Вина 75 кхаьчна, оьрсийн а, цунна гонахарчу а къаьмнийн дог-ойланаш охуш, уьш ша мерзашка ерзийначу шен байташца стогалле, доьналле, дикалле кхойкхуш ваьхначу Высоцкий Владимиран. Цуьнан Нохчийчу вар дагалоьцу актераша Омаев Дагуна а, Вакуева Iайнас а, театран режиссера Хакишев Руслана а. ХIетахь дуьххьара гIараелира сийлахьчу барда вайнахана яьккхина йиш а...
33 шо хьалха ткъе кхо шо дара Оьрсийчуьрчу цхьана мегаполисан университетехь доьшучу нохчийн кΙентан. Иза веха урам гΙалийистехь лаьттачу хьунах дΙаоьш дара. Цигахь вуно хаза йоьгΙначу садоΙийле Ιай а, аьхка а, ца хеддаш, кочаршкахь лелара бахархой.
Высоцкий Владимир – цо кΙоргга чусадиллина волу веза-воккха Высоцкий - велла аьхкенан де дара иза. Логехь лаьтта шад, шатайпа баста сацам бина, шен цΙаьлган кораш чуьра ит-ит мегаватт аудиокедаш ара а берзийна, урам ма-дду тΙетΙаΙийра цо «Охота на волков» («Берзалошна талларш дар») йиш.
Сийлахь бард валарх, ша санна, сагатдечийн самалха а доккхуш, иза ца везначех кхаьрдара къона нохчо, шен уьйтΙарчу гΙента а хиина.
Таллархой берзалой йойъуш бу, теба уьш берзалошна, теба кΙезешна.
Маьхьарий хьоькху, уьш гура лоьхкуш, жΙалеш лета, лайла цΙий Ιена.
Берзалошца бакъонаш ца лоьру уьш йойъучара, амма уьш шек а бац!
Тхан маршо гура а лаьцна – даш детта тхуна тΙе, шек дΙа а боцуш.
Ткъа берзан бакъо яц гΙиллакхех хада, гарехь, Ιамийна тхо кΙезеш долуш,
Ненан шурийца цхьаьна – мегаш дац дозанах хада, бохуш.
Таллархой берзалой йойъуш бу, теба уьш берзалошна, теба кΙезешна.
Маьхьарий хьоькху, уьш гура лоьхкуш, жΙалеш лета, лайла цΙий Ιена.
Вайн когаш, мочхаллаш онда ю. Алахьа, тхан баьчча, алахьа,
Вай стенна уьду даьндаргашна дуьхьал, Ιазапах ларлучу меттана?
ХΙан-хΙа, дац берзана яда мегаш! ХΙан, кхачош ю сан зама а –
Со шена йоьгΙначо тΙехьажий суна шен топ.
Таллархой берзалой йойъуш бу, теба уьш берзалошна, теба кΙезешна.
Маьхьарий хьоькху уьш гура лоьхкуш, жΙалеш лета, лайла цΙий Ιена.
Къаръяла лерина со а ма яций - гонера йолу ара,
Ткъа хеза тΙехьашха цецдевллачу цу адамийн мохь.
Ког мел болу уьду бертий, амма хΙинццалц лелларг дац.
Гобина таллархой хьийза, ас-м ца кхачийти царна со.
Мохь тоьхнна лоькхучу эшарх чΙичΙкъашка эхарца я къежаршка бийларо гойтура тΙехбуьйлучех мила муха ву. ДΙасалелачаралахь дуккха а бара партис Высоцкий лара дихкинарш – жима нохчо дΙакхалла санна, хьоьжуш, чекхбуьйлура иштанаш. Бара, бΙаьрасерлонан бовха суй тосий, олуш дош дацахь а, доггаха баркалла эраш а.
...Замано ширвина и хΙетахьлера нохчийн студент. Дайна, берд а боцуш дукха, дика а, вон а. Амма дагахь лаьтта кхоьлина деъна хилла и маьлхе де – бен-башха а ма бацарий цуьнан бардан эшаршка болу безам, стипендех дакъа а деш, эцна яра цуьнан ша санначу фанаташкара Высоцкийн дукхахйолу эшарш.
Некха тΙехь мидалш а кхозуш вара, саца а сецна, цунна цΙеххьашха тΙехΙоьттина къано. КΙант, «парт»-аьлла хьалаиккхина, дΙанисвелира. Массех минотехь, олуш хΙумма а доцуш, лаьттира воккха стаг лекхалучу эшаре ладоьгΙуш. ТΙаккха, хΙара къевллина мара а воьллина, шен бΙаьрхиша яшийна юьхь юхьах хьекха хΙоьттира. Кхин дош а ца олуш, шен букара болар а эцна, дΙавахара, гарехь, шен заманахь Гитлеран фашисташца тΙом бина волу и стаг.
Атта ду Высоцкий Владимирх лаьцна дийца цо лоькхучу эшарийн мотт хуучарна. Амма муха вовзийта иза Малхбалехь бехачу оьрсийн мотт ца хуучу вайнахана бохучу хаттаро декхаре во мелла а гочдаран битамаш хΙиттон. Кху доццачу дийцарехь дан торург дер вай.
Бакъдолчух а, Харцдолчух а илли
Бакъдерг шен хазачу духарахь лелара,
Мисканийн, зΙаьΙапхойн дог делош шех,
Шогачу Харцоно шен цΙа и йигира,
Соьца хьо Iахьара кху буса, аьлла.
ДогцΙена Бакъдерг сихха дΙатевсира,
ГIенаша деладеш, и паргΙат даьллера.
Мекара и Харцо, шаршонаш шегахьа озош,
Бакьдолчух хьаьрчира, там шена хиллалц.
ТΙаьккха цо, гΙаьттина, басаршца Ιарждира Бакъдерг -
Сте ю-кха, ма-ярра, стенна оьшу цунах вага.
Башхалла-х яций Бакъдолчунний, Харцдолчунний юкъахь,
Иза а, важа а дерзина ахь даккхахь.
Къажарш а яьстина, дашо хьоз лачкъийра,
БΙаьрг тухуш, дуьстина, духар а даьхьира.
Сахьт, ахча, кехаташ хьулдина шеца,
Туй кхуссуш, япар еш,дедда дΙадахара.
Ιуьйранна набарха делира Бакъдерг,
Ша чΙана карийна, цецдаьлла Ιара и.
Къормодаш хьекхна-кх тΙе цхьаммо -
Иза-м тΙех доккха зен дацара!!
Доьлура Бакъдерг, наха тΙе кхуьйссушехь тΙулгаш:
«Харцо ю бехкениг, духар а сайниг ду цуьнгахь!»
Ткъа мисканех шимма, хΙоттийра
Бехк буьллуш протокол цунна.
Доьрзура протокол йоккхачу харцонца,
Бакъдолчух дуьйзира цадинарг цо.
Ша бакъдерг ду бохуш хьийза цхьа нажжаз,
ТΙехь мел дерг доьхкина, бохура кехато.
Дерзина лаьтта и Бакъдерг доьлхура,
Кхирстира, шен къоьллехь сиркхонаш лехьош.
Ткъа Харцо бадийна нахера расха дин,
Хьадда дΙаяхара къайленийн хьаьтта.
Цхьаволу пекъар ву хΙинца а къуьйсуш шен Бакъдерг,
Бакъо-м яц Бакъдолчуьнгахьа цкъа а.
Амма Бакъдерг тоьлур ду хенан йохалла,
Нагахь цо леладахь Харцоно леллориг.
Юкъ-кара чΙагΙаран кад дΙасабуттий,
Къаьста вай, ца хууш стенгахь дер пхьор а.
Дуьззина бакъдерг ду шуна, вежарий,
Сахьт дац-кхамилла а вайх чΙанаваккха.
Ган тарло цΙеххьана хьуна,
Харцоно шена тΙе хьан духар духуш,
Ган тарло хьан сахьт а Харцдолчун пхьаьрсахь,
Ган тарло хьан дин а Харцдолчун долахь.
Халкъана дагара дийца кхераме долчу, моттаргΙанаш дахаран коьртехь ехачу, Советан Ιедало массо а цхьабосса шен агана чу ветташ, адамаш, бедан къорнеш санна, цхьана басахь, цхьана ойланехь, шена муьтΙахь хуьллучу кепехь кхиош хилла зама яра лаьттарг. Амма цхьа наггахь бен бан а боцчу протестхойн, дахар шайн бΙаьргашца а гуш, иза сакхтех цΙандан арабевллачу нахах вара Высоцкий Владимир.
Ткъа ишттанаш оьшуш хиларна, 200 гергга долчу Советан пачхьалкхерчу къаьмнийн дуккхаъчу векалша къаста а ца вора Высоцкий шайх, шайн-шайн къомах вац олий. Иза ван а вацара шаьш цхьана къомана тΙе а язбина, цуьнан бен бала а боцчу адамех. Ткъа нагахь санна и цхьана къомана верзо торуш делахь, алал иза вацара нохчо!
Хьадда йоьдура зама
...Бераллера дагадогΙу эвлара боберийн цΙа
Нохч-гΙалгΙайн Республикехь дара иза.
Цу наха ца талхийра тхан къона синош,
Боькъура тхоьца шайн кхача, кхоллам....
...Тхо шелоно дахчадора,
Дацара тхуна кхоош хΙумма.
Ишшта кечбира Соьлж-ГΙалахь нохчий
Кавказера дΙахьовсон Казахстане...
....Мел хаза яра оха эвлахь лекхна эшарш!
Лаьмнашкахь уьдура дерзина!
Дахаран некъ хьаьвзинчу муьрехь
Нохчо, гΙалгΙа олуш дара сох....
Высоцкий Владимира и йиш дуьххьара гΙараяьккхира Соьлжа-ГΙалахь 1979-чу шарахь. Оцу шарахь шозза хилла иза Нохч-ГΙалгΙайчохь.
ХΙетахь Высоцкий махка вар иштта дагалоьцу цу заманахь музыкан доьшийлехь Ιемаш хиллачу Вакуева Ιайнас, ХΙинца иза мехкан тайнигийн театран актриса ю.
