Волгоградехь КъорIан дагийначу гIуллакхехула волайнхой бу аьллачу имамашка хеттарш дина Нохчийчуьра кхело

Журавель Никита

Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагийча гIаттийначу гIуллакхехула шаьш волайнхой ду аьлла, дIакхайкхийначу меттигерчу пхеа имаме хеттарш дина Нохчийчуьра кхело. Цара дIахьедина, Журавель Никитас лелийначо "массо а бусалбанийн дог-ойланаш сийсазйина". Хьалхо республике дIакхачийна 19 шо долу Волгоградера вахархо политикан тутмакх лерира "Мемориало".

ТIаьххьарчу кхеташонехь хеттарш динчара хаамбира, Журавеля динчо шайн сина зен дина, йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло.

"Массо а бусалбашна хIара магийта йиш йоцург ду. Со а сийсазвина кхо, сийсазбина боллу бусалбанаш", - далийна "Чечня Сегодня" агенталло Соьлжа-ГIалара Байсангуран кIоштан маьждиган имамо Бибулатов Салмана аьлла дешнаш.

Кхелехь Журавеля рогIера йуха а къинтIера бехира бусалбанаш, йаздо "Сапа-Кавказ" телеграм-канало. РогIера кхеташо хир йу дечкен-беттан 12-чохь. Оцу дийнахь висинчу бархI имаме а хеттарш дийр долуш ду.

Верриг а волайнхо ву аьлла, билгалваьлла 13 имам, кхело шайн кхеташо масийттаза дIатеттира, уьш дов хоттучу ца бахкарна.

Журавель Никита бехкево Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, динца болчу цабезамца харцахьа леларна а йолчу артиклашкахула. Кавказ.Реалиин сайто йаздира, кхелан хиллачу ладегIаршкахь кхело бехбуьллучу тешашка видеозIенехуоа хеттарш дарх – Волгоградера маьждиган имаме Бектемиров Ильясе а, VI.ru сайтан корреспонденте Богданов Иване а, иштта дуьхьало йина адвокаташа кхелахо Дандаев Руслан гIуллакхера араваккха аьлла дина арз тIеэца – цо озабезамаш бийр бу аьлла хета царна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама кху аьхка йиттира лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира.

  • КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедира, лаьцначо мукIарло дина, СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара ша аьлла. Журавеля дина дIахьедар доцург, мича тоьшаллаш тIехь гIуллакх вовшахтоьхна, хууш дац.
  • Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира – цигара "дуккха а" дехарш кхочура, шаьш зен хилларш лара оцу гIуллакхехула аьлла бух балош.
  • Кхелехь Журавеля къинтIера бехира шена бусалбанаш, дIахьедира, ша бехке хета шена делах тешачарна деза хета жайна дагорна, амма къепе шога йохон лаам бацара шен аьлла. Цо иштта тIетоьхна, КъорIан дагор ду аьлла, шен барт хилла нах ца карийна, ткъа и зулам дира ша итт эзар соьма дуьхьа, иза а дала а ца делира шена аьлла.