Бельгехь кхаа нохчочух шеконаш йу терроран тӀелатар кечдеш хилла аьлла, уьш лецначул тIаьхьа талламаш бина Францехь диаспоран декъашхошна йукъахь. Нохчийн жигархоша дуьйцу пачхьалкхаца эвсаре юкъаметтигаш ца хилар ду и, ткъа говзанчаша билгалдоккху тӀаьхьарчу шерашкахь баьржина хаамаш бахьана долуш къайлахчу сервисийн бӀаьргаш чохь диаспоран васт вочу суьртехь го.
Товбеца-бутт чекхболуш Бельгерчу къайлахчу сервисаша махкахь цхьамогӀа гӀаланашкахь дейтта адресашкахула талламаш бира: верриг а вохI стаг лаьцнера, уьш берриш а нохчийн къомах бу. Цул тӀаьхьа царех виъ дӀахийцира, кхоъ бехкевира терроран тохар дан кечлуш хиларна: талламчаша бахарехь, уьш хила тарло "Исламан пачхьалкх" олучу террорхойн тобанан овхӀанхойн "Вилаят Хорасан" гарана йукъахь.
Оцу йукъана прокуратуро билгалдаьккхира, лоцучу хенахь шеконашкахь берш тIелата цхьа Iалашо лаьцна хилар хааделла дацара аьлла. Бельгерчу хаамийн гӀирсаша тидам тIеуза, Парижехь Олимпиадан ловзарш дуьйлалучу хенахь махкахь полицино а, кхерамазаллин сервисаша а ха дар чIагIдина хиларна.
ОьгIазло алсам йу Красиков дIаваларна, нохчий лецарна йац
Бельгина керла хӀума дац Нохчийчохь бехачу бахархошна дуьхьал терроризман бехкаш дахар. Цу кепара, стохка стигалкъекъа-баттахь махкахь лецира "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан агӀончаш бу боху ворхI стаг, царах а терроран тӀелетарш кечдеш хиларна шеко йара.
Тоххара лецарш лазаме тӀеоьцура диаспорехь, амма хӀинца адам хIоьттина, шайн гӀуллакхаш лелон лууш хуьлу царна, бохуш дийцира Антверпенера нохчийн юкъараллин гӀуллакххочо М.Мусас: "Нах кхийтира цхьа бутт баьлча массо а маьрша воккхуш хиларх. Тахана, Красиков Вадим дIавалар чIогIа новкъадеана, кхоъ нохчи лацарал а алсамох.
"Iедална а, диаспорина а йукъа лелаш стаг вац"
Товбеца-баттахь Бельгехь лецарш а, талламаш а хиллачул тIаьхьа Францехь бехачу нохчийн диаспоран векалшна йукъахь а дIадаьхьира изза зераш. Кавказ.Реалии редакцин хьосташа дийцарехь, уьш террорхойн йукъараллашца боьзна буй хьоьвсира, хIунда аьлча, Бельгехь лецначийн телефонашчохь церан номерш хиллера, цхьаберш социалан машанашкара церан агIонашка йазбелла а бара.
Теллира пачхьалкхан къилбаседа-малхбалехь: Метцехь а, Нансехь а, Страсбургехь а – шийтта стеган неIаре кхаьчнера леррина сервисаш. Тхоьга кхаьчначу информацица, царах цхьа а масех сохьтел сов латтийна вац. Ӏуьйранна 5 сахьт 45 минот йаьлча дӀадоладелла талламаш бар, гергарчу хьесапехь делкъа хан кхаччалц дӀабаьхьнера. Полисхой хIусаме баьхкинчара дийцарехь, массо а хIуманех хьоьвсира уьш, аудиохаамийн копеш йеш хилла, доьзалан декъашхойн персоналан хӀуманаш толлуш хилла.
Массо а хIуманах хьоьвсира уьш, аудиохаамийн копеш йира, доьзалан декъашхойн хӀуманаш теллира
Редакцица къамел динчийн претензеш йацара францхойн полицина дуьхьалйаха, эпсарш жӀаьлешца петаршка чубаьхкина хилар, цуо церан зударий а, кегий бераш кхерийн хилар доцург. Вуьшта, респонденташа дуьйцу агресси йоцуш, гIиллакхехь лелара уьш шайца бохуш. Талламаш бинчул тӀаьхьа, шаьш бехачу гӀаланийн территори тӀера дIасадовлар дихкина, хӀора денна полисхойн декъе куьгйаздан дахкар тIедожийра царна. Церан гӀуллакхаш бехктакхаман гӀуллакхехула а доцуш, административан юрисдикце дIакхачийна, лецначеран кехаташ тӀехь дуьйцуш ма-хиллара. Царна бархI де деллера цу омрана латкъам бан.
