Оьрсийчоь огуш ю нацизмо

Оьрсийчоь -- Юкъарчу гуламехь дакъалоцуш бу нацисташ, Москох, Дечкен-бутт, 2010

Оьрсийчохь, Iедало доьхкуш а доцуш, ламаст хилла дуьсуш лаьтта оьрсашна кхечу къаьмнашна тIе нехаш хьекха магар. "Воккха вешин" меттиг къовса кийча ю оьрсех лаьтта дуккха а националан партеш, юкъараллаш. Оцу агIор ГIубанан губернатора Ткачев Александра а яьккхина шен рогIера гIулч - цо кавказхошна доьхкур ду ша куьйгалла дечу мехкан кевнаш.

Еарий дийнахь ша Кремле кхайкхинчу маьΙ-маьΙнерчу мехкашкахь шен цΙарах адамийн бакъонаш ларъян декхаре болчу шен векалшца къамел деш президента Путина Владимира иштта элира: «Ас шу дуьххьал дΙа сайн уьйраш лору нехан лаамаш а, низамо елла бакъонаш а ларъярехь, ткъа уьш ларъяр сан белхан коьрта дакъа а, маьΙна а, ас мел дечун Ιалашо а ю».

...Вуно тамаше ю таханлера Оьрсийчоь. Дика дийца а, хазачу дешнашца бахархойн дегнаш хьаста а хаьа цуьнан коьрте мел хΙуттучу президентна. Ткъа багахь кхаьрзинчу хΙоэх вузуш-м вац стагга а.

Тергамхойх бIеннаша Оьрсийчоьнан баланех уггаре хьалха балхабен бала бу оцу чуьрчу къаьмнашна вовшийн цадезар, вовшех цадашар. Амма пхиъ тΙехилчхьана, 200 долчу Оьрсийчоьнан къаьмнех муьлххачо а кхетадо, шена шен сибатехь даха а, бахамаллехь токхе хила а массо а хьелел хьалха цатоьарг пачхьалкхахь къестамаш лелаш хилар дуйла.

Къестамаш лела могΙарчу бахархошлахь. Къестамаш лела хьаькамашлахь. Схьаоьцур вай, сурт хΙоттош, Дагестан. 40 къам деха цунна чохь, шайлахь массарел дукха - доьалгΙа дакъа - суьйлий а болуш. ХΙун хьал хΙуттур дара оцу махкахь, суьйлаша, «Дагестан - суьйлашна», аьлла, питана даржийча? Цу тΙе, хьан могуьйтур дара царна иза даржон а? Могуьйтур дацара цхьаммо а.

Оьрсийчохь 80 процент болчу оьрсашлахь лела и къестамаш уггаре а хьалха. Ткъа цунна бехке ца хила а тарло дерриг къам. Амма муха мега цунна шен векалша, бΙеннаш эзарнашкахь, фашизман букъ тΙехь лаьтта юкъараллаш кхоллар – «Славянийн вовшахкхетаралла», «Оьрсийн националан цхьаалла», «Оьрсийн империн болам», «Оьрсийн къоман бакъйолу цхьаалла», «Ιаьржа бΙо»... ахбΙе гергга ю и тайпа партеш, юкъара боламаш. Царех дуккхаъчийн лидерш бу пачхьалкхан коьртехь.

Оьрсех болчу дуккха а бахархошлахь кавказхошна дуьхьал лелачу цабезамашна гΙортор еш дара, и саннарш шегара дийларца хьалха дуьйна а, масала, махкара лаьхкина, месхетан туркой Канаде дΙакхачорца билгалваьлла волчу ГΙубанан губернатора Ткачев Александра деношкахь дийцинарг.

Цо хаийтина, махка кавказхой ца баржийта а, чуьранаш аралахка а йолчу Ιалашонца тΙебогΙучу баттахь дуьйна гΙаланашкахь, ярташкахь болх беш «гΙалгΙазакхийн полици» хир юйла. Ткъа урамашкахула, нехан цΙеношкахула лелачу гΙалагΙазакхаша муха къестон беза кхайкханза баьхкина хьеший-м Ткачевс дуккха а хьалха дийцира Абинск-ГΙалахь ша мехкан куьйгалхошца кхеташо дΙахьош. «Мигрант чохь вита мегаш ву я вац цуьнан тайпан цΙарца хоийла ду, «ян», «дзе», «швили», «оглы», аьлла и чекхйолуш елахь, хьашт воцу хьаша ву». – бохура хΙетахь Ткачевс, хΙинцачул 10 хьалха.

