Гезгамашин-бутт болабелчхьана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун долара кема кхузза Москва дахана, ткъа тIаьххьарчу кхаа дийнахь Оьрсийчоьнан шахьарахь ду и, хаамбина, дIасалелачу кеманашна тIехь терго латточу цхьахйолчу сервисана тIетевжина "Верстка" гIирсо.
RA-73417 номер йолу бизнес-джет Москвахь охьадоьсира гезгамашин-беттан 6-9-чу деношкахь. ТIаьххьара Соьлжа-ГIалара Москва агIор дахана и гезгамашин-беттан 15-чохь. ХIетахь дуьйна, трекершка хьаьжча, Нохчийчу йухадеана дац кема, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.
Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана эшна йогIу, цунна Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу Урхаллин Коьртачу дарбанан цIийнехь лелош дарба ду аьлла хаамаш баьржинчу йуккъехула "Верстка" ресурсо тергойина лайнеран дIасалеларан. КIира йуккъе даьллачу хенахь масех оппозицин нохчийн каналаша хьасташна тIе а ца тевжаш хаамбира, Кадыров Рамзан комехь ву аьлла. КIирандийнахь нохчийн оппозиционеро Янгулбаев Абубакара йаздира, Кадыров кхелхина аьлла.
Оцу йукъанна кIирандийнахь Кадыровн телеграм-каналехь видео гучуйелира,цо ша дIайазйина. Цу тIехь Нохчийчоьнан урхалхо аллейхь воьдуш ву, цо боху "бакъдерг харцдолчух къастон ца хуурш, ара а довлий, мохех дуьйлалой, шайн корта меттабалабе".
Шен могушаллех лаьцна Кадыровс хIуммаъ а ца олу. ЧIагIдарехь, видео Соьлжа-ГIалахь дIайазйина цу, амма билггал хууш дац маца йаьккхина йу и.
Хетарехь Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало шен хьасташна тIетевжина хаамбира кIирандийнахь Iуьйранна Коьртачу клиникан лазартнехь нохчийн номершца йолу машенаш гулйеллера, беш таллам а боцуш, уьш керта йуьтура аьлла. "Цхьана сахьтехь дарбанан цIийнан кертахь вовшахкхеттера хадархойн "Майбах" нохчийн номершца ши машен, "Порш Кайен", йиъ "Гелендваген" а, ши "БМВ", - чIагIдо телеграм-каналан авторша. Информаци бакъ хиларх кхин тоьшаллаш дац.
- Хьалхо "Новая газето" йаздира Кадыров Рамзан билггал цомгаш хиларх, оцу лазаро жаннашна а, пехашна Iаткъам барх, цундела гуттар а цунна оьшуш диализ хиларх. Оцу йукъанна зорбанашкахь йаздеш дац цуьнан биллгал йолчу цамгарх.
- Оханан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана зорбане хIоттийра спортзалчохь водучу некъа тIехь дIайазйина – ролик гучуйелира, журналисташа цуьнан могушалла эшна йогIу аьлла, хаамаш баржийначул тIаьхьа. 25 секундехь йу видео, цу тIехь Кадыровс боху цомгаш хилла йиш йац шен. Оцу кепара цIера тренажеран зал чохь йаьккхина видео кхо де хьалха а хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо инстаграмехь.
- Кадыровн могушалла дикка эшна хиларх цхьа тоьшалла лору "Новая газето" политикан воIаршна хааамийн гIирсашкахь йен пиар. Дуьйцург ду, цуьнан кIентий Украине бахар, воккхаха волу кIант Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар, мехкан гIуллакхашна жигара уьш йукъаийзор.
- Кхул а хьалха зазадокху-баттахь Кремлера йухавирзинчул тIаьхьа Кадыровс бакъ ца дира ша могуш вац бохуш дийцар.