Оьрсийчуьра уггаре а дукха интернетхой шена гергаоьзначу социалан машанех ю «Вконтакте». Карарчу муьрехь цхьана бевзаш боцчу ницкъаша хьовзамашка даьккхина цуьнан дахар. Маситтаза нисделла цунна вирусаш тΙелеташ, ткъа деношкахь Ιедало ша зуламе лоручу сайтийн Ιаьржачу тептар тΙе яьккхира иза. ТΙаккха хаам бира, иза гΙалатлонна нисделла, аьлла.
Цхьа цΙеххьашха, цхьа ларамза, Кремлан цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш, нисделла боху цигарчу хьаькамаша, Оьрсийчуьра кегийрхоша, интеллигенцино, кхиболчу интернетах боьллачу могΙарчу бахархоша – иттаннаш миллионаша шаьшлахь юкъарлонаш лелае, дахаран агΙонаш тергалъян аьтто бохьуш йолу «Вконтакте» домен Ιедалан мостагΙийн могΙара яккхар.
«ХΙан-хΙа, - элира, хилларг гΙалатло юйла дΙахоуьйтуш, оцу деношкахь а премьер-министран гΙовсалахь ларалуш хиллачу Сурков Владислава, - "Вконтакте" вуно мехала а, дукха нахана оьшуш а социалан маша бу, иза дΙакъовлийла дац».
Бакъду, «Вконтакте» цкъачунна шех хиндерг лардеш Ιахь а, иза дΙалакъайойла дац аьлла волу ша Сурков-м вац хΙинца цхьана а даржехь. Иштта хиндерг цхьа Дела воцчунна ца хууш ю ерриг а Оьрсийчуьра политика.
Уггаре доккха а, Оьрсийчоьнан кхоллам хийцамашка берзо а тарлуш дукъ а ду «Вконтакте» машано шеца схьадахьаш – иза, оппозицин гонаш вовшах а кхетий, цо Путинан Владимиран режим емал ен интернет-майда ю ерриг берриг а махкахь. Дуккхачарна хетарехь, хΙинца цуьнан гΙуллакхаш галдовларан бахьана дозу къаьсттина оцу агΙонца.
Сайт дΙакъевлина а кхаьбна, схьайоьллуш хьакамаша хаийтира шаьш тилкхаздаьхнарг: царна тусаделла хилла цо боьхачу наха берашца лелае эвхьазалла гойтуш санна.
Амма хаамийн гΙирсийн зерхочунна, Ιедална оппозицехь волчу блоггерна Козырев Олегна хетарехь, хΙумма а дац шашаха нисделла.
Козырев: «Соьга алалур дац, хилларг ларамза нисделла. Маьттаза хΙуманаш ду лелаш. Оьрсийн интернет-юкъаралла олалле ялош, охьатаΙош ду дийриг дерриг а».
Берийн кхетам аьхна латтийта до а бохуш, цунах бахьана а деш, хΙоттийна Кремлана товш яцарна йоьхкучу сайтийн Ιаьржа тептар, аьлла хета интернетхой дукха бу Оьрсийчохь.
«Вконтакте» машан проблемаш схьайоьллуш цхьа формалан бахьана–хилам нисбелира Москох. Цуьнан дас, инарла директора Дуров Павела Петарбухахь бахначу баттахь стаг лазийна, машен тΙе а тоьхна, тΙаккха хаьхккина дΙавахна, кΙайлаваьлла, бохура некъан полицино. Цуьнца доьзна «Вконтакте» хΙусамах а хьаьжира Ιедал. Ткъа Дуровс-м ша вац бохура я машен лелош а, я иза йолуш а.
Оцу мурехь йолийра, даима а санна, муьлш бу ца бевзачара «Вконтакте» маша вирусийн баланашка лаца.
2006-чу шарахь кхоьллира 28 шо долчу петарбухахочо Дуров Павела шен социалан маша. Лурчаха Ιай Москох Кремлана дуьхьал, аьлча а, Пачхьалкхан Думин харжамаш дΙахьош Ιедалера юьйлу харцо ялхош, наха гуламаш болийча, ФСБ-но «Вконтакте» чохь юкъарло леладечу оппозицина и дан некъ бехка элира Дуровга. Иза реза ца хилира. ХΙетахь, тΙахьало йоцуш дирзича санна, тергамхойн тидамера делира и дар-дацар.
Амма яцара Кремл къинхетам а бина Ιаш. Машан акцеш эцайолийра Ιедална герга болчу олигархаша. Ийцира цара Дуровн компаньонашкара оцу машин дакъош, ткъа Дуров реза ца хилира шегахь долу 12 процент дакъа дΙадохка. Иштта болабелира цуьнца Кремло гΙаттийна тΙом. Ткъа формалехь и дΙахьош гург Кремл яц, Путинан гонашкарчу нехан хьеший, доттагΙий бу.
Сайтан акцеш эцнарш бу Роснефтан кхеташонехь волу Шербакович Илья, Кремелана муьтΙахь ларало совдегархо Усманов Алишер, кхиберш. Усмановгахь хΙинца ю, масала, «Вконтакте» машин 40 процент акцеш. Дуьсург ду сайт кхоьллина волу Дуров Павел юьстахваккхар, и кхочуш хилчхьана, маша Кремлан кога кΙел йоьжний а ю.
Хаамийн гΙирсийн зерхочунна, оппозиционерна Козырев Олегна гарехь, Кремлан гонаша дерриг а дийр ду Оьрсийчуьра юкъарлонийн хьосташ, интернетера тоьлла сайташ, караерзош.
Козырев: «Интернет-сайташна кхерамаш туьйсуш ду Ιедал. Йозуш йоцу интернет-ресурсаш кога кΙел ерзоран некъ кхин а дΙахьор бу Ιедало, уьш долахошкара эцарца, ницкъаша дΙаяхарца».
Къайле яц, ФСБ-но интернет олалле ерзорехьа дерриг а деш хилар. Уггаре хьалха цо кхуллу нехан бΙаьргаш чохь ирча сурт. Кхерамзаллин урхаллан цΙарх иштта къамел дира Оьрсийчоьнан Талламан комитетан векала Маркин Владимира кху беттан юьххьехь. «Блогийн дуьнено политикан, экономикан, социалаш боламашна тΙеΙаткъам бо, бийр а бу. Халкъан пачхьалкхе болу тешам бойъуш, цуьнан ницкъ бохош дΙахьош бу информацин тΙемаш».
И "тΙемаш" дΙакхоьхьурш бу, элира Талламан Комитетан векала Маркина Владимира, «цхьаццаболу олигархаш а, арахьара центраш а».
«Вконтакте» машано ловчу халонех лаьцна артикл кечйина Маршо Радион Москохарчу корреспондента Балмфорт Тома.