Кегий нах хIинца а хьаннашка дIа хIунда оьху?

Урдун - нохчийн суртдиллархочо Везаша диллина сурт (иллюстрацин маьнехь)

Нохчийчура хьаннашкахь, лаьмнашкахь дIахьуш йолчу тIеман операцешкахь шина а агIора, дукха хьолахь, бойуш берш нохчий бу. Иза билггал цу тIе далон гIерташ, Кремло юьхьарлаьцначу политико шен жамIаш а деана. Нохчийчоь чIогIа хийцаелла. ЙогIаелла. ХIора а ша-ша ваьлла. Хьалха санна вовше буьззина хилла тешам байна дIабаьлла. Иза тидаме эцна юкъ-кара Нохчийчу боьлхучу журналисташа а.
Оцу журналистехь цхьаъ ву Оьрсийчохь арадолучу "Время Новостей" газетере Сухов Иван.

Сухов: Цигахь (Нохчийчохь) дукхах болчарца аса къамелаш дина аьлча бакъ хир дац. Амма дуккха а нахана товш ду Кадыровс деш дерг. Делан денна социалан прогресс хилийта, доза а доцуш, Соьлж-гIалахь куьзгийн лакхенаш дIахIиттаяйта, тIехь ондда куьг латтадайта реза бу уьш. Вуьшта, юкъараллина дагахь дерг ма-дарра талла, вайн гIирсаш бац. Амма бакъду, дагахь реза а боцуш, дIаала ца хIуьттуш берш, болуш дера бу.

Суна иза муха хаьа? Массеран а тидам хилла иттех шо хьалха нохчаша мелла а маьрша къамел деш хиллий а, хIинца цара аьттехьа я тIебаьхкинчу нахе а, я вовше а шайна хетарг олуш ца хилар.

Нохчийчоь -- Рамзан цIе лелош йолу патриотийн клубан декъашхой бу Кадыровна гIортор ечу раллихь дакъа лоцуш, 05Оха2012

Дахана шераш дуккха а кхераме дара. ГIала херцаршлахь яра. Амма наха парггIат къамел дора. ХIинца нах кхоьру бистхила. Ур-атталла, микрофон ца хилча а ца баьхьа. Цкъа-цкъа нисло тхан цига дахар. Хьалххе дийцина хIума а долуш, истори а йолуш дIадахча-м, цхьаъ хила а тарлора. Амма вуьшта бохий ахьа, цхьа а карор вац. Дуьйцур дац. Цхьана а журналистан аьтто бац нохчашца къамел дан. Уьш массо а, гIарчI аьлла, къовлабелла бу.

Маьршо йоцу бодане мохк


Москохана муьтIахь долчу меттигерчу Iедалан хьесапехь, тIамо хIаллакьйина гIишлош меттахIитторах баккхийбебан беза республикан бахархой. ХIумма а дац, еш ерш йохка-эцаран центраш а, дукхах болчеран баха таро йоцу самукъадоккху меттигаш а - аквапаркаш саннарш, лортIехь волчуо оьцур йоцу "Лада" машенаш йолу завод а хиларх. Амма юкъаралла цунах Iеха ца ло. Гуш ду оцу тIехулонийн бух чIогIа экаме хилар. Суховс дуьйцу.

Сухов: Хала ду къовса, дуй, баккхий тIеман хиламаш чекхбевлла бохучуьнца а, делан денна беш хилла болу ницкъ дуккха а лахбелла бохучуьнца а. ГIала меттахIоттийна. Дагестанера я ГIалгIайчуьра Нохчийчу веъча хетарг Карелин доза а хадийна, Финлянде кхаьчча хеталучух тера ду. Ши дуьне ду.

Iаламат дукха кхиамаш бу Нохчийчохь. Халахеташ делахь а церан чIогIа ледара бух бу. ХIунда аьлча оцу кхиамашкахь гуш бац юкъараллин кхиаран некъаш. КIажабухе ю. Кегийчу нехан дийнна чкъор дайна дIадаьлла. ТIехъяьлла шайн эвлахь хьовха, ерриг пачхьалкхана, дуьненна а царах пайда хуьлу агIо лоху хан. Уьш массарах а хадийна бу. Цаьргахь цхьа а гIирс бац иза меттахIоттон. Кхеташ ма-хиллара, цо шен вуон тIеIаткъам бийр бу (хенан йохалла).

Маршо радио: ТIеIаткъам хаало цIеххьаша чуьра бер дIадахча. Да-нана цунах кхиина далале, бохам кхин цхьана агIора богIу. Iедалшкара.

Дуккха бахьанаш ду дай-наний шайн беран дагахь долчунна тIаьхьа ца кхиаран. Дукха хьолахь, къелла бала бохку тIемаша кIелбитина нохчийн доьзалш. Напха ца лехча ца долу да-нана.
Да а воцуш, цхьанхьара кхочуш гIо а доцуш, бераш шаьш хьалакхиош бу эзарнаш нохчийн зударий. ТIехьаьжча, билггал гуш ца хилча, беран дагахь дерг муха хуур ду? Царца къамел дан хан еза. Собар оьшу. Нохчийчоьнна уггар халаяьхкинчу хенахь хьалакхиина ду и бераш. ХьастагIа Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь нохчийн яздархочо Бексултанов Мусас элира, оццул тамашийна бераш шен цкъа гина а дац.

Муьлххачу воккхачунна масех дахарехь а дукха хир йолу къизалла, герзаш, кхерам гина ду Нохчийчура бераш. Уггар коьрта, церан дегнашкахь чов йитинарг, доза доцу гина а, гуш йолу а харцо ю. Ур-атталла, Iеламнаха дуьйцург а, цара дийриг а, цхьана ца догIу. Интернетехь лелаш цхьа видеокийсаг ю.

2009-чу шарахь ГIадужу баттахь Соьлж-гIалин коьртачу маьждигехь рузбан дийнахь хьехарш деш вара Нохчийчоьнан муфти Мирзаев Султан. Ша деш долу къамел нийса ца хетахь, хьала а гIаттий, ша нисве, боху муфтис. Маьждиге баьхкинчу нахана юкъара цхьана жимчу стага хьала а гIоттий, муфти бакъ ца лоь, олу. Оцу Делан минотехь цунна тIебевддачу Iедалан наха хьовза а вой, дIавуьгу. Муфтис ала-м олу, вита и стаг. Амма иза тергамза вуьту.

http://www.youtube-nocookie.com/embed/ptzSksoz8MI

ХIун некъ бу таханлерчу Нохчийчохь харцонца къийса? Стенгахь лохур ю нийсо?

МогIарера нохчо: Вай нах, дукхах берш - цхьаверг-м охьа а таIара - вайн адам харцонна охьатаьIий ца Iа. Са деттий-деттий, тIаккха, кхин дан хIума ца хилча шен нахана, шена юххехь волчунна тIехь харцо лелош хилча, цу харцонна цхьа дуьхьало ян хIутту. Ткъа дуьхьало, цхьана агIора цхьанхьа дIа а вахана ца йича, кхузахь дуьхьало ян меттиг ян а яц.

Маршо радио: Норвегехь тахана вехаш волу бакъонашларъярхо Гисаев Ахьмад Нохчийчохь еххачу хенахь болх бина ву "Мемориалаца". Цунна хетарехь, Нохчийчура кегий нах хьаннашка дIабахаран бахьана, нохчийн къоме шен маьршо яккхаран гIуллакх чекх ца даккхийтарехь го?

Гисаев: Уггар хьалхара бахьана - муьлхха къам паргIат Iе а, даха а бакъо ю аьлла ду, шена луъучу агIора. И бакъо вайга чекх ца яккхийтар - и бахьана ду аьлла хета суна. И бахьана ду уггар коьртаниг. ХIунда аьлча, 20 шо хьалха вай къомо тIелаьцнера - "вай маьрша пачхьалкх йийр ю, цу пачхьалкхехь дехар ду". Оцу кепара дуьйладелла дара вай. И бахьана, цхьаболчу наха, гIазакхашца цхьанаойла йолчу наха, политикаш эр ду вай царах, оцу наха коьрта бахьана къайла а даьккхина, шайн ма-хуьллу.

