Wildberries-на штурм йинчарлахь кхин а цхьа кадыровхо вевзина нохчийн оппозицинерашна

Москвара Wildberries-ан офисна хьалха, 2024-чу шеран гезгамашин-беттан 18-гIа

Москвара Wildberries маркетплейсан офисехь герзаш диттинчул тIаьхьа лаьцначарлахь махкахь ницкъахо хилла Чичаев Iела вевзина дозанал арахьа бехачу нохчийн оппозиционерашна.

Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, Росгвардин а кеп-кепарчу лерринчу дакъошкахь, иштта куьйгаллин даржашкахь а белхаш бина ву иза. "Дуккха а зуламашца" воьзна а ву иза, дIахьедина Абдурахманов Тумсос. 1АДАТ боламо чӀагӀдо, Чичаев Ӏелас махкахошна тӀехь Ӏазап латторехь дакъалаьцна хилар, къаьсттина, 2015-чу шарахь цо Янгулбаев ИбрехӀимна ток йеттийтина, иза лаьцна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденце дӀавигинчул тӀаьхьа. Ша жигархочо хьалхо дийцинера, хӀетахь шена тӀехь Кадыров Рамзана а, хӀинца мехкан премьер-министр волчу Даудов Мохьмада а къизаллаш лелийна аьлла.

Чичаев Ӏелих лаьцна дуьйцу нохчийн оппозиционераш тIетовжу хьалхо Москвахь гӀалин йукъарчу юрисдикцин кхелийн официалан телеграм-каналехь зорбане баьхначуа хаамашна. Гезгамашин-беттан 21-чу дийнахь цигахь информаци йаржийра, Ӏедалан белхахочун низаман дехарна муьтӀахь ца хилар аьллачу артиклца Wildberries-н офисна тӀелатар дина 14 декъашхо административан гIуллакхехула лацарх лаьцна. ХӀокху постехь хьахийна ву Чичаев Р.С. - Нохчийчоьнан куьйгалхочун рожан критикаша чӀагӀдо, вай вуьйцург билггал Чичаев Ӏела ву бохуш. Кхечу хьостанашкара и хаам тӀечӀагӀбина бац.

Хьалхо къаьстира Wildberries-ан офисехь герз диттина аьлла айдинчу бехктакхаман гӀуллакхехь лаьцначех цхьаъ Чичаев Ӏумар хилар. Нохчийчуьрчу Росгвардин декъан "Ахмат-1" олучу ОМОН-ан буьйранчин гIовс ву иза. Кхин цхьаъ - Балатбаев Идрис, иза а ву цу махкара схьаваьлла, совдегар Коноплев Игорь цӀарца вевзаш волу. Верриг а цу гӀуллакхехула лаьцна 30 гергга стаг.

  • Кремлна гергахь йолчу Wildberries-н офисехь герз диттина гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь делкъал тӀаьхьа. Зорбане йаьхначу видеошка хьаьжча, уггаре а хьалха ницкъ бинарш бу и маркетплейс кхоьллинчу, Оьрсийчохь уггаре а хьалдолчу зудчун Бакальчук Татьянин хIусамден Бакальчук Владиславан нах. Офисан куьзга а дохийна, чубахана хиллера уьш, ткъа полисхоша ца совцийна хилла уьш.
  • Бакальчукца цхьаьна хиллачарна йукъахь хилла Нохчийчохь прокурор лаьттина Эльмурзаев Анас, хӀинца шех совдегаран адвокат олу цо. "Агенталла" хьостан журналисташна хетарехь, Эльмурзаевс цу конфликтехь дакъалацаро тоьшалла деш хила тарло Кадыров Рамзан Wildberries компанина штурм йан гӀортарца воьзна хилар.
  • Бизнесхочун интересаш "тIаьххьалц" Iалашйийр йу ша баьхначу Нохчийчоьнан урхалхочо тергамза дитина герзаш деттар а, цул тIаьхьа Бакальчук Владислав лацар а. Иштта Соьлжа-ГIалахь комментарий ца йина кадыровхой йукъахь болуш хиллачу инцидентан а, уьш лецарх лаьцна а.
  • Wildberries-хь герзаш деттачу хенахь вийна компанин офисан ши хадархо, и ший а ГIалгIайчуьра вахархо вара; масех эзарнашкахь нах дуьхьалбаьхкинера даймахкара аэропорте церан декъий цIа кхочучу хенахь.