Вакуева: "Студентийн гонашкахь лоькхуш яра Высоцкийн эшарш. Иштта Невран кIошта стройотряде лелаш езаелира цуьнан эшарш суна а. Иза ГIала веъча, массо а вара иза ган лууш. ХIетахь телевизионехь дIаязйина цуьнан концерт хIинца гойту Москох кест-кеста. Шем майраллица, бакъдерг ма-дарра эшаршкахь дийцарца иза ночхех тера вара. Сан и ойла кхоллаелира хIеттехь".
Соьлжа-ГΙала Высоцкий Владимир кхайкхинчу а, цигахь и тΙеэцначу а нехан лорах а кхиира Маршо Радио. Иза муха нисделлера иштта дагалоьцу нохчийн говаьлачу кинон а, театран а актера Омаев Дагуна.
Кхин цхьа къоман иэсехь диса тарлуш хΙума а лелла хΙетахьлерчу нохчийн кинон, театран векалийн Высоцкий Владимирца доьзна. Шекспиран «Гамлетехь» коьрта васт ловзо хьаьгна лелла Высоцкий вехха. Ткъа оццул деза, Советан пачхьалкхерчу театрехь политикан маьΙна а долуш хΙума дара массарна а деза-девза васт цхьана актерна ловзон тешор. ПохΙма мухха а делахь а, ойланашца тΙех маьрша лоруш а, оцу бахьанийца Ιедало тергонехь а латтавечу Высоцкийга кхочийтийла дацара и бакъо.
Цо и агΙо къуьйсу мур бара цунна нохчийн театран коьртачу режиссера, тахана хΙора нохчочунна а санна вевзачу Хакишев Руслана Гамлетан васт Соьлж-ГΙаларчу Лермонтовн цΙарахчу оьрсийн театрехь ловзор тΙекховдийча. Высоцкийс воккхавеш юьхьаръэцна а хилла и ойла. Амма ах шо далале и кхалхаро хадийна дерриг а...
Хакишев : «ЧΙогΙа лаьара суна иза вай долчу вогΙийла. Со маситтаза хьажинера цо Галилеон васт ловзош. Кхечу актера и ловзош, латта-стигал санна къаьсташ дара.
Иза мукъа хан ца тоьаш вара, амма тхан аьтто белира-кх иза кхуза валон, театре. Цо тхуна дуккха а дийцира театрх лаьцна, оха совгΙаташ а дира цунна – вайнехан куй белира ас, масала.
Уггаре коьртаниг, оха иза актерийн чоьнаш чувигира, маситта вара тхо, театрах лаьцна дийцира кхидΙа а. Ас цуьнга хьехийра, Гамалетан васт тхаьш долчохь ловзон езара ахь, аьлла – цкъачунна иза цхьаьнхьа а ца баьллера хΙоттон аьтто . Цо боккхачу тидамца ладуьйгΙира. Оцо иза чΙогΙа ир-кара а хΙоттийра. Цо соьга шен юкъара а, цхьанне а луш йоцу а телефонаш елира. Ша Париже воьдуш ву, цигара схьавеъча ХIирийчу, Мазалк-гΙала ван веза, веанчуьра чувоьрзур ву, элира, Соьлж-ГΙала а».
Высоцкий Владимира кхочуш дина шен дош. Цо ма-аллара, Мазалке веанчуьра кхаьчна иза шена хьошалла кечдина Ιачу вайнехан театралийн гоне, Соьлж-ГΙала, шозлагΙа а.
Хакишев: «Къамелаш оцу буса юха а Ιуьйранна 6 сахьт даллац хилира тхан. Ιуьйранна иза Москох дΙавахара».
Муьлххачу а гΙалахь а санна, кхераме дара Высоцкийна шен концерт яла, уьйрашца парггΙат цхьаьнакхета Соьлж-ГΙалахь а. Хакишев Руслана дагалоьцу иза КГБ-но тΙаьхьадаьккхинчу цΙоганах муха хедира.
Литературехь а, кхечу исбаьхьаллин кхоллараллашкахь а санна, эшарийн культурехь а нисло классико иллиалархойн тΙаьхьенна тΙеΙаткъам беш. Ишттачех ву Высоцкий Владимир а. Цо айина маршонан тема, политикан, социалан протест шайн кхолларехь дΙакхоьхьу дуккха а къаьмнийн иллиалархоша, доккхачу музыкалан декъан рок-гаранехь го иза.
Ишттачех нохчашлахь вара, масала, Одессехь вайн къомаца гома йолчу къайлахчу сервисаша вийна бард-иллиалархо Алимсултанов Имам. Цхьана маьΙнехь, царех бу, масала, Нохчийчохь дика бевза бардаш Хаджимурадов Хас-Мохьмад а, Муцураев Тимур а, Петарбухахь вехаш а, ша шена иллеш кхуллуш а волу Барахоев Бекхан а. ТΙаьххьарчун шен цΙарца кхоьллина рок-тоба а ю. Нохчийн Высоцкий шех ала таро луш ю цуьнан эшарш.