Вайн цIахь цхьана агIора паргIато яц. Цхьана агIора адамана еш терго яц. Ахьа вахана (Iедалшка) дIаьлча, хьуна хьайна кхерам болуш ду вайн цIахь дерг. Вайн цIахь еш йолу харцо цкъа а адамана гина а йоцуш, уггар цхьа чам боцуш йолу харцо ю аьлла хета суна.

Маьршо хилча герзах хIун до?


Ша тIом бина ву тахана Нохчийчоьнанал арахьа вехаш волу Ахмадов Увайс. Нохчий кегийрахой тахана а хьаннашка, тIемалойх дIабеттабаларан масех бахьана го.

Ахмадов Увайс: Дуьххьарлера бахьана – хIокху новкъа вай девлла 20 шо сов хан ма яй. Вай арадовлуш муха девлла а хаьа вайна. Таханлерчу хьоле хIара (хьал) муха далийна а хаьа вайна. ХIинца а дIаоьхуш берш оцу чохь (Нохчийчохь) йолчу режиман харцалла, боьхалла ла ца луш дIаоьхуш бу.
Маьждиге баха а йиш яц лортIехь. Маьждигаш дохку, амма цу чу баха буьйлабелча царна тIехь режим хIоттайо. Муьлхачу ламазашка вогIу хьожу. Iуьйра, пхьуйра ламазашка эха волалахь, ваххабитех, террорахойх дIатуху.

(Церан) доьзалш хир бара, дена-нанна хьалха хир бара, шайн балха а лелар бара – вайн къам къахьега хууш ду. Диъ бIе шо ду ваха гIерта, даха-м дуьтуш ма даций, (оьрсий) Кавказе гIоьртичхьана.

Маршо радио: Оьрсийчоьнан Iедалша АхмадовгIеран вежаршна бехке дуьллуш ду, цара Ичкерин заманахь адамаш лечкъийна хиларна.
АхмадовгIеран исс ваша Увайс, Руслан, Ризван, Апти, Абу, Рамзан, Iимран, ТiахIир, Зелимха а 1990-чу шерашкахь гIараваьлла. Оьрсийчура хаамийн гIирсийн хьесапехь 1998-2000 шерашкахь церан закъалтIехь хилла итаннаш оьрсийн салтий, совдегарш, масех арахьарчу пачхьалкхера стаг а. 1998 шарахь Бараев Iаьрбин тобанца цхьаьна цара лачкъийнера боху Британера «Чечентелекомца» цхьаьнаболх беш хиллачу Granger Telecom фирмера къоъ, Керлачу Зеландера цхьа инженер.
ДIабаьхна кортош тIехь болуш даржийначу инженерийн суьрташа вуно доккха зе дира, йозуш йоцу пачхьалкх хила гIертачу Нохчийчоьнна. И хаамаш тIечIагIбан а, керстабан а аьтто бац Маршо радион.
АхмадовгIеран 7 ваша вийна хIокху тIемашкахь. Дийна висина шиъ Увайс, Iимран, Нохчийчоьнна арахь вехаш ву.

Цхьанне къайле йоцуш, Нохчийчохь долу дахар, массо тIегIанашкахь, цхьана стеган Кадыров Рамзанан лаамна тIехь, омарна тIехь а нисдина ду.
Белхаш боцчеран терахь, кхин дацахь, Советан заманахь санна лакхара ду республикехь. Ког мел боккхучехь кхаъ бала беза. Мотт беттачерийн а, Iедалехь болчерийн а ачханца долу гIуллакх тоделла. Цхьа тахане я кхане яц бисинчеран.

Вукху дешнашца аьлча, Нохчийчохь чIагIъйеллачу режимо ша дIадоьтту адам.
Нохчийчура цхьана вахархочо цхьа некъ бу элира бисина.

Нохчийчура вахархо: "Прокуратурина хаьа. Суьдна хаьа. Цундела (нах) тIетаьIIина дIаоьхуш бу-кх."

Маршо радио: Ахмадов Увайса бахарехь, маьршо елхьара, мел верг шен цIахь Iийр вара.

