"Википедихь" Делимхановх лаьцна дуьйцучу йукъара "тикток-эскарш" аьлла йоза дIадаккха гIоьртина

Делимханов Адам

Оьрсийчоьнан парламентехь Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу, мехкан куьйгалхочун уллорчех Делимханов Адамах лаьцна оьрсийн маттара "Википедира" артиклехь "хийцамаш бан" хьийзина анониман редакторш. Цунах лаьцна дуьйцу "Важные истории" гIирсо а, Wikiganda проекто а йукъахь бинчу талламехь.

Церан хаамашца, мел кIезиг а кхузза гIоьртина уьш текстера Делимхановс "кест-кеста дIайазйора эскархошца хIиттийна видеош, цара тIамехь дакъа лоцу бохуш кеп хIиттош" аьлла йоза дIадаккха. Оцу тIехула "тикток-эскарш" аьлла цIейахна церан Украинехь.

Карарчу хенахь оццу декъехь билгалдаьккхина ду, Кадыровн бIанакъост "бехкехила тарло тIемаш боьлхучу хенахь а, Мариупольна блокада хIоттийча а тIеман зуламаш дарна, доккхачу декъана, тIелетарш дарна а, гуманитаран гIо ца дIа ца кхачадайтарна а, тIамах бевдда боьлхучу нахана пачхьалкхера арабовлуш дуьхьалонаш йарна а, иштта адамаллина дуьхьал зуламаш лелорна а" аьлла.

Журналисташа масалш далийра, кхечу бевзачу Оьрсийчоьнан хьаькамийн а, бизнесхойн а биографешкахь иштта хийцамаш бан гIортарх, бара царлахь Путин Владимиран йоьIарий а.

  • Делимханов – Кадыров Рамзанан ненехула гергара стаг ву, цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. 1990-гIа шераш довш Ичкерин гIаттамхойн командир хилла Радуев Салман дIасалелош хилла ву иза. 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарш Ичкерина тIелетачу заманчохь шен вежаршца цхьаьна, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан агIор велира иза.
  • Делимханов Адам вузу бакъоалрйархошна а, жигархошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш болчарна а тIаьхьавийларна, иштта масех стаг цуьнан тIедилларца верца а. Уггар а гIарадаьллачу гIуллакхех дара – Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис 2015-чу шарахь Кремлан пенаш хьалха вер.
  • Криминалца а, Украинана дуьхьал болийначу шуьйрачу тIамна а гунахь ву аьлла, Делимхановна дуьхьал йаьхна дуьненайукъара санкцеш. Оьрсийчохь 2022-чу шеран бIаьста пачхьалкхан "Турпалхо" аьлла седа белира цунна. Ткъа кху шарахь инарла-майоран цIе йелира цунна.
  • Делимханов Адаман кхо ваша ву: Шарип Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин коьртехь ву (махкара дIабахначу оппозиционераша вузура иза Тепсуркаев Салман верца), Делимханов Iелабек – Къилбаседа Кавказан гонашкарчу Росгвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс ву, оццу ницкъаллин структурехь гIуллакх деш ву Делимханов Амхьад а. Вежаршна дуьхьал йаьхна санкцеш йу, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалацарна.