Вийна йа дийна ву? ХIун хаьа лачкъийначу Тепсуркаев Салманах лаьцна?

Тепсуркаев Салман

Ши шо гергга хьалха вайна Нохчийчоьнан вахархо Тепсуркаев Салман дийна вац – ишттачу дIахьедарца йистхилира "Iазапашна дуьхьалояран Командин" юрист йолу Садовская Ольга. ШолгIачу дийнахь и тIечIагIдира иштта оппозицин нохчийн 1АДАТ боламан векало а. Иза муха вийна хоуьйтуш ма-дарра дийцира цара, тIаьхьо жигархо верна бехкевира Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волу Делимханов Адам. Делахь а, цхьацца шеконаш юьту Тепсуркаевн валарх лаьцначу версино, дуьххьара цунах лаьцна дIахьединчух а цхьаьна.

Тепсуркаев Салман, 1АДАТ телеграм-каналан чатан хилла модератор ву, иза вайра 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь. Шаьш МВД-н белхахой ду аьллачу наха, дIавигинера иза. ТIаьхьо нохчийн пабликашкахь видео яржийра, цу тIехь ша шегара бехкаш дохуш, шишана тIе хуу Тепсуркаев.

Оппозицин видеоблогеро Абдурахманов Тумсос хилларг инзаре хIума ду элира, "Кадыровн Нохчийчохь а цхьана". Бакъду, Тепсуркаевн тIехь динарг нийса дина хIума ду эдира Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа, - цо дIахьедира, нохчийн зударий сийсазбарна дина таIзар ду и аьлла.

Видео нахалаяьлла бутт баьллачу хенахь бакъоларъярхошна къаьстира, Тепсуркаев дIавига цунна тIаьхьа Нохчийчохь дIаязйинчу шина машенахь баьхкина хилар. Цхьахйолчу машенан долахо хиллера – полицин белахахо. Цул совнах, Тепсуркаев лачкъавале хьалха цуьнга телефон тоьхнера Соьлжа-ГIаларчу МВД-н декъан белхахочо. Камераша дIаязйинчу видео тIехь социалан машанашкахь болчарна бевзинера иза лачкъийнарш. Ву бохура и шиъ, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан ши белхахо – 3-чу батальонан командир Таймусханов Iийса а, цуьнан гIовс Юнусов Джамал а.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн жигархо Тепсуркаев лачкъорна шеконехь волчунна Доьналлин орден елла

Тепсуркаевн телефонан геолокацица къаьстинера, иза Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н полкан дозана тIехь вуйла. Делахь а, нохчийн бакъоларъяран органаша иза лохуш шайна тIера жоьпалла дIадаьккхира – жигархо лачкъорах зуламан гIуллакх дечкен-баттахь бен ца диллира, иза лачкъийна биъ бутт баьллачу заманчохь.

Карарчу хенахь дIайохийначу бакъоларъяран «Мемориал» центро политикан тутмакх лерира Тепсуркаев 2021-чу шеран охан-баттахь. Дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино тIедожийра Оьрсийчоьнан Iедалхошна лачкъийна модератор волу меттиг къастабе аьлла. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело хиллачух жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь ду элира – зен хилларг ю аьллачу Тепсуркаевн хIусамнанна 26 эзар евро ахча а кхачийра.

ХIетахь дуьйна Тепсуркаев Салман варах лаьцна хезаш хIуммаъ дацара. Цундела, «Iазапашна дуьхьалояран Командина» хиъна иза верах лаьцна аьлла, Садовская Ольгас дина дIахьедар, дагахьдоцург дара, цо йоккха гIовгIа гIаттийна зорбанан гIирсашкахь. Амма мухха делахь а, Кавказ.Реалиина къастарца, иза дийна цахиларх долу хаттар хIинца а диллина ду.

