Нохчийчохь ницкъаллин хьукматийн белхахой ца тоьуш хьийза, ур-атталла республикехь балха хIоттарна официалехь доцу, амма кардала декхаре дина ахча а дIадаьккхина. "Беккъа нохчех лаьтташ йолу" керла полка а, кхо батальон а кхолларца доьзна ду иза: цига дуккха шайн болх беш хилла болу ницкъахой дехьабаьхна.
МВД-н хьунматашна (иштта, эскарна а) керла белхахой лехарехь дакъа лоцуш бу хьаькамаш а, имамаш а. Лаамхошна даккхийра алапаш а, кхерамазалла а хьоьху. ДIахьедо, Украине корматалла йоцурш хьийсор бац, амма редакцино хеттарш динчу эксперташна шеконе хета иза. Нохчийчоьнан ницкъахойн хьукматашкара белхахойн къоьлло дикка Iаткъам бийр бу республикан куьйгалхочун хьолана, дуьйцу Кавказ.Реалиица къамелдинчара.
Нохчийчохь керла тIеман тобанаш кхолларх лаьцна хиира мангал-беттан чакхенгахь. Оцу хенахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллин Iуналлехь йиъ батальон кхуллуш яра: "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат" а.
Товбеца-бутт юкъабаьлча Нохчийчохь дIахьедира "Север-Ахмат" полк кхолларх. ЧIагIдора, цига юкъа республикан бахархой бен кхочур бац, амма билггал мила – дуьйцуш дацара. ТIаккха церан полкан декъашхой дIахIиттор гойтуш видео тIаьхь Нохчийчухула йолчу МВД-н патрулан-постан а, сиха реакци яран тобанийн а белхахой боцурш, рогIерчу нехан духар доьхнарш а бара. Лаамхой шайх олурш хила мега уьш республикан рогIерчу бахархойх вовшахтоьхна, амма оцу хаамна тIечIагIдар дац хIинца а.
ТIаьхьо регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин Iуналле дехьаваьккхина Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн а, Росгвардин а 800 белхахо.
"Уьш [дехьабаьхна], полкан муьлххачу дийнахь новкъа а яьлла, муьлхха тIедиллар кхочушдан аьтто хилийта, ца баьхна белхахойн къоьлла ю аьлла. Шина дийнахь оха кхоччуш вовшахтоьхна полицин а, Росгвардин а дакъош – ца тоьхна мух-мухха а, декхаршца а догIуш дина иза", - дIахьедира Кадыровс шен телеграмерчу каналехь.
Амма Кадыровс ма-баххара, ницкъаллин хьукматашка нах дIагулбар хIинца а дирзина дац, бохуш дуьйцу республикерчу хьостанаша. Масала, оппозин блогерийн телеграмерчу каналашкахь а, мессенджерашкахула а тоьшалла даржадо, меттигера нах балха хIиттаре кхойкхуш хиларан. Полицин мукъаяьлла меттигаш йоцурш, юьйцурш керла батальонаш а ю.
Оцу тайпа хаамаш иштта дIабийца йиш яц сан, бехк ма билла
ГIардаьхначу аудиохаамех цхьанна тIехь ша Цоцин-Юртан юьртда Зеиев Сайн-Хьусайн ву аьлла волчу стага "шайгахь даьхнийн къоьлла ю", бохучу юьртахошка кхайкхам бо, балха хIотта бохуш.
"ХIора денна суна нах тIе лела, белхан меттигаш яц, шаьш даьхний доцуш, вуно чолхечу хьолехь ду, бохуш. Тахана [Кадыров] Рамзана шортта белхан меттигаш кхоьллина, йиъ батальон ю вовшахтухуш. Цигахь 50 эзар алапа ду, эпсарна – 100 эзар а", - дIахьедо муниципалан хьаькамо, иштта олу балха хIотта луучу 20-30 стаге шеца зIене бовла.
