Your browser doesn’t support HTML5
Австрехь бехачу нохчийн юкъараллин векалш гулбинера цу махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цу цхьаьнакхетаре веанера гергарчу хьесапехь шовзткъа стаг.
Диаспоран дахарехь жигара дакъалоцу нах бара уьш, масала, зударийн я студентийн цхьаьнакхетараллашкахь, я маьждигашкахь, я кхечу тобанашкахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан агIор нохчашца цхьаьнакхета веанера Австрин полицин урхаллан куьйгалхо магистр Цирнзак Манфред а, полицин урхаллан ши белхахо а.
„Австрехь цхьанна а кхерам боцуш“ бохучу цIарца дIадаьхьанчу цхьаьнакхетарехь дийцаре деш дара цу махкахь бехачу нохчийн интеграцица доьзна дерш. Шен къамел долош полицин урхаллин куьйгалхочо Цирнзакс элира, ма-дарра аьлча, полисхойн болх бац нохчийн я цхьаннан а интеграци ярехь къахьегар аьлла.
Делахь а, тIаьхьарчу хенахь нохчийн кегийрхой полисхойх летарца боьзна Iотта-баккхамаш алсамбовларна сацам бинера шаьш вайнахаца цхьаьна а кхетна, хIун дича кегийрхой харцахь лелар сацалур дара, цаьрца кхиаме болх бан муьлха некъаш карон йиш яра, аьлла.
Кхаа сохьтехь дахделла цхьаьнакхетар дагадовларийн хьесапехь дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш хиллачу Ташаева Маликас ишшта элира шаьш дийцаре динчу хаттарх лаьцна: „Вон лела бераш а, нах а а массо а къаьмнашна юкъахь ду бохура цара. Амма вай бен дац боху цара полицина дуьхьало еш. Иза нийса дац иза хийца деза вай. Вайн берашкца болх бан беза вай“.
Цхьаьнакхетар дIадирзира Австрерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьукматхоша цигахь дийцаре динарг массо а цу махкарчу бундеслаьттанашкарчу полисхойн урхаллашка дIа а кхачийна, нохчашца цхьаьнаболхбаран керла гIулчаш тIеоьцур ю шаьш аларца. Цхьа шо даьлча кхин цхьа а цу кепара цхьаьнакхетар дIадахьа сацам а хилира гулбеллачеран.