"Цхьацца бахьанаш ду, иза дийна вац аьлла хета"

"ХIаъ, со дуьххьара ю, цунах [Тепсуркаев верах] лаьцна билггал аьллачех, делахь а ас къаьсташ ца аьлла. Цхьа аьтто боцуш хилира сан и, цо цхьацца хабарш дийца бахьана а делира, хIунда аьлча, керла оцу хьолах лаьцна тхоьгахь кхин хIуммаъ дац. Тхуна хаьа олийла ду, нагахь санна, цуьнан дакъа гинехь, йа иза дийна цахиларх кехаташ гинехь, йа тешашка хаьттинехь, билггал иза вийна гинчаьрга. Оцу кепара тоьшаллаш тхоьгахь дац", - кхетийра Садовскаяс.

ХIетте а, юристо билгалдаьккхира, "Тепсуркаев лачкъоран хьелаш лерича, цхьацца бух бу, ма-дарра аьлча, иза дийна вац ала". Делахь а, стаг дийна вац аьлла, тIечIагIдан кхо шо хан оьшу – иза уггар а лахара хан ю, стаг къайлавоккхуш цуьнан дахарна а, могушаллина кхерам болуш хIума хиллехь.

1ADAT боламехь дийцира Кавказ.Реалиина, Тепсуркаев вийна хиларх шайгахь хаам болу дуккха а хан яра, амма иза шайн агIонча хиларна, "тIаьххьалц теша ца лаьара".

Цхьа ледара, даьIахкаш тIехь хайп ю хIара, цхьа эрчо гайта гIертар

"Шина шарахь хаамаш кхочура тхоьга иза дийна цахиларх, Салманан цхьахволчу гергарчо а цхьаьна элира тхоьга. Тхуна моьттура, кадыровхоша леррина бохуьйтуш ду цуьнан гергарчаьрга. И бакъ хир дац бохуш, дог тешна дара тхо. Делахь а, ницкъаллин структурашкара тхан информаторша тIаьххьара ши бутт хьалха дийцира тхоьга Салманах хиллачух. Цхьатерра дуьйцура цара массара а, цхьацца кега-мерса хIуманаш тIехь цхьаьна ца догIуш хиллехь а", - дийцира боламан векало.

1АДАТ-н хаамашца, Тепсуркаев лачкъийна, цунна тIехь къизаллаш лелийначул тIаьхьа шаьш хIоттийначу видео тIехь дакъалацийтинера цуьнга, маьршша Соьлжа-ГIалахула лелаш ву ша бохуш, сурт хIоттош. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалара ара а ваьккхина, бала а, сийсазалла а хьегийтинера цуьнга, гезгамашин-беттан 15-чохь вийна иза Гуьмса кIоштан Джалкерчу тIеман полигонехь – Пачхьалкхан думан депутат, Кадыров Рамзанан гергара стаг веха меттиг бу иза. Цул тIаьхьа Тепсуркаев Салманан дакъа цуьнан гергарчаьрга дIаделлера, коша тIе цIе а ца язъеш, къайлах дIаволла аьлла.

Делимханов Адам

1АДАТ-н векалша бехкевира Тепсуркаев верна Делимханов Адам а, цуьнан ваша Шарипта, Нохчийчохь йолчу Росгвардин урхаллин хьаькам. Церан дешнашца, Делимхановс вийна модератор, хIунда аьлча, вукхо цхьана хенахь цуьнан нана сийсазъеш, байташ йешнера.

1АДАТ-н информацига ладоьгIначул тIаьхьа Садовская Ольгас хаамбира Кавказ.Реалиига, ша цецъяьлла аьлла.

"Оцу йоллучу информацих лаьцна тхуна хууш хIума дацара. Суна тамашен хета, шайгахь и хаам хиллехь, бакъоларъяран органашка стенна ца боьвлла хIорш, хьалххе зорбане стенна ца йоккхура информаци. Цхьа ледара, даьIахкаш тIехь хайп ю хIара, цхьа эрчо гайта гIертар. Иза дIавоьллина аьлла, шайгахь хаам хилча, цуьнан гергарчаьрга хеттарш дайта ала мегар ма дара", - элира юристо.

