Нохчийн "Север" олучу лерринчу полкан взводан командиран Медигов Хаважин хӀусамнана йедда Оьрсийчуьра шен шина бераца. "Нана йоцу Кавказ" проектан бакъонашларъярхошка дийцира цо шен майрачо кест-кеста гIело хьегийтарх а, ткъа иштта шен а, шен йоӀарийн а кортош дошур ду, бераш ненера схьадаьхна, хьуьжаре деша дохуьйтур ду бохуш кхерамаш тийсарх а лаьцна. Ша бала хьегначу зудчо а, цунна Оьрсийчуьра дIайоьдуш гӀо динчу жигархоша а дийцира "Кавказ.Реалии" сайте цунах лаьцна ма-дарра.
Фатима (цӀе хийцина) Нохчийчуьра дуьххьара Москва йада гIоьртира стигалкъекъа-беттан юьххьехь. Шахьарахь доьшуш йара цуьнан ши йоI, шо доьрзуш экзаменаш йала йезаш йара и шиъ, ткъа нана цаьрца Москва йахара жимма шена дарба лелон дагахь йу ша, кIант ван лууш аьлла. Медиговна гергахь цуьнан "сийх" хьакхалуш хIума дара доьзалехь божабер цахилар, дагалоьцу зудчо.
Цу хенахь иза шен майрачуьнгара йада хьийзара, шерашкахь цо ша гIелонехь латторна. Редакцин карахь ду иштта цунна йиттинчул тӀаьхьа даьккхина масех сурт: царах цхьанна тӀехь Фатимин кога тӀехь а, куьйга тӀехь а чевнаш йу. Сурт 2022-чу шарахь даьккхина ду, хIетахь дуьйна шен ма-хуьллу хIусамдех къехкара иза.
ХIетахь шена йиттинчул тӀаьхьа дукха ца Iаш Фатима йада гӀоьртира, амма доза дӀакъевлина хиларна цуьнан аьтто ца баьллера Белорусихула арайала. Йухайерза дийзира цуьнан – къайлаха, хӀунда аьлча, нагахь санна, Медиговна и хӀума хиънехьара, кхин дӀа аьтто хиллане а хир бацара цуьнан. Эвакуаци йале хьалхо цуьнан майра оьгӀазвахийтира цуьнан йоӀарийн къаьсташ йоцчу маникюро. "Кхаьхьпеш" санна лелаш бу, ша "йуьхьIаьржа хIиттор ду" бохуш цо кхерамаш тийсира. Москвара цIа бирзича, дош делира цо, кхааннан а коьртеш дошур ду ша аьлла.
Стигалкъекъа-бутт болалуш Фатимин ойла хилира "Нана йоцу Кавказ" цӀе йолчу фондерчу бакъонашларъярхошца зӀене йала. Проблема йара, Фатимин дуьненаюкъарчу паспортан хан чекхйолуш хилар, иза бахьана долуш, шен берашца Оьрсийчуьра арайала товбеца-бутт болалуш бен аьтто ца баьллера цуьнан. Фатима ларйеш иза йолу меттиг ца йуьйцу оха, иза Оьрсийчуьра кхоалгӀачу пачхьалкхашкахула арайаьлла. Масийттаза кема хийцинчул тӀаьхьа, мухӀажиран статус йаккха йиш йолчу пачхьалкхе кхаьчна иза. Цуьнан хIусамдена дерриг а хиира иза йеддачул тӀаьхьа, цундела аьтто ца хилира цуьнан цунна тIаьхьавала а, иза нуьцкъала Нохчийчу юхайерзо а.
Кавказ.Реалиин редакцино дийцаре дира Фатимица иза кӀелхьарайаларан бахьанаш а, Кадыровн буьйранчин доьзалехь хилла юкъаметтигаш а.
– Мел хан йара хьо цуьнгахь марехь йолу, маца волавелира иза хьох лета?
– 2007-чу шарахь дуьйна марехь йу со. Дуьххьара гергарчаьрга орца дийхира аса маре йахна масех шо даьлча, хӀунда аьлча, иза дукха хьолахь цӀахь ца хуьлура. Иза тӀеман стаг ву: йа цхьанхьа хьажийна хуьлура иза, йа кхечухьа хуьлура.