Ткачевн къамел лораза ца дайна. Дуккха а бу и цатайна нах кавказхошлахь. ХΙинжа-ГΙалахь, Соьлж-ГΙалахь, Нальчикехь, кхечу шахьарашкахь мехкийн куьйгалхоша довзийтина шайн резадацар.

Ткачевс догдохийначех ву Пачхьалкхан думин депутат а, президента Путина масех кΙира хьалха кхоьллинчу къаьмнийн юкъаметтигийн кхеташонан декъашхо а волу Абдулатипов Рамазан. Маршо Радиога халахетарца дийцира цо, ша санна «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин декъашхо а, шеца дикачу уьйрехь а волчу ГΙубанан губернаторх лаьцна. Абдулатипов Рамазана кехат а дахьийтина Ткачев Александре, цо кавказхошна дуьхьал йоху гΙулчаш мел зулам ю хоуьйтуш.

Оьрсийчоь -- Абдулатипов Рамазан, Пачхьалкхан думин депутат

Абдулатипов: «Призедентан къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу комитетан хьалхарчу кхеташонехь со хьожур ву и тайпа кхайкхамаш бар муьлххачу а куьйгалхочунна, муьлххачу а тΙегΙан тΙехь, доьхку низам я президентан сацам тΙеэцарх долу хаттар хΙоттон.

Ткачев зеделларг долуш стаг ву. Цхьана заманахь ас хьийхира Пачхьалкхан думанна къаьмнийн гΙуллакхашкахула йолчу комитетан коьрте и хΙоттор а. Сан цуьнца адамашца хила йоггΙу юкъаметтигаш а ю. Политикан хьажар... суна ца хета иза цуьнан хьажар ду, аьлла, иза коньюнктура ю, гонан хьашташ, и тайпа гар зуламе ду Оьрсийчоьнна, Оьрсийчуьрчу къаьмнашна. ГΙеххьа аьлча, иза ду-кх ас сайн кехатехь яздинарг».

Абдулатипов Рамазан тешна ву, ГΙубанан губернатора массо а маьΙанашкахь а кхуьуш схьайогIучу Оьрсийчоьнан болар талхаден къамелаш до бохучух. Амма иза иштта тешна ву президентан Путинан къаьмнанийн юкъаметтигаш муха хила еза, уьш цабезамийн хьунах муха мукъаяха еза хаьа, аьлла.

Абдулатипов: «Оьрсийчоь кхиа новкъа яьлла юкъаралла ю. Кхузахь чΙогΙа ларлуш хила веза хΙуман мах хадош. ХΙунда аьлча, кΙезиг хIума ду дуьззина кхиина даьлла. ТΙаьххьарчу хенахь, керлачу новкъахь Путина дукха а шен тидам тΙехьажийна къаьмнех долчу хΙуманашна.

Бутт хьалха ас айсса дина Путинца къамел. Цо баккъала а, керлачу мехаллин тΙегΙантΙехь, керлачу кхетаман тΙегΙантΙехь кхетайо къаьмнийн юкъаметтигаш. Кхеташ ду, Ткачев оцу командера стаг ву. Ас со а лору оццу командера. Цундела со, накъост а хилла, ала гΙерта Ткачевга: иштта мегар дац, вайн цхьана даймехкан нах ду, вай Оьрсийчоьнан дахархой ду, иштта дΙа кхин а».

Оьрсийчохь 200 гергга къам дехаш хилар пачхьалкхан хазна ю, болх бан луучу муьлххачу а хьакамна новкъа хила ца догΙу шен махка ваха а, хьанал къахьега а кхечу маьΙΙера, кхечу къоман стаг варах, боху Абдулатипов Рамазана.

Абдулатипов: «ХΙан, хΙинца суна хийра нах новкъа бу..., хΙан-хΙа, новкъа бац, мелхо а къаьмнийн дукхалло цкъа а ца йина новкъарло. Иза ниΙмат ду, тайна башхалла ю, синкхачан башхалла, дахаран кепийн башхалла. Вайн генетикан тΙегΙан тΙехь дозу оцу къаьмнийн дукхаллица. Цундела ца оьшу и агΙо хьеян, амма болх бан-м беза, массо а къаьмнийн бахам дебош, экономика кхиош.

«Мигранташ» бохуш дуьйцуш делахь, уьш мигранташ бац. Стаг Дагестанера Краснодарск-махка ваханехь, иза мигрант ма вац, иза Оьрсийчоьнан вахархо ма ву. Оьрсийчоьнан конституцино пачхьалкхарчу вахархочунна луш яц и бакъо – шена луъучу ваха-ван а, балха хΙотта а, бахам кхион а, бизнес лелон а? Оьрсийчоьнан муьлххачу а меттехь мегаш ма ду иза, цигахь губернатор милла а велахь а, муьхха а къам цигахь дехаш делахь а».