Даима а хала хуьлу префектуран сацамашна латкъам бан, боху Парижерчу кхелехь болх бечу нохчийн гочдархочо В.Артура. Цо бахарехь, юридикан гӀо цахилар ду и.
"Нохчийн диаспорехь дукха хенахь дуьйна лаьтташ йу цхьа проблема - Ӏедална а, юкъараллина а йукъа лелаш стаг цахилар. Цу пачхьалкхехь вехаш ву йалх эзар гергга нохчо, доккхаха долу дакъа Парижехь а, цунна гонаха а деха. Ӏедалан тешам бац юкъаралле. Нохчийн жигархойн системехь беш болх бац, ткъа болу жигархой а, доккхачу декъанна цхьацца йеккъа политикан Ӏалашонашна тӀехьажийна болх беш бу, меттигерчу нохчийн интересаш гойтуш бац", - тешна ву къамелхо.
Кавказ.Реалии корреспонденто дехар дира Метцера полиции департаменте, хIун бахьана долуш лоьцуш бу нах дийца аьлла. ХIара материал зорбане йоккхучу хенахь а цаьргара жоп деана дац.
Къайлахчу сервисийн бIаьргаш чохь вон амат
Францехь террорхойх дог лозуш ву аьлла шеконашка эцна, цул тIаьхьа къайлахчу сервисашна шаьш харц хиларх мукIарло динчу Нохчийчура вахархочо боху, дукха хьолахь диаспорера наха, къаьсттина кегийчу наха, "жоьпалла доцу къамелаш" до теракташ дарх а, махкана а, юкъараллина а кхерамаш тийсарх лаьцна забарца къамелаш деш.
Нохчийн тобанашкахь наггахь хуьлу къайлахчу сервисаша шайн тергонехь латтош болу нах, боху шен цӀе йовзийта ца лиъначу кхечу диаспоран векало: "Масала, ахчанаш дӀасакхехьийтарна тIехь терго латтайо. ТIаккха шеконашка оьцу оцу стеган зIенаш мел хилларг. Дукха хьолахь ши-кхо де даьлча дӀахоьцу уьш, амма газеташа цунах лоций ца яздо – иза лацарх бен хаам ца бо".
Нохчийн диаспорехь цхьа кIеззиг нах бу, джихIадхойн идеологица
Проблема йу нохчийн диаспорехь джихIадхойн идеологино лелош цхьа кӀеззиг нах хилар - цара кест-кеста кхечу массарна а проблемаш йо бохуш, кхетадо Прагерчу Карлан университетан политологин профессора Эмиль Аслана: "Проблема чӀагӀйо негативан агӀор гойтучу суьрто: Малхбузерачу Ӏедалшна а, къайлахчу сервисашна а бахьана даьккхира Шемахь бахархойн тӀамехь цхьаболчу диаспорера наха дакъа лацарца".
Цхьа бахьана хила мега Малхбузерчу пачхьалкхашкахь нохчийн Ӏедална критика йеш болчу нахана киллерша деш долу тӀелетарш, бохуш кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо: "Ткъа иштта Европерчу кхелашкахь Нохчийчуьра тховкӀело йоьхуш болчу нехан хьокъехь а, уьш Оьрсийчоьне дӀабаларца доьзна а хаддаза девнаш хуьлу. Оцу боллу хаамаша диаспорина гIо ца до".
• Германехь диъ шо хан туьйхира Нохчийчуьра схьаваьллачу 17 шо долчу жимчу стагана, теракт кечъярна бехке а вина. ТаӀзар дина хьалххе кечам бина къизачу хьелашца стаг верна а, ткъа иштта йихкинчу цхьаьнакхетараллин билгалонаш лелорна бехке а вина.
• Парижан йистехь йолчу францхойн Ормессон-сюр-Марн гӀалахь урс а карахь, полисхошна кхерамаш туьйсуш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла стаг лаьцна. Зазадокху-баттахь дуьйна пачхьалкхан къайлаха сервисаш а, къоман полици а Олимпиадаца доьзна лакхара кхерамзалла латточу тӀегӀанехь болх беш йу.
• 200 эзар сов къаьмнийн нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар йаккхий диаспораш Францехь а, Германехь а, Австрехь а йу. Европел арахьа диаспораш йу США-хь а, Канадехь а, Гергарчу Малхбалехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а.