Iедалшца тийна-таьIна баха лууш бу Оьрсийчура бахархой

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан бахархой шайн политикан институтех тешар, Левада-центран графика.

Оьрсийчура бахархойн кху тIаьхьарчу хенахь кхин а алсам тешам байна массо а пачхьалкхан структурех, президент Путин Владмир а, арми а, ФСБ-а дIаяьккхича. Iедалан а, Пачхьалкхан Думан а, Федерацин Кхеташона а рейтингаш охьаевлла шозза ала мегар долуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Iедалшца тийна-таьIна баха лууш бу Оьрсийчура бахархой

Иштта жамI ду юкъараллана хетарг толлучу "Левада-центро" бинчу тIаьххьарчу талламан. И таллам бина цо ГIадужу-беттан 23-26 деношкахь масийтта гIалин а, эвлан а бахархошна юкъахь. "Левада-центро" хаттарш деллера 137-чу гIалахь а, эвлахь а 48 регионехь. Цу юкъаозийна вара 18 шарал тIехваьлла 1600 стаг.

Талламо гойту Оьрсийчура Iедалшка бахархойн тешам лахбелла хилар, шайна юкъахь президент а волуш. Карарчу хенахь цуьнах теша ву 74 процент респондент, стохка и терахь дара 80 процент.

Зоркая Наталья «Левада-центран» аналитикан декъан говзанча ю. Маршо Радионна (оьрсийн сервис) ша еллачу комментарехь цо дуьйцу, Путин дуккха а лакхахь лаьтташ ву бахархойн Iедалшка болчу тешаман пирамидехь бохуш.

Зоркая Наталья

Зоркая Наталья: «Путин, мухха делахь а, хьалха санна уггаре а лакхарчу тIегIан тIехь лаьтташ ву цу пирамидехь. Иза дуккха а хьалхаваьлла кхечу Iедалан институтелла а. Карарчу хенахь йолчу политикан режиман чулацам буьсуш бу. Бахархойн сатийсам цуьнгахь буьсуш бу. Делахь а, президенте тешам хиларан тIегIа жимма лахделла хилар гуш ду.

«Левада центро» бинчу талламо гойтуш ду дукхаха болу Оьрсийчура бахархой кхечу пачхьалкхан институтел а вуно чIогIа тешаш хилар президентах а, армех а, ФСБ-ах а. Иза кхераме сурт делахь а, цецвоккхуш хIума дац, боху Зоркаяс.

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахой бу Вексельберг Викторан Ренова компанин T Plus олучу декъан офисехь таллам беш. 2016.

Зоркая Наталья: "Сурт ирча ду, делахь а, цIеххьана кхолладелла дац иза. ХIунда аьлча, кху тIаьхьарчу шарахь юкъараллана хетарг махкахь хуьлучуьнца доьзна ду. Ткъа ницкъаллин структурийн а, ФСБ-н а, армин а роль пачхьалкхехь вуно лакхара лоруш ю".

Шаьш бинчу талламаша гойтуш ду, адам тIамах кхоьруш хилар а, и тIом царна безаш цахилар а, билгалдоккху Зоркаяс.

Зоркая Наталья: "Тхоьгахь болчу хаамаша дийцарехь, тIом хиларна вуно чIогIа кхоьруш ду адам. Бахархошна ца лаьа тIом хила. Амма оццу хенахь, тIаьхьарчу хенахь алсам йолуш йолу тIеман риторика, вуно реза хиларца, тIеоьцу бахархоша. Иза, шеко а йоцуш, ГIирма дIалацарца йоьзна синдром ю. Оьрсийчоьнан юкъаралла дера ю. Шаьш иштта лела деза аьлла хета царна махкал арахьара политика лелош. Амма иза дац, нахана дов деза бохург.

Оьрсийчура бахархойх дукхаха берш баха Iемина бу пачхьалкхо Iаткъам беш, терго еш, ницкъ беш. Оцу хьолехь чIагIлуш йолчу ницкъаллин структурех, цхьана агIор кхоьру адам. Ткъа вукха агIор адамашна гуш ду, муьлхха а царна дуьхьало ян гIортар тIаIзар ца деш дуьсур доций.

Царна гуш ду, дуьхьалонан акцешкахь дакъалаца баьхьначу нахана Iедалша таIзарш дар. Цунах кхоьруш бу нах".

Хуьлург гуш адамаш дIакъовлало, Iедалшна товр доцург ца дуьйцу цара. Оьрсийчура бахархой гIерта пачхьалкхаца, цуьнан структурашца мелла а юкъаметтигаш ца лело, бохуш дуьйцу Левада-центран эксперто Зоркая Натальяс.

Хууш ма хиллара, кхечу пачхьалкхашна болх бечу вовшахтохараллашна, "агент" цIе а тиллина, юкъатоьхна ю "Левада-центр".