Лезги ву къомах Ткачев Александра а, кхечу оьрсийн хьаькамаша а къаьмнашна юкъа туьйсу цим хьайна волу Москохара политик Курбанов Руслан. «Кавказан къаьмнийн Оьрсийчуьрчу конгрессан» куьйгалхойх ву иза. Оьрсийчоьно кху муьрехь нахана гуламашка бийла буьту некъ гаттабеш тΙеэцначу низамца дуьйзира цо шен юкъаралла Ткачевс дийцинчунна реза яцахь а, цуьнца трибуна къовса кийча яцар а, и къийсар шена пайде цахеташ хилар а.

Курбанов: "Конгресс, легалан рожехь ша болх беш хиларе терра, буьззина бехкбохку дΙахьедарш бен ца деш, ΙадΙа цкъачунна. Гуламийн хьокъехь арадаьлла керла низам хиларна, вуно чΙогΙа ларлуш хила тΙедоьжна. Наггахь а бен яц нах пикете я гуламе арабаха хΙуттунйолу юкъаралла. Цундела официалан дΙахьедарш а деш Ιийна хΙинццалц. Дуккха а юкъараллаш гΙиртира Ткачевна дуьхьало ян. Ткъа хΙинца регионашкахь хΙоьттинчу хьоле ладоьгΙча, и тайпа дΙахьедарш дечарна лакхара охьа бийр бац бекхам. Цундела губернаторша шайна мага а до ишттаниг дийца".

Курбанов Русланна хетарехь, ГΙубанан губернатора шеггара а ца дуьйцу, ца леладо къаьмнаш къестаден хΙуманаш – иза Кремло къайллаха магабе некъ бу шена а, оццу оьрсийн губернаторшна а. Кремлан кхераме хетарг иза дац. Цунна меттигерчу хьаькамаша ша ца хьейичхьана дерриг а мега.

Курбанов: «И нисделла вайн Кремлана безаш болу а, безаш боцу а губернаторш болундела. Ткачев безаш болчех ву. Цунна хаьа, шена Кремло ишттаниг магадойла. Цунна Кущевка а магийтина, цунна Крымске хихьадар а магийна. Цунна и тайпа национализман дΙахьедарш а магош ду дан. ХΙунда аьлча, Краснодар-мохк оьрсийн хазна ду, Оьрсийчоьнан президентана товш мохк бу.

Вуьшта, и тайпа дΙахьедар дича, дац деш таΙзар, таΙзар до цхьаъ Кремлана, цуьнан хьаькамна дуьхьал ваьлча. И ду магош доцург. Ткъа меттигашкахь национализман, ксенофобин буха тΙехь дийриг магадо, хΙунда аьлча, Кремлана иза доккха хΙума ца хета. Ша ладогΙа а оьшуш ницкъ бу халкъ, аьлла ца хета Кремлана. Кремлана уггаре коьртаниг – регионашкара хьаькамаш шена муьтΙахьбар ду.

Ткъа, хΙун дог-ойла лаьтта бахархошлахь, мел чΙогΙа човхийна церан къоман дозалла-башхалла, синкхетам, ламасташ – цуьнан бала банне а бац. Цундела, Ткачевс миллионашкахь болчу кавказхойн дегнаш мустдинера, аьлла, шек ер а яц Москох».

Ткачев Алексадра хΙинца дечу а, и санначу а къамелашна дуьхьал йист ца хуьлуш стенна Ιа Кремль, Путина ша белаха тΙехь пачхьалкхарчу бахархойн бакъонаш Ιалашъяр коьрта лоруш хилча? Оцу хьокъехь хьуна хΙун хета, аьлла, хаьттира Маршо Радионо зΙенехула шен хиллачу къамелехь Оьрсийчохь яьржинчу национализман, ксенофобин ша мостагΙ лоручу политике-совдегархочуьнга Москохарчу Боровой Константине.