Кавказ.Реалиин корреспондентан аьтто баьлла Цоци-Юртан администрацин куьйгалхочуьнца Зеиевца зIене вала, амма из ца хIоьттина нах дIагулбар муха дIахьош ду а, эскархочун болх бан лууш дукха нах буйла а дийца. "Оцу тайпа хаамаш иштта дIабийца йиш яц сан, бехк ма билла", - аьлла жоп делла хьаьмкамо.
Керлачу "Ахмат" батальонашка кхойкхуш хьийза маьждигийн имамаш а. The Insider хьостано нохчийн оппозицин 1ADAT боламна тIе а тевжаш дийцарехь, наггахь иза рузбан ламазехь хуьлу. "Ахмате" дIавазвала аьтто бу 18-40 шераш долу муьлхха а божарийн – тIаме уьш хьийсор бац, аьлла дош ло Iедало. Оцу тайпа аудиохаам мессенджерашкахула баржийра Гуьмсарчу маьждиган имаман Солтаев Хьуьсайнан цIарах.
"Мехаза" балха эцар
Полицин декъашка "мехаза" балха хIоттар хьоьху Нохчийчоьнан бахархошна, аьлча а, кара ахча дала декхаре а воцуш. Нохчийчуьрчу МВД-н хьукматашкарчу хьостано тIечIагIбира и хаам. Къамелдечун хаамца, ахчанаш гулор сацийна шортта мукъа белхан меттигаш хиларна дIаюза езаш.
Чоьхьарчу гIуллакхин органашкахь а, Росгвардехь балха хIоттарна бала безаш хиллачу ахчан барамех а дийцина цо: "Барам тайп-тайпана хуьлу къаьсттина хьукмате хьаьжжина, амма дукхачу хьолехь рогIера белхахо хIоттарна 150 эзар [сом] дара, тIаккха эпсаран дарже хIоттар – 350 эзар".
Юкъараллехь бийцаре беш Украине хьажорца боьзна кхерам балахь а, кара дала деза ахчанаш дIадахаро баккъала а совдаьккхина и белхан меттигаш дIалаца луучу нехан терахь, тIетоьхна министраллин белхахочо.
МВД-ра кхечу хьостано бахарехь, товбеца-беттан 25-хь долчу хьолаца республикан цхьамогIа кIошташкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн дакъошкахь юьссуш вуно чIогIа белхахойн къоьлла ю. Амма къамелдийриг ала ца хIуьттира, мукъачу белхан меттийн билггал долу терахь.
Органашкахь болх бан бахархой дуьхьал хилар – иза, ма-дарра аьлча, Iедалан гIорасиз хилар ду
Органашкахь болх бан луучу нехан терахь дукха хир дац, аьлла хета политологна, "Либеральная миссия" фондан декъашхочунна Жаворонков Сергейна. Оцу гIуллакхах "хьега" кийча хилларг иза дина ваьлла. Делахь а эксперто чIагIдо, низамхойн рагIнаш яьсса хилар бахархошна гергахь Iедалан позициш хецаелла хилар санна кхета мега. ТIаккха оцу хьоло герз карахь долу дуьхьалончаш чIагIбийр бу.
"Суна хетарехь, гIаттамхой чIагIбан мега цо, хIунда аьлча, иза хIинца йолуш ю, иза къайдахьа гIертахь а. Кхузахь дуьххьара дерг ду, бахархоша и хьал муха тIелоцу: йа Iедал чIогIа ду, йа гIелделла. Iедал гIелделлехь, Къибаседа Кавказан – Нохчийчоьнан, Кхарачойн-Чергазийчоьнан, Дагестанан а - зенделлачуьнца вайна ма-хаара, бахархоша административан гIишлош дIалеца а мега. Дера оцу гIуллакхо Кадыровн гергахь хьал галдоккху", - боху Жаворонковс.
Меттигерччу бахархойн ницкъаллин хьукматашкахь болх бан ца лааро гойту Кремлан а, шен Кадыровн в Нохчийчуьра позицеш лагIъелла хилар, тешна ву "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхо, политолог Кутаев Руслан.