Янгулбаев Абубакарна хетарехь, Тепсуркаев вийна боху верси бакъйолчух тера ду, Кадыровс а, Делимхановс а лелочуьнца догIуш а ду, делахь а, тоьшаллаш цунна ца гина.

"Суо юрист хиларе терра, муьлххачу версишка лехаме хьоьжу со тоьшаллашца долчуьнца аьлча",- кхетадо Янгулбаевс

Тепсуркаевн каш лаха хьийза хIинца 1АДАТ-н жигархой, оппозиционераша чIагIдарехь, хIуммаъ а аттачух а дац и, хIунда аьлча, цуьнан коша тIехь язйина цIе цахиларна, ур-атталла гергарчарна а цхьаьна хууш дац, стенгахь иза дIавоьллина.

Янгулбаев Абубакара дийцира Кавказ.Реалиига, беллачийн декъий йа лаьттах духку къастозачу кешнашкахь, йа гергарчаьрга дIало, совнах хIуманаш ца лелош, коша тIе цIе а ца язъеш, дIабохка олий.

"Кадыровхоша байинчийн декъий цхьана ор чу, коша, бахка а тарло, масала, Оьрсийчоьнан эскархоша Нохчийчохь ма-дарра,- боху юристо. – Амма, нагахь санна, Тепсуркаев меттигерчу кешнашкахь дIавоьллина бахахь, цуьнан каш схьалаха хала хир дац".

КХИН А ХЬАЖА: Iазап латтор, нах лечкъор, нах байъар. Нохчийчохь муха бевзаш бу Украинехь тIом бен нохчий

Тепсуркаев воцург а

Шайн гергарнах лачкъорца доьзна, бакъоларъярхошка орца доьхучу нехан терахь чекхдолуш доллу, хIунда аьлча, царна шайна а, церан доьзалашна а Iаламат кхераме ду и, дуьйцу Садовскаяс.

"Цундела, нагахь санна нах лечкъабой, цхьа легалехь йоцу схемаш лелайо, масала, и стаг мах белла схьаваккха гIерташ. И дерриг а бакъоларъярхошна а, журналисташна а ца хоуьйтуш леладо, цундела тхан олийла дац дукха бу йа кIезиг бу лечкъийна нах. Цул совнах, цхьана а тайпа анониман хьасташ тхан яц, оха болх бо тхайга аьрзнаш динчу нахаца. Девзаш долчу бахьанашца, Нохчийчуьра кIезиг бовлу тхоьга - нах ца баьхьа", - боху юристо.

Тепсуркаев Салманца хилларг цкъа хилла цхьа хIума дац, тахханалц хуьлуш схьадогIуш ду

Садовскаяс терго йо, стаг лачкъорах массо а хаамаш бакъ хуьлуш цахиларан. Цул совнах, царех цхьаболу хаамаш тIечIагIбан ницкъ ца кхочу. Нисло иштта, нах зIене бовлу тхоьца, цхьа хан яьлча: "Сан ойла хийцаелла" олий, юхабовлуш.

1ADAT-о Кавказ.Реалиина дийцира, тIетIаьIIина рейдаш дIахьочу хенахь къаьсттина дукха нах лечкъабо – "шо довш йа цхьа барам болуш".

"Пандемин муьрехь дукха нах лечкъийра. Дукха хан йоццуш оха яздира нах юха а лечкъон буьйлабелла аьлла, царна Iаткъам бан, "лаамхой" санна Украинерчу тIаме бахийта", - элира боламехь.

1ADAT –о билгалдаьккхира, Тепсуркав – кадыровхоша тIаьххьарчу заманчохь лачкъийначех цхьаъ бен воцург вац аьлла. Масала, шеконаш яц цара лачкъийна хилла Умаров Мовсар а, Тазабаев Рамзан а вийна хиларх.

