Шен 5-гIа гулам дIахьош ю "Маьршачу Оьрсийчоьнан форум" Вильнюсехь
- Чекхбевллачу президентан харжамийн жамIаша гойтий халкъ дерриг а санна Путинехьа хилар?
- Харжамаша хийциний Оьрсийчохь политикан хатI?
- ХIун зенаш хила тарло Путинан "керлачу заманах"?
- "Путинан режимо дина зуламаш – "Дуьненаюкъарчу халкъан трибунале"
- Путинан тIемаш а, мехкашлахь Оьрсийчоьнан меттиг а
- Федерализм хьаьшначу "Путинан заманца" муха лараяла еза оппозици?
- Санкцеш. Кхин муьлш язбан беза "Путинан тептаре"?
- Европерчу эмигрантийн боламаш
Эмиграци - миллионийн къаьхьа дакъа
Стохка баьхкинчул дукха баьхкина политикаш-оппозиционераш, совдегарш, интеллигенцин векалш кхушара. Форум схьайиллинчу шахматисто, юкъархочо Каспаров Гаррис хаам барехь, Оьрсийчоьнан 58 гIалара бу делегаташ.
Гуламхоша шаьш ма-аллара, Оьрсийчохь хьал вуно тера ду нийсса бIе шо хьалха, 1918-чу шарахь, деана хиллачух: оппозицина ца лаьа даймахках а къаьстина баха, ткъа цIахь а дац Iойла – гIело йо Путинан режимо.
Бакъду, цунах дац Вильнюсехь къамелаш. Гуламо дийцаредо, муха яккха еза Оьрсийчоь авторитаризмах, коррупцех, клиптократех, зуламашла дахначу, амма хенахь хийцадала дагахь а доцчу Iедалх мукъа.
Форуме а баьхкина, цигахь дерг-хетарг дуьйцу бевзаш болчу политикаша-оппозиционераша Каспаров Гаррис, Чирикова Евгенияс, Крашенинников Федора, политикаша-экономисташа Илларионов Андрейс, Иноземцев Вячеслава, Некрасов Дмитрийс, бакъоларъярхочо Пономарев Ильяс, журналисто-публицисто Троицкий Артемийс, адвокато, политико Фейгин Марка, политолого, публицисто Пионтковский Андрейс, дуккха а кхечара.
Нохчий а бахана форуме
Хьалха шерашкахь а санна, дакъалоцу гуламехь нохчаша. Амма бац уьш Нохчийчуьра – Европерчу диаспорашкара бу.
"Маьршачу Оьрсийчоьнан" 5-чу форуме шайгара кост дахьийтина Европерчу нохчийн диаспоро.
"Ирсе адамна ша маьрша хилча бен ца хета. Шина мехкан – Оьрсийчоьнан, Нохчийчоьнан - юкъаметтигаш ю Маршо - Лолла, Са – Ницкъ, Серло – Бода санна дуьхьаллаьттачу агIонийн масал.
БIешерашка даьлла лела мостагIалла емалдира 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь вайн пачхьалкхийн президенташа шаьш буха куьг яздинчу Машаран Бертаца. Цо гойтура, оьрсий а, нохчий а кхеттийла машаре кхочуш цхьа а ниIмат доцийла.
…Кремле баьхкинчу сонтачу ницкъо Барт хьашна, амма цуьнан аьтто бер бац шина халкъан Дегайовхо, Сатийсам хIаллакбан".
Иштта ду, лаамза даймахках а къаьстина, арахь бехачу нохчийн цIарах форуме динчу дIахьедарера дешнаш.
Форумехь дакъалоцу дуккха а шерашкахь Москох адвокатан болх бина, кхелашкахь тIех жигара лецначийн агIор латтарна валар-висарца йоьзна проблемаш а лилхина, Европехь тховкIело ехна вехачу адвокато Арцуев Аслана.
Цуьнга Маршо Радионо дийхира дийцар, муха ю форуман дайн, оьрсийн а, цига бахначу нохчийн а юкъаметтигаш.
Арцуев: "Нохчий дика тIеэцна Литуван Iедало, тIебаьхкинчу оьрсийн жигархоша а дика терго йо, цхьана догIучу къамелашна хан а ца тоьаш. Кеп-кепара ду дийцарш. Оха оьрсийн а, вайн а арахьарчу диаспорийн ойланашца йогIуш меморандум чукховдийна, иза йийцаре ян езаш ю цкъачунна.
Вевзаш волчу политико Яковенко Игора Путинан режимо динчу зуламех лаьцна дийцира, иза а дара тхан тидамехь. Президентан харжамех, цигахь леллачу харцонех, иштта дIа кхин а дуьйцу кхузахь.
ХIинцца йийцаре йийриг "Путинан тIемаш а, дуьненаюкъарчу хьоланна цара бина тIеIаткъам а" аьлла тема ю.
Кхунах хуьлу пайда нах бовзар ду, тахана Украинах, Шемех, Гуьржийчоьнах харцдерг дуьйцуш хьийзачу Путинан режимо, цхьа хан хьалха, дуьненна хьалха нохчий а гезбаьхнийла хаийтар а, Кремлера жоп дехар а ду. Оцу тIехь кхуза баьхкинарш массо а кхета нохчех. Оха кхузахь дагабоуьйту 1997 шарахь Ельцина а, Масхадовс а хIоттийна барт, гойту иза Кремло бохийнийла а".
Форумехь дакъалоцуш ву дуккха а нохчаша, оьрсаша социалан машанашкахь даьржа шен йозанаш доьшу журналист-блоггер Дервишев Адам. Цо а дийцира шаьш форумехь оьрсашца бечу балхах лаьцна.
Дервишев: "Кремлна, аьлча а, Путинна дуьхьал болчу оьрсийнний, нохчийнний ойланаш цхьанайогIийла дIахоуьйту оха. Цунах лаьцна оха форуме меморандум чуелла. Барт бина шуьйрра юкъарло лелон. Оьрсийчоь мукъаяккхар тхуна а оьшу – иза мукъаяьлча бен дер дац нохчийн къам мукъа. И меморандум оха йийцарейийр ю тахана".
Кхераме а ду, амма къийсам бита йиш а яц
Шина денна лерина Вильнюсера форум йоьрзуш ю. Къастийна декъашхоша шаьш а, шайн цIерачу гонаша а бен болу болх. Атта хир дац Оьрсийчуьра баьхкинчарна гуламо билгалбаьхна некъаш дIакхехьа. Нислуш ма-хиллара, царех хийланиг озор ву цIахь, бахьанаш а карош, полице я кхачор ву набахте. Амма харцонна хьалха охьатовIа уьш цатигарна евза дуьненна церан цIераш.
Иштачу шайн хьешех дог а лозуш, юхабоьрзур бу шаьш баьхкинчу мехкашка Европера нохчий а. Амма форуман массо а декъашхой теша, цаьрга ладоьгIча, Оьрсийчоь а, цигахь деха къаьмнаш а хенан йохалла бакъ-демократе а кхочур ду, къийсам толамца а боьрзур бу бохучух.