Цо хьо йийнехь а, бехке хьо хир йу, ткъа ахь далхадо йеттар
Дуьххьара соьца и саннарг хилира, хетарехь, ас и захало дина диъ шо гергга хан йаьлча – 2011-гӀа шо дара, йа 2012-гӀа шо а хила тарло. Со цӀахь Ӏаш йара, дерриге а дика дара, жимахдолу бераш набарш кхетта дара. ЦIа а веана, сан кочаэха волавелира иза. Ткъа суна цуьнан бӀаьргаш чохь цхьа инзаре хӀума гира. ТӀаккха хиира суна, церан тобанехь аьлла хиллера цхьана "зуламхочунна" тIера массарна а хьалха хеча йаккха аьлла. Суна хетарехь, цул тӀаьхьа вон хиллачух тера дара цунна. Дукха хьийзира со сайн майра кӀелхьарваккха, цунна гӀо дан. Со кхетара, оцу системо а, балхо а иза хӀаллаквеш хиларх, цундела оццул хан йаьккхира ас.
– Муьлхачу хенахь кхийтира хьо, хьайна гӀо оьшуш хиларх а, хьайн майрачуьнца кхин дIа хан йаккха йиш йоцийла а?
- Аса ца деш хIума ца дитира: сайн нахана тӀе йахара, божаршка йелира. Вайн адаташца а, низамашца а къобал деш мел дерг дерриге а дина ас. Органашкахь болх бечу цхьана сайна йевзаш йолчу зуьдчуьнца а дира ас къамел. Цхьа а пайда бац, элира цо. Цара эр ду хьо муьтӀахь йац, хьерайаьлла йу - цара хьо емал йийр ю. Цо хьо йийна хIума хилахь а, бехк хьуна буьллур бу, ахь дуьйцу йеттарх лаьцна. Со охьа а хиъна, цхьана хIумане сатуьйсуш Iара.
Амма тӀаккха хиира суна, цо сан йоккхаха йолчу йоӀана вуно чӀогӀа йиттина хилар. Исс шо долчу берана сел чӀогӀа йиттина хилла, цуьнан дерриге а дегӀа тӀехь чевнаш йуьтуш. Кертахь ловзучу заманчохь цунна йека телефон ца хезна аьлла. Балхара цӀа а веана, йиттинера цо цунна, со туьканахь а йолуш. Цул тӀаьхьа цкъа а цуьнца бераш ца дитира ас. Ткъа со ойла йан йолайелира, хӀокхунах муха кIелхьара йер йара-те бохуш. Суна хIетахь билггал хаьара, сайна гIо дан цхьа а воций. Сан нахана лаьара суна гӀо дан, амма ца хаьара муха. Сан вежарша иштта схьа элира соьга, шайна шишанашна тӀе хийша ца лаьа аьлла - оцу хенахь махкахь массара а дийцаре деш дара Тепсуркаев Салманан гӀуллакх.
КХИН А ХЬАЖА: Вийна йа дийна ву? ХIун хаьа лачкъийначу Тепсуркаев Салманах лаьцна?Цара элира, юха а гIой, собаре хила, сатоха, хьайн ма-хуьллу муьтIахь хила, хьайга мел аьлларг де, сан проблема и йацара. Дагахь доццург дийр долуш вара иза, цкъа цхьаъ олура, йуха кхин олура. ТӀаьхьо хезира суна, царна шайн болх дика бан аьтто хилийтархьама, цхьацца тайпа молханаш моьлуьйту бохуш.
Со кхиъна йогIучу хенахь ойла хуьлура сан: йа зуламхой бу, йа маньякаш бу бохуш. Амма суна дага а ца догIура, ишта адамаш ду аьлла – цхьа лартIахь доьзал бу аьлла хета хьуна, амма церан чохь ирча хьал хуьлу.
– Хьайн хӀусамдас наркотикаш лелайо аьлла хьахийра ахь? Муха гучуделира хӀара?
– Бакъдерг аьлча, цхьа а тоьшалла дац сан. Ишта хIума луьра къайлахьо, республикехь массарна а дихкина а ду. Амма йерриг а Нохчийчохь даьржина эладитанаш ду, эскархой наркотикаш тIе хийшабо, цаьрга шайн инзаре болх дика байтархьама бохуш.
Хала ду суна ала, ас иза оцу хьолехь цкъа а лаьцний-те? Со кхеташ йац, наркотикаша хIун до, амма ас гуглехь лехира жоьпаш, дуьстира: иштта кхеташ йоцу мӀаьргонаш яра, уьш дуккха а йара. Амма кхин сов даьккхина хӀумма ала йиш йац сан.
– Бераш кхиорца йоьзна конфликташ хиллий шун? Ткъа хьуна муха хиира, хьан майра уьш хьайгара дӀадаха лууш вуйла?
- Тхо тӀех дика дешна а, кхузаманан адамаш а хиларна, тхо дукха хьекъале хиларна реза вацара иза. Цо со массо а хӀуманна бехке йора: со вон нана ю, динехь йац, ас царна хьехам ца бо бохуш. Ас олура, КъорӀан тIехьа а аьлла ма ду, шайн лаамца, даггара бахка беза уьш дине аьлла. Цо жоп делира, цхьа а са дац, ахь дуьйцурш оьрсийн хIуманаш ду. Царна тӀеӀаткъам бан беза, йетта йеза, эшахь куьг кагдина а- амма цара с боххург дийр ду олура.
ТIом баьллачул тIаьхьа кхин тIе а хийцавелира иза – лазар чIагIдалар санна хIума дар-кх и
Иза тешна ву, массо а санна, ас сайн берашна дуьхьал къийсам латтор боцийла. Уьш дӀа а бигина, нуьцкъала цхьана хьуьжаре дӀабахийта лаьара цунна. Цаьрца охьахиъна Iе цуьнан аьтто хир бацара, дийнахь а, буса а бохург санна, балха тӀехь ма вара иза, ур-атталла мукъаденошкахь а. Амма йоьIарий чIогIа дуьхьал бара, уьш кху дуьненан низамашца кхиийна бу. Уьш мел чIогIа къаьсташ бу хаьий хьуна ур-атталла шайн гонах, - церан дахаре кхин хьежамаш бу.
– Кхул хьалха а цуьнгара йада гIоьртина йу-кх хьо?
- ХIаъ, цкъа йедда а ца Iа.
Дуьххьара со цуьнгара йедда сайн да-нана долчу дIайахара. Шен нахаца, сигнализаци йолу машенашца веара иза суна тIаьхьа. Со ара ца йаьллехь а, кевнаш а, кор а дохийна, лачкъийна йуха йуьгур йара ша бохура со. Шех лечкъар эрна ду элира цо. ТӀаккха ас телефон туьйхира нене, иза цӀахь воцчу хенахь, цо тхо дойур ду – хIунда аьлча, иштта кхерамаш тийсинера цо. Нахе цхьа бохам хилла белла эр ду ша бохуш.
Ткъа тӀом болабелча (Украинина дуьхьал – Редакцин билгалдаккхар) иза цига вахийтира, тIаккха ойла йира ас мичча дIайахна а цхьанхьа гIур йу-кх со аьлла хетара суна. Ишта Москва дӀайахара со, Беларусехь дозанехула дехьайала гӀоьртира, амма санкцеш а, дехкарш а бахьана долуш сан аьтто ца хлира доза хадон. Цунна ца хаьара цунах лаьцна. ТӀаккха цхьа легенда кхоьллира оха, со Москва дарба дан йахана, цунна кӀант ван дагахь аьлла. Суна шеко йоцуш хаьара, цкъа йада арайаьлча со цара лацахь, шолгIа аьтто сайн цкъа а хир боцийла.
-Муьлхачу декъан куьйгалла дора цо?
– "Север" олучу лерринчу полкехь буьйранчин гIовс ву иза.
– ТӀом болабелча, хIун ойла хилира хьан? Украинехь хилла иза йухваирзинчул тIаьхьа цуьнан леларехь цхьа а хийцамаш хаабелирий хьуна?
- Со дог доьхна йара, и дерриге а хила ца лаьара суна, дуккха а дагаоьхура суна Оьрсийчоьнан тхайца хилла тӀом. Цхьа тамашийна синхаамаш бара, украинхойн халкъах чӀогӀа дог лозура сан. Ца хаьа, дукха йоьлхура со, цунах теша а ца лаьара.
ТӀамехь хиллачул тIаьхьа, сан майра кхин а тIе хийцавелира - цамгар чIагIйаларх тера хIума дара и. Психоз, невроз, йа ца хаьа суна, цIе ца йоккху цамгар санна. Масала, суна хаьа, цара лецнарш хьийзош хилар: уьш "ларми чохь" латточу хенахь, цара хадавой чов йора, йуха и стаг вала ца валийта дIатоьгура. И хIуманаша соьга дийца а ца ло, сан корта эккха герга бу.
- Нахана тIехь Iазапаш хьегарх лаьцна хьоьга дуьйцарий цо?
– Иза юкъарчу хьесапехь чӀогӀа къайлаха стаг ву. Цо соьга дийцинехьара, со Iадийна хир йара. И мӀаьрго йийцаре йира цо шен накъостаца телефонехула. Ас хаьттира, аш нахана тIехь ницкъ бо аьлла. ТIаккха далийтира цо шен багара и.