"Тазабаев Рамзанца хиллачу кхин цхьана стагах лаьцна хаамаш зорбане баха кечлуш ду тхо. Лаьцначул тIаьхьа вон хиллера цунна, дарбан цIийне вигинера иза, Тазабаев а санна. Рамзан оцу сохьта велира, ткъа хIинца хIара стаг а велла. Кегийчарна тIехь ницкъбина ца Iаш, зударшна а, берашна а, цомгашчарна а ма бо цара. Царна бен-башха ма дац. Уьш байъа ца лууш хила а там бу царна, амма бен-башха а доцуш цара Iазапаш хьегийтарна, стаг ле йа дарбан цIийнехь, йа церан карахь,- дийцира 1АДАТ-н векало. – Тепсуркаев Салманца хилларг цхьаъ бен доцу гIуллакх дац, и нисло тахана а".

Къилбаседа Кавказерчу «Iазапашна дуьхьалояран Командин» куьйгалхочо Ванслова Екатеринас дийцарехь, нах лечкъорца долу гIуллакхаш къайле йолуш ду, ткъа Оьрсийчоьнан официалан органаша эвсара ца толлу уьш. Цо бахарехь, бертаза лачкъийначу нехан гIулакхаш маса талла ца доладо, талламчаша хуьйцу уьш таллам болабале дечу зерашца.

"Беттанаш дIаоьху, цара бехктакхаман гIуллакх доладалале, маса талламбар мехала доллушехь. Ткъа тIаьхьа [талламчашна] ала атта ду, "аьтто ца белира, стенгахь латтош ву лачкъийнарг хаа", - боху эксперто.

Вансловас билгалдоккху, дукхахболчу лечкъийначу нехан кхолламех хууш хIуммаъ дац, юкъа хан йоьлча, байина хила тарло олийла ду. Делахь а, чIагIдойла яц и, –юристо дагадаийтира КПП-н практикера Умарпашаев Ислам лачкъорах лаьцна. Беа баттахь латтийра иза нохчийн ОМОН-о, тIаьхьа бакъоларъярхойн ка елира иза маьршаваккха.

  • Товбеца-баттахь, 1АДАТ-н лараршца, Нохчийчохь лачкъийна 17 стаг. Бакъоларъярхойн зерашца, билггал долу терахь кхин а лакхара хила мега. ТIаьххьара лачкъийначех ву Дадаев Ризван. Iаржъеллачу хенахь камери тIехьарчу стага, хетарехь, ницкъахо ву, хеттарш до Дадаевга, хьо хIунда лаьцна аьлла. Вукхо жоп ло, цхьана жимчу стагаца цхьанакхета дагахь вара ша. ТIаьхьо къаьстира, Дадаевн контактехь хилла кхин а ши стаг лаьцнийла. Стенгахь бу лецнарш, буй уьш дийна, хууш дац.
  • Делимханов Адам бехке лору оппозицин политик Непцов Борис а, Кадыров Рамзанна дуьхьал вистхилла нохчийн "Ламанхо" тобанан командир, ФСБ-н подполковник Байсаров Мовлади а верна. Делимханов Интерполехула лехамашка а велира ЯмадаевгIеран вежарий байъарна бехкевина, журналисташна кхерамаш туьйсуш, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзалан "коьртеш даха" бохуш, цо дина дIахьедарш талла тIедожийнера. Делимханов иштта дика вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москварчу Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан куьйгалхочунна Закускин Александрна а кхерамаш тийсарна а. Стохка аьхка оппозицин политико Яшина Ильяс "Оьрсийчоьнан уггар а кхераме депутат" ву элира Делимханов.
  • Охан-баттахь президенто Путин Владимира Делимханов Адамна Оьрисйчоьнан Турпалхочун седа белира. Бахьана дара Украинехь "спецопераци йоьдучу хенахь къонахалла а, турпалалла а гайтар". Мангал-баттахь Делимхановс кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьало латторан а комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан дарж дIалецира.
  • Адамийн бакъонаш хьешарна бехкевина Делимханов Малхбузен санкцийн тептаре ваьккхина ву.