Ахмадов: Стаг маьршша ваха а, Iе а вуьтуш хилча, хIун до цу герзах? Шен дин лелон а, Далла Iамал ян а, шен гIуллакх лелон а вуьтуш хилча, дан хIума дуй цу герзах?
Коьртаниг, вай ваьшна юкъахь бу бохкабелла нах. Тайп-тайпанчу байракахшна кIелла хIиттош, вайна тIехь хIара таIзар ду-кх латтош.

Маршо радио: Мотт беттачерийн закъалтехь ду дерриг халкъ. Цара бина мотт тоьуш бу, стаг тIепаза вайа. Цул сов, стеган лелар Iедална хетачу кепара дацахь а, хьо тоьпан буьххьехь ву бохуш дуьйцу Ахмадов Увайса.

Ахмадов: Маьждиг до цара, схьа а доьллу цара, амма Дала Iедиллина и пхи през ламаз дан вуьтуш вац. Цо юьхьа тIе чкъарх-аьлла лезви хьокхуш дацахь иза террорахо ву. Маьршо еза алахь – террорахо ву. Масала, маьршо яккха арабевллачу вежарех, уьш нийса бу аьлла дош далахь а – террорах ву. Цхьанхьа вадавой дIа а вуьгий, чу вуллий, цуьнан маж яхйолуьйтий, иза юха тухий вен а воьй, шаь тIемало вийна олий, дIакхайкхадо. Таханлера режим ишта ю-кх цу чохь. Цара бойуш болу 99,9% нах маьрша нах бу.

Ша шех Имарат Кавказан амир дIакхайкхийна Умаров Докка, 2011

Маршо радио: Юьхьанцара, маьршонехьа болийна хилла тIом, цунна боккха иэшам беш, динехьа болчу къийсаме бирзина. И бахьанехь дерриг дуьненан орцанах даьлла нохчийн къам. Озабезам бац, гIортор яц.
Оцу хьокъехь ша тIемало хиллачу Ахмадов Увайса дийцира.

Ахмадов: ХIинца ахьа хьахийна долу хаттар дуй, чIогIа маьIне хаттар ду. Йоцачу хенахь цунна жоп делла вер вац.
Масала, Докка шарIа дIакхайкхийна. Доккас кхайкхон оьшуш доцуш, (Масхадов) Аслана (урхаллехь волуш) дIакхайкхийна долуш дара. ШолгIа, Садулаев Iабдул-Хьалим «Кавказан фронт» аьлла, Кавказехь боьдуш тIом хилар билгал а доккхуш, (гонахарчу) республикашкара тIемалоша цунна (Садулаевна) байат дина, леташ бара. ХIан-хIа, иза ца мегара (Доккина).

ХIунда ца мегара иза (Доккина). Iабдул-Хьалимас пачхьалкх хилар билгал а доккхуш, амма лата луучарна «вай цхьаъ ду шура, вежарий ду», шаьш дол-долчехь низам хIотош, болх бе, аьллера. Дика дIадоьлхуш дара вай Iабдул-Хьалимца. Амма, Лубянкица ца хилча ца меги (Доккина). 4-5 стаг ву уьш, дукха а бац уьш вайна юкъахь хIара кегош берш.

Удугов Докка ву, Умаров Iиса (цуьнан ваша) ву, Умаров Докка ву – ша цаьрга ловзавойтуш (шена ловзон лууш ца хиллехь, ловзавойтур вацара). Батукаев Шамсудди ву хьуна, царна тIе а тевжина, церан и хIума чекхдаьккхинарг. Ткъеха шарахь и дан ца луш оьрсаша къахьийгира, оцу боьхучу хIуманаша хьийгира. Оцу пхеа стага леташ йолу агIо шина декъе йийкъира.
Вукхарна, ахьа хьахийначарна (вежарий ГакаевгIар) ша ма-варра, Докка гучуваьллера.

Цара динараг доккха зулам дара. Докка дIахIоьттина ши кхо бутт баьлча, (Докка дIахIоьттинчу хенахь цунна уллехь хилла ву со а, айса цхьаъ леладо бохуш), тоьхна, дахьа а даьхьна, хIокху арахь долу хIума галдаккха долийра. (Имарат Кавказ а, Докка цуьнан амир а дIакхайкхорца).