Цкъацкъа хIума багахь саца ца лора цуьнга, цхьаъ эккхара цуьнгара. Цкъа дийцира цо суна – ша цхьанхьа сакъера ца ваханерий хоуьйтуш, Дагестанан дозанехь цхьа "тиктокер" йийсаре лаьцнера шаьш аьлла. Ӏедална дуьхьал цхьа хӀума хӀоттийна хиллера цо. Багажник чохь схьавалийна иза ларми чу къоьссина бохура шаьш. Ша а, шен доттагӀчо Ӏелас а кхеравора иза, дуьйцура. Нагахь санна цо "дерриг а бакъдерг" ца дийцахь, ша террорхо хиларх а, шен накъостий муьлш бу, шаьш цуьнан зуда схьа а ялийна, цунна хьалха иза хьийзор йу бохуш. Цуьнан йоьIарий а схьабалор бу шаьш аьлла, цара дош делла хиллера: масех бер долчух тера дара цуьнан.
Со Iадийнера. Ас хаьттира: "Муха дийр ду ахь ишта хIума? Хьан хьайн а ма ду бераш". Иза цхьана кепара тешийта гӀертара со, дехарш дора цуьнга, нах ма хьийзабе бохуш, и дерриге шена а, цуьнан доьзална а юхадоьрзур ду бохуш, тоьшаллаш дало а гӀерташ. Шек ца волура иза.
Ала дашна, и система бахьана долуш, цуьнан болх а бахьанехь коьртачу декъана девнаш лаьттара тхан. Иза реза ца хуьлура, суна дукха хаьа, хьайн гIуллакх доцчу а гIерта, ша Iамо хьийза бохуш. Суна иза а, цара хьийзош долу адамаш а кӀелхьара даха лаьара.
"Цуьнан балхо зудчунна кхерам бохьу"
Къаьсттина Къилбаседа Кавказехь а, Нохчийчохь а доьзалехь ницкъбар даьржина ду, и тайпа проблема нисъяларан кхерамна тӀеӀаткъам беш хIусамда велахь а, ницкъбаран механизмаш цхьатерра болх беш йу, билгалдоккху "Нана йоцу Кавказан"Нохчийчуьра белхахочо Динас.
"Иза тӀеман стаг хиларо, цуьнан герз а, структурашкахь зӀенаш а хиларо кхерам совбоккху оцу къаьсттинчу зудчунна. Ткъа республикехь шайн зударшна тӀехь ницкъ барехь массо а "чемпион" ву. Муьлхха а, хуьлийла иза хьехархо, лор, йа бизнесхо", – билгалдоккху цо.
"Север" цӀе йолчу Кадыров Ахьмадан цӀарахчу 141-чу лерринчу полкан буьйранчин гӀовс ву Медигов Хаважи. Формалехь и дакъа Росгвардина йукъадогIуш ду, амма ма-дарра аьлча, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна муьтIахь ду. Оццу батальонехь гӀуллакх деш ву Хаважин ваша Медигов Мохьмад а.
2022-чу шеран лахьан-баттахь Европарламенто кхайкхам бира "Север" полк террорхойн вовшахтохараллех дIатоха аьлла – и хьийхира Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх йу аьлла кълобалйар хьехарца цхьаьна. Украинхойн Ӏедалхошна Киевн кIоштахь маьрша нах байъарна бехке хетачу 13 тIеман дакъойн тептаре йаьккхира охан-баттахь "Север" леррина полк.
Оппозицин нохчийн Niyso канало дийцарехь, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдуш Медигов Хаважи федералан ницкъех дIакхеттачу Ямадаев Сулиман агӀор лелаш хилла, цул тӀаьхьа Алаудинов Аптин куьйга кӀел хIоьттира. Оцу хенахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн криминалан полицин коьртехь вара иза. 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан омрица цунна йелира доьналлин мидал - совгӀатан копи редакцин карахь йу.
- Украинан Ӏедалша а, дуьненаюкъарчу структураша а чӀагӀдо, Оьрсийчоьнан эскаро пачхьалкхан малхбалерп кӀошташ дӀалоцуш а, цигахь тӀемаш беш а даккхий тӀеман зуламаш дина аьлла. Цхьадолу уггаре а инзаре а, резонанс дийцинчех дара Бучехь а, Ирпенехь а нах байар. Амма тIеман ден зуламаш эзарал совдаьлла лору. Кадыровхой олуш берш бу царех цхьа могӀа зуламаш дарна декъахь – чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, Нохчийчохь дӀатарбеллачу Кадыров Ахьмадан цӀарахчу къоман гвардин а полкийн эскархой. Украинерчу "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, политикан Ӏилманийн доктора, профессора Савва Михаила дийцира Кавказ.Реалии сайте, муьлха зуламаш тIечIагIдина хӀинцале а документашца, муха лелаш хилла цигахь Кадыровн нах Киеван кӀошт ханна дӀалоцучу хенахь, меттигерчу бахархоша дийцарехь.