"Бита мухIажирш кхузахь баха!"

Австрин коьртачу шахьарахь бахархоша хIоттийна акци. "Марша догIийла шу, мухIажирш! Схьабалабе шайн доьзалш!" тIе яздинчу баннершца лаьтта.

"Бита кхузахь баха уьш!" доьху протестхоша.

Цхьана ийна бухара бахархой а, тIебаьхкина мигранташ а.

МухIажиршна а, бусулбачарна а дуьхьал хиларца гIаряьллачу партин декъашхочунна Хофер Норбертна шаьш резадоцийла а билгалдаьккхира протестехь.

Цхьана лаамца вовшахкхетта тайп-тайпана къаьмнаш.

Амнести Интернешнл организаци ю акци вовшахтоьхначийн декъахь

Венера коьрта майда дIалаьцнера гулбеллачара.

Баккхийчара лелочунна дIоггара тIекхуьуш вацахь а, жимчу немцочо некъ маьрша бу боху шен махка.

Мигрантийн къона агIончаш.

ГIалин къепе ларъечу низамхоша дуьхьало ца йира акцина.

Гергарчу хенахь шайн пачхьалкхера мухIажирш арабаха кечамаш беш бу аьлла хезна, Венехь майданахь гулбеллера австрийхой, цигахь дехачу къаьмнийн векалш, бакъоларъярхой, адвокаташ, политикаш.