ОвхIанхойн кузашна тIера тIеман васташ

Советан пачхьалкхан беракема ду куза тIехь. Когашка буьллу куз.

ТIеман сурт: хи тIехь - кеманаш, стиглахь – тIеман кеманаш, йистошца – танканаш. 1979-чу шарахь ОвхIанистане Советийн эскарш кхаьчча бина бу куз.

Эмкалшкахь боьлху овхIанхой. Советан салти вуьйш гойту цхьанхьа. МаIаш йолчу шайтIанийн вастехь бехкина интервенташ.

Британин музейн долахь ду хIара кузаш. Бутт хьалха шен архивашкара 2 миллион гергга сурт довзийтина музейно. ТIеман васташ дохкуш, куьйга бина иттех сов овхIанхойн куз бу музейхь.

1980-чу шерашкара куз – танканаш, кеманаш. ТIаргIанах зударша цIахь я юкъарчу меттигашкахь до кузаш. Нанас а, йоIа а ялх кIира дойу куз беш.

1980-чу шерийн васт: тIеман машенийн ковра ломан некъаца. Кузаш оьцу-духку бизнесхочо Яр Фарида. 1991-чу шарахь волавелла иза ОвхIанистанера Европе кузаш кхехьа.

 

Бронетранспортер ю цIечу новкъа йоьдуш.

Кеп-кепара герзаш. 1988-чу шарахь арадевлла ОвхIанистанера Советан эскарш. Амма кузашца хилларг-лелларг гойту офхIанхоша хIинца а.

ОвхIанистан -- ТIеман сурт ду Британерчу музейхь латточу хIокху кузана тIехь а.

2001-ра шо, Америкехь дина терорран тохар, Дуьненаюкъарчу йохк-эцаран ши бIов-цIа ду чудужуш. Американний, ОвхIанистанний байракхаш цхьаьнатоьхна машаран кхокхано.
 

Тора-Бора хьех. 2001-чу шарахь цигахь Бен Ладен Iусам лийхира америкахоша, ца карийра.  

2015-гIа шо. Кабулехь бухкуш бу тIеман васташ гойту куз
 
 
 

ОвхIанистан чIанаяьккхинчу тIемийн ларш го оцу махкахь дечу кузашца. Куьйга динчу кузийн суьрташ гайтаме дехкина Британин музейхь.