ВСУ-н Коьртачу штабо дIахьедина Дагестанера а, Нохчийчуьра а эскархоша вовшашна тIе герзаш деттарх

Украинерчу Запорожьен кIоштахь йохийна оьрсийн танк, гайтаман сурт

Украинан ТIеман ницкъийн Коьртачу штабо дIахаийтина Оьрсийчоьнан армира Нохийчуьра а, Дагестанера а эскархоша вовшашна герзаш деттарх, хаамбарца, шина а агIор 20 сов стаг вийна, 40 лазийна а ву.

Киевн информацица, конфликт иккхина Запорожьен кIоштара ах оккупаци йинчу Михайловка эвлахь. Информаци бакъ йеш тоьшаллаш дац, Оьрсийчохь ВСУ-н хаамех лаьцна йина комментарий йац.

"Оьрсийн пропагандисташа кадыровхойх лаккхара командир йукъахь а волуш видео дIайазйечу хенахь дош дашара даьлла, барт ийгIинера кадыровхошна а, дагестанхошна йукъара. Шина а агIоно вовшашна тIе герзаш диттира", - йаздо ВСУ-н Коьртачу штабо марсхьокху-беттан 15-чохь шайн сводкехь, тоьшаллаш ца хIиттош.

Киевехь чIагIдарца, оцу герзаш кхийсарехь цхьахволу эскархо вийча, гранатометех ка йахийтира цара. Кадыровхойн декъан командир таIзар деш тIеман хьалхарчу позицешка вахийтина, дIахьедина ВСУ-н Коьртачу штабо. Киевн герзаш кхийсарх дина чIагIдарш комментарий йоцуш дитина Москвахь.

  • Марсхьокху-беттан 11-чохь Украинера Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь кадыровхошна а, оккупаци йинчу Оьрсийчоьнан тIеман комендатурин белхахошна а йукъахь герзаш деттар нисделла, дIахьедира Мариуполь гIалин мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Цо бахарехь, шаьш эскархой белла ца Iаш, маьршачу бахархошлахь ворхI стаг а велла. Нохчийчоьнан Iедалхоша и хаам "фейк" йу аьлла.
  • Стохка оханан-бутт бовш Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне йерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш йацар а.
  • Украинехь товбеца-бутт бовш вийна, йа тIепаза вайна ву, кеп-кепарчу хаамашца, 700 йа 800 гергга Нохчийчуьра эскархо. Цунах лаьцна дIахьедира Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан хиллачу пресс-секретаро Белокиев Ислама а, оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало а. Официалехь оцу информацих лаьцна тоьшаллаш дац украинхойн агIор, ткъа Нохчийчохь бакъ дац боху.
  • Оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало видео зорбане хIоттийна, чIагIдарехь, кадыровхоша латкъамаш бо цу тIехь Украинехь тIемаш бечу заманчохь шайна оьшу гIирс кхачам боллуш латтош цахиларх. Маца, стенгахь видео дIайазйина йу, билггал хууш дац. Соьлжа-ГIалахь жигархойн публикацина йина комментарий йац.