукъара къийсам бу бохуш, Кремле массеран а коьрташ "ца дахийта". Царна вуно аьтто болуш хьал хир дара иза, хӀунда аьлча, зуламхойн къийсам тIера, политикан-къаьмнашна йукъаметтигийн тIегIане долу. Ткъа нагахь санна хьалхарчу хьолехь делахь, хилларг талла а чуволла дезаш хуьлу, шолгӀачу хьолехь - кIеда къамел дан дезаш хуьлау хӀунда аьлча, хӀорш цхьанкхетаралле баьхкина бандиташ бац, амма чолхе истори йолу тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бу", -кхета до эксперто.
И йу Кремлан стандартан политика – декъа, олалла де
Делимхановс динчу дӀахьедарех дерг аьлча, Дубровскийна хетарехь, Вайлдберрис маркетплайсан юкъахь лаьтта къийсам Бакальчук Владиславан агӀор берзорна "жоьпалла" хӀоттийна стаг, и жоьпалла кхечунна тӀедилла гӀерташ ву.
Оппозицин жигархочунна Янгулбаев Абубакарна а хета Делимхановн а, Барахоевн а "шина къаьмнийн йукъаметиган тIегIане" даккха Iалашо хила тарло аьлла, амма цо халкъан лаам гойтуш бац, йа къамнийн йуккъахь къовсаме а дера дац" аьлла. Цо дийцарехь, иза "коррупцин хьаькамашна йукъахь дов" бен дац.
Политологана Айсин Русланна хетарехь, нохчийн-гӀалгӀайн йукъараллехь гIоьртина хилар, къийсам латточу агӀонашна пайдехьа хилла ца Ӏаш, Кремльна а ду, хӀунда аьлча, цо "экономикан республикашна йукъара дов, къаьмнашна йукъара къийсаман тIегIане дерзадо".
"Кхузахь Москва шен йуьззинчу бакъонашна юкъа йогӀуш йу, и конфликт йерзо йиш йу цуьнан йа, мелхо а кхин а тIе хьал карзах даккха йиш йу. Иза йу церан стандартан политика – декъа а декъий, олалла де ", - боху Айсина.
- Гезгмашан-беттан 18-чохь Бакальчукца цхьаьна Вайлдберрис-ан офисе кхаьчначарна йукъахь вара Нохчийчуьра экс-прокурор Эльмурзаев Анас, хӀинца ша совдегаран адвокат ву олу цо. "Агенcтво" зорбанан версица Эльмурзаевс цу къийсамехь дакъалацаро гойтуш хила мега, Кадыров Рамзан цу маркетплейсана тIелатарца воьзна хилар. Цул совнаха, цу гӀуллакхехула лецначарна йукъахь бу Нохчийчуьра кхерамазаллин структурийн белхахой хилларш а, хӀинца а болу белхахой а.
- Кадыров Рамзана тергал ца дира герз деттар а, цул тӀаьхьа Бакальчук Владислав лаьцна латтор а, бизнесхочун интересаш ларъярехь "йист йаккха" дош делллехь а.