Оьрсийчоь -- Новодворская Валерия а (аьр.), Боровой Константин а Москохарчу гуламехь, 10Деч2009

Боровой: « Суна-м ца хета Москох тийнна Ιа, аьлла. Москохахь жигара къобалйо и национализман кампани. Ткачевс цхьа а дΙахьедарш а дийр дацара, Путина, ерриг а Кремло ша къобалвойла шена хууш ца хилча. Иза Кремлан политика ю, иза изоляционизман политика ю, иза нацизмана, фашизмана уллехь лаьттачу радикалан национализман политика ю. И политика яьржина еха дукха хенахь дуьйна. И политика бахьан долуш Ιедалехь лаьтта Путин а, цуьнан го а. Иза конфронтацин политика ю, шаьшΙалашбаран политика ю.

Национализм шорйо хаамийн гΙирсашкахула, пропагандехула, нехан кхетамехула – ницкъахой иштта бен латта а ма лур бац Ιедалехь. Цара юхаденъеш ю Кремль, Советан Ιедалан кеп юхаденъеш ю, оьрсийчух «воккха ваша» вен кеп, национализман кеп. Демократина герга а йоцу кеп ю иза - пачхьалкх кхуллуш титулан къам ду, тΙаккха бухадисина къаьмнаш а ду, бохуш йолу. И кеп мел къена елахь а, иза тахана денйина-кх. Хιунда аьлча, иза оьшу Ιедална, иза оьшу Кремлна».

Ткъа Оьрсийчохь дуккха а ма бу къаьмнаш къестор ца деза нах. Уьш стенна Ιа пачхьалкха фашизман бода буссуш лаьттийла шайна гушшехь, бист дΙа ца хуьлуш, аьлла а хаьттира оха Боровой Константине. Цунна иштта го и проблема.

Боровой: «Европано иза тидамза дуьту, шена иза пайде доцундела дуьту. Оьрсийчоьнан халкъана иза мегаш хилча. Ткъа Нохчийчоьно йина хилла и жима дуьхьало, кхечу меттигашкахь йинарг, ГΙезалочоьно йинарг а – иза тIех ницкъала а яцара. Оьрсийчу революци ялон лерина цхьа а вац, иза Оьрсийчоьнан бахархошна мегаш хилча, Европано хIумма а хуьйцур дац. Ткъа Оьрсийчоьнан бахархошна иза мега, уьш вуно йоккхачу ниционализман, империн гура чохь бу. Оцу гуро царна дуьтург цхьаъ бен а дац – и тахана лаьтташ долу хьал».

Пачхьалкх нацизман хьуно лаьцна еха аьлла хета дуккхаъчу кавказхошна. Оцу хьоло са а гатдойту цаьрга. Амма цунна а, и санначунна а дуьхьало ян, хетарг маьршша дΙаала йиш йолчу хьелашкахь ца беха уьш шаьш а – оьрсийн мехкашкахь, гΙаланашкахь цкъачунна магош йолу теманаш ураме, гуламе яхар къаьсттина кхераме ду Кавказехь – цигахь муьлхха а резадацар дΙакхайкхийнарг «экстремист» во Ιедало.

Делахь а, хетарг ала баьхьарш а карабо кавказхошлахь. Ерриг а Советан пачхьалкхан кинематографо а лоруш, мехкашкарчу студеша тайп-тайпан къаьмнийн векалан киноваст кхолла а кхойкхуш ваьхна лаккхара похΙма долу нохчийн киноактер Амаев Дагун. Цуьнан хΙинца а бу иттаннаш къаьмнашна юкъахь доттагΙий, беза-бевзарш. Дагунна иштта го къаьмнийн юкаъметтигашца долу хьал. Дагахьбалламца дуьйцу цо а шена Ιеткъарг.

Амаев: "Оьрсаша шаьш хестийча, шайгахьа оьзча, цунах "патриотизм" олу, ткъа кхечу къаьмнаша изза дича - " национализм" олу. Харцонаш гобаьккхина лела. Амма уьш дIаяххалц, кхунах пачхьалкх-м хир яц".

Юха а дагадахкийта догΙу Путин Владимира адамийн бакъонашкахула болчу шен векалшна хьалха еарий дийнахь доккхачу хабарахь аьлларг: «Ас шу дуьххьал дΙа сайн уьйраш лору нехан лаамаш а, низамо елла бакъонаш а ларъярехь, ткъа уьш ларъяр сан белхан коьрта дакъа а, маьΙна а, ас мел дечун Ιалашо а ю».

Юй-те, боху хаттар лаьтта миллионийн бахархойн ойланашкахь жоп доцуш.

Гарехь, хьекъале къамелаш дарх ца тоьа президента, хила деза бохучунна бухахь а, тΙаьхьадазош а гΙуллакхаш. Хила деза, нагахь санна дагахь кхобу ойла дуьйцучуьнца къайлахчу девнехь яцахь.