Нохчийчохь (тIемаш бечарна) оьшург латточу нахана цIераш тохкуш, дIакхийра цара и зулам (Имарат Кавказ).
Тахана а кхин эхь ца хеташ, «Кавказ-сортир» олуш ю-кх цхьа меттиг (сайт Кавказ-центр) цара и ша йолу боьхалш чу а йохкуш, цIена бусулба кегий нах дина тIехь Iеха а беш – дагIахь, ца дагIахь хьадис, айат юкъа а детташ, тIаккха и кегий нах (Нохчийчу) а хьовсош, цара дуккха а вежарий дIабахийтина (байитина) метттигаш дуккха а хаьа суна.

Аренца питана дина, рицкъ ша-деррига шайн кара а дерзийна – царна проблема яц, Москохо а луш ду царна ахча – шайн бага хьаьвсинчарна кховдош, шаьш бохучунна тIевогIуш воцчунна ца луш, оцу 4-5 стага лелош хIума ду иза.

Иза гучудаьллера дIакхелхинчу вежаршна. Кхин дуккха-дуккха бу хьуна, цунах ца тешаш, шаьш стенгахь ду цунна (Доккина) хаийта ца баьхьаш. Рицкъ-хIума-м хуьлуш дацара цуьнца.

Чоьхьара (мостагIа) цхьана агIора Кадыров ву, вукху агIора, исламан байракх ю шегахь бохуш, Докка ву.


Кремлан проект "Имарат Кавказ"


Хьалхарчу тIамехь Кремл кхеттера шен мел дукха герз, зарратниг а цхьана, салтий а хиларх, машар къуьйсу къам эшалург ца хиларх. Цул сов, дуьненаюкъарралера нохчашка болу озабезам а, нохчийн шайн куьйгашца дIабаьккхира, КГБен амалшца Путина йолийначу шолгIачу тIеман кампанехь. Кремлан Iалашонаш тахана а кхочушъечу, нохчех дог лозучуха лелачу нехан тоба йийцира Ахмадовс.

Ахмадов: Умаров Iиса-м, Дудаев Джовхар волчу хенахь дуьйна, «вай кху махкахь 300,000 эзар стаг ву (тайпана суьлий), вай кхьарга пачхьалкх кхуьллуьтур яц» бохуш дийцина стаг ву. Хьалхара тIом болабеллачу хенахь цо «Религия, хорошая вещь, чтобы прийти к власти» бохуш дийцинарг хезна ву сан сайн девешин кIант.

Советан заманахь 17 шарахь синIаткъаман дарбан цIийнахь болх бина стаг ву Умаров Iиса. КГБено бусулба нах хьерабевлла бу бохуш, цу чохь хьийзина меттиг ма яй и тайпа дарбан хIусамаш. Умаров Iисан хIумма ца лозу нохчи байарх. Удугов Мовладин хIумма ца лозу.

20 шарахь оьрсашка ца даделларг дина оцу 4-5 стага. Леташ долу дакъа шина декъе декъна. ЭлхьамдуьлиллахI, царах кхетта. Дукхах берш кхетта.

Маршо радио: Умаров Доккас Имарат а кхайкхийна, инзаре боккха иэшам бира маьршонехьа болчу Кавказера боламна. Хуучара дийцарехь, Умаров шен лаамехь стаг вац. Иза шайна гучудаьлча, цхьайолчу нохчийн тIемалойн тобанаша дIакхайкхийра, шаьш кхин цуьнан урхаллехь дац, аьлла.

Царах вара деношкахь Элистанжера хьаннашкахь кхелхина волу ГакаевМуслим а, Хьусайн а. Юха тIаьхьуо цхьа видеокийсаг зорбане яьккхира Имаратан ойланаш дIакхайкхочу вебсайто. Цу видео тIехь гуш дара, ГакаевгIара ца бевлла, Имарат Кавказан ша амир дIакхайкхийначу Умарова Доккина байIат деш. Цунах лаьцна алсамуо хуучу Ахмадов Увайса иштта дуьйцу.

