Вийначу дагестанхочун гIуллакхехула хилла Гуьмсан кIоштан кхелан куьйгалхо юкъарваьлла

Кхел. Гайтаман сурт

Дагестанера аптекахо Кардашов Алексей верца доьзначу гIуллакха юкъара валар адвокташа а, бехкбуьллучу агIоно а тIедожорна Гуьмс гIалин кхелан куьйгалхо Амиров Iусман резахилла. Кхеле хIоттийна ву Омаров Сайд-Мохьмад. Вийначун доьзал тешна бу иза бехке цахиларх, церан шеконаш ю нохчийн ницкъахойх.

Иза юкъарваккхаран бахьана ду, Амировс оцу хеначохь, Кардашовна ницкъбеш, шайгарчу бакъонел сов вийлинчу Росгвардин шина белхахочун гIуллакх а дIахьош хилар. Омаров теш ву цигахь, дийцина Кавказ.Реалиига "Iазапашна дуьхьал Команда" бакъоларйаран организацин юристо Гусев Константина. Шина а гIуллакхехь зен хиллачун – вийначун ненан Якубова Цилин интересаш хьалхайаьхна цо.

"Вовшашца доьзна ши гIуллакх низамехь дIадахьа бакъо йац цхьана кхелахочун. Цундела резахилла иза юкъарвала. Амма проблема ю, и гIуллакх 2019-чу шарахь дуьйна луьстуш хиларца, Омаровна дина таIзар Нохчийчуьра Лакхарчу кхело юхадаьккхира, юха талла кхечаьрга дIа а хьажош. Гуьмсерчу кхелехь башха дукха бац суьдхой, и гIуллакх ишта йа вуьшта цара теллина ду", - кхетийра Гусевс.

Юристо бахарехь, юьхьанца дуьйна Омаровн а, Росгвардин шина эскархочун а гIуллакх цхьаъ дара – иза дукха эвсара говзаллица теллира дагестанхойн талламхоша. Амма цул тIаьхьа Нохчийчоьне дIакхачийра, цигахь шина гIуллакхе дерзийра дахдан а, болх чолхе баккха а".

Адвокаташна а, вийначун гергарчарна а хетарехь, таIзаре хIоттийна хила веза нохчийн виъ ницкъахо – аптекахо Кардашов Алексей верна бехкеволу ши полисхо а, Росгвардин ши эскархо а, амма МВД-н белхахой кхин дIа а шайн белхаш дIабеш бу, иза къайлаваккхарна шайна тIехь шеконаш йоллушехь.

Хьан луьстур долуш ду Омаровн гIуллакх хIинца – хууш дац. ГIуллакхан карточки тIехь хаамбарца, Гуьмс гIалин кхело хIинца кхозлагIа толлуш ду и гIуллакх – 2019-чу а, 2021-чу а шерашкахь таIзарш кхайкхийна дара, амма царна латкъам бира апелляцихь.

  • Дагестанера Хасав-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей вайра 2017-чу шарахь. Нохчийн полисхойн шеконаш йара цуьнца, цо къайлах наркотикаш юхку аьлла. Оцу гIуллакхан коьрта теш – Соьлжа-ГIалара таксхо Омаров Сайд-Мохьмад ву, цо мукIарло динера, Кардашовгара "Лирика" эца лууш вара ша – дуьйцура, нохчийн ялх ницкъахочо, царех виъ вевзинера цунна, Кардашов Соьлжа-ГIалара Хасав-Юьрта вигира, цигара аптекахо Гуьмсерчу МВД-н декъе валийра аьлла.
  • ТIаьхьо Омаровс ша дийцинарг хийцира, Кардашов вер шена тIе а лоцуш. 2020-чу шеран лахьан-бутт бовш колонихь даккха исс шо хан туьйхира цунна. Оцу гIуллакхах лаьцна шуьйра йаздира Кавказ.Реалиис.
  • Къоман гвардин ши белхахо Абдурашидов а, Дукаев а лецира 2019-чу шеран зазадокху-баттахь, и шиъ бехкевира шайгарчу бакъонел сов вийларна. 2020-чу шеран гIуран-беттан 14-чохь Гуьмс гIалин кхело динчу зуламехь цу шиннан бехк тIечIагIбира, арахь даккха 3,5 шераш туьйхира.