"Органашкахь болх бан наханна цалааро – Iедал гIорасиз хилар гойту цо, Iаткъам бан ницкъ ца хилар, тIеман цхьанатохараллин хьал тишдалар а. Оьрсийчоь оцу тIамехь вуно чIогIа зенашца оьшург хилар гайта мега оцу тенденцино, хIунда аьлча, дIалецна латтанаш а шайн карахь латто нах оьшу. ТIаккха и нах хIинца мобилизацица а, кхерамаш тийсарца а бен гулбан йиш яц", - аьлла хета экспертана.
КХИН А ХЬАЖА: Герзанна а, ахчанна а дуьхьа: Нохчийчуьра стенна боьлху Украине тIом банЯржийна Iалашонаш
Керла кхоьллина батальонаш Украинерчу тIаме хьийсор ю аьлла Нохчийчохь билггал дIахьедина дац, амма, делахь а, харц а ца дина иза. Полк а, батальонаш а кхоллар, эскархой "сихха" Нохчийчоьнан арахьара "оперативан тIеман тIедилларш кхочушдан" буьгур бу бохург дац, аьлла яздина Кадыровс шен телеграмерчу каналехь. Цо бахарехь, керла дIагулбинчу наха тIеман гIуллакхаш Iамор ду, шайн доьналла а кхиош, кечамаш дийр ду, "эшахь Даймохк ларбан дIахIуттур бу".
"Валар яздина ду, тIекхочур долуш а ду", бохуш къамелаш хеза нах дIагулбечу юкъанна
Делахь а, "валар яздина ду, тIекхочур долуш а ду", бохуш къамелаш сих-сиха хеза нах дIагулбечу юкъанна, хьо тIамехь валахь а, йа "дивана тIехь Iуллуш" валахь а. Иштта, Ойтарахь "Запад-Ахмат" батальонна хьалха къамел деш волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо олу "верриг ишта а лийр ву [мацца велла а]", цо масална валаво шена кхераме болчу балхара дIа а вахана, Астраханехь чIара лоцучу юкъанна хи буха вахна волу цхьа хьенехан буьйранча.
Амма нохчийн политолог Кутаев шеконашкахь ву, республикерчу Iедале меттигера нах тIом боьдучу юкъанна ницкъаллин хьукматашкахь болх бар кхераме дац, аьлла тешалур бу бохучунна: "Нах реза хир бац ишттачу балханна, ур-атталла нуьцкъаха уьш цига дIахIотто а йиш хир яц. Уьш кхеташ бу, тахана полици, йа "мехкдаьттан полке", йа тIеман министраллин хьукмате, мичча а балха хIоттина волу стаг сапер санна ву – кхерамна кIелахь. Муьлххачу а муьрехь шаьш Украине хьовсорг хиларх кхеташ бу уьш".
***
Товбеца-беттан 26-хь хиира, балхахь боцчу Нохчийчуьрчу божаршна военкоматан белхахоша кехаташца жоьпаш яздан тIедожийна хилар, цара дийца деза, хIунда ца лаьа ницкъаллин хьукматашкахь белхаш бан, йа Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскаршкахь хила. Иштта аудио дIасакхоьхьуьйту мехкан бахархошна, нохчийн хьаькамашлахь хьосташа бакъйина информаци Кавказ.Реалиина.
Аудио тIехь зудчо боху нохчийн маттахь "21 шарера 49 шаре бевллачу, балхахь боцчу божарша маса кехаташ хIиттон деза" аьлла. ЧIагIдо, хIораммо а кхетон дезаш хиларх, хIунда ца лаьа, йа ша гIуллакх дан кийча хиларх дIахьедеш, шаьш хIиттийначу бланкашна куьйгаш таIон деза аьлла. ЗаьIапхо волчо лоьрашкара тоьшалла дан деза. Информаци гулъян билгалъяьккхина хан ю – Товбеца-беттан 25-гIа Iуьйре.