Ахмадов: Хьенех, цхьа 3-4 Iеламстаг ваийтахьара, кхузахь Iеламстаг воцуш кIелдисна шаьш, бохуш даийтина хабар ду-кх соьгахь.
Иза, Доккина дехьа а, сехьа а Iилма ду боху нах карабар, хIокхарна юххе охьахаон Iеламстаг ца хиларна дара.

Доккин байIатехь вац бохуш, питана долорна гуттар шаьш бехке дарна холчу хIиттинера уьш. И Iеламнах бу бохучу шайна дез-дезарг дуьйцуьйту цара, дуьхьалваккха алтернатива ца хилча.

Доккас цхьа гIо а дина, бала кхаьчна вежарий бац-кх уьш. Уьш бац, кхин берш (тIемалой) бац. Iеламнаха шаьш ца дитича дина дара цара иза. Амма Iеламнах Доккина гонаха бац. Доккас уьш дIабехира. Къеда волу Мансур дIаваьккхира, Iелимнехан Кхеташо дIаяьккхира ша и питана (Имарат Кавказ) дIакхайкхадале.

Шина вашас вовше – цо а, Вахас а - деш долу къамел ду-кх «хIара Iеламнах вай бохучунна тIебогIур болуш бац.» ХIорш Iилманна тIебаха безаш болу, хIокхара бохучунна тIедан дезаш хилла-кх Iилма.

Ишта, Iеламнах дIа а баьхна, шена дуьхьал дош эр долу нах дIа а баьхна - Ахьмад витира, шайн бага а хьаьжна, Iийра ву моьттуш. Шен лаамехь ша лелаш волун дера, Ахьмада ша цу юкъа ца озавайтира.

Бакъдуьнене дIабахана бу и кIентий, и (Докка) дош хетта, цунах теша а тешна дина дац хьуна цара иза (Доккина байIат). Шена Доккина а, цуьнан гона а хаьа иза.

Маршо радио: Дуьхьалонан боламна хIун пайда хилира ГакаевгIара динчу байIатах?

Ахмадов: Цхьаьллиг цхьа пайда ца хилира. Уьш цхьаний бу, Доккина муьтIахь бу алийта дина дара. Ишта ца хилча «Хозяино» (Москохо) пIелг ластор бара Удуговна, Умаровна. Коьртаниг иза дара. Оьшуш ю царна и проект «Имарат Кавказ» ПутингIарна, Лубянкина.

Леташ болу тIемалой дIабаха хIоттийна гуш волу мостагIа Кадыров ву, къайлаха мостагIа Умаров Докка ву. И дерриг зулам цаьргара ду. Дуьхьалонан болам хIаллабан, и «Кавказ-сортир» (Кавказ центр) ю ЛебедьгIара, ЛукингIара йийцина хилла программа чекхйоккхуш.

Стагана вала а, вола а меттиг ца юьту цу «Кавказ-сортиро». Цунна-м меттиг йита езий. «Кавказ сортиро» вала а велла, дIавала веза боху.

Маршо радио: Ахмадов Увайса, кхечара а дийцарехь, Кавказ Имаратана муьтIахь бац Нохчийн хьаннашкара тIемалой. Уьш тоххара кхетта Лубянкин питанах.

Ахмадов: Дин дуьйцуш, динна тIехьа левчкъина и дин дуьйцуш. Сан ян чIагIо ю-кх хьуна, тахана Нохчийчохь леташ болу кIений я Доккас дуьйцург, я цу «Кавказ сортиро» дуьйцург а дош хеташ леташ бац, аьлла. Цуьнан шен го боцург, Доккех тешаш я и дош хеташ стаг вац.

Маршо радио: Хаттаршна жоьпаш дукха мел карадо а, кхин а керла хаттарш кхоллалуш Iедал хуьлу. ХIара вай айина тема цу декъера ю. Оцу хьокъехь маьршша къамел дан кхойкху Маршо радионо Нохчийчура Iедал а, Москохара Кремл а, зIе елахь – Нохчийчура тIемалой а. Шайна хетарг